Джорджикия Нодар Константинович (1921 шеран 15 ноябрехь(19211115), Кутаиси, Гуьржийн ССР, ТӀКСФСР, ССРС2008 шеран 1 июнехь[1], Кутаиси, Гуьржийчоь) советийн баскетболхо, Европин чемпион. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1952).

Джорджикия Нодар
Карьера чекхйаьккхина
Локхалла 188 см
Гражданалла  ССРС
 Гуьржийчоь
Вина терахь 1921 шеран 15 ноябрь({{padleft:1921|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:15|2|0}})
Вина меттиг Кутаиси, Гуьржийн ССР, ТӀКСФСР, ССРС
Кхелхина терахь: 2008 шеран 1 июнь({{padleft:2008|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}) (86 шо)
Кхелхина меттиг Кутаиси, Гуьржийчоь

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а

ССРС Спортан хьакъ долу говзанча — 1952 ЦӀен Седан орден Горгасал Вахтанган 3 тӀегӀанера орден «Майраллина» мидал
«Кавказ ларйаран» мидал
«Кавказ ларйаран» мидал
Орден «Сийлаллин Билгало»

Чекхйаьккхина Тиблисин пачхьалкхан университетан юридически факультет (1956). ТӀом балале хьалха левзина университетан командехь.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, тӀом бина 790 башха 392-гӀа кхийсархойн дивизин йукъахь, лахара лейтенант. СовгӀат дина ЦӀен Седанан, Даймехкан II тӀегӀанан (06.04.1985) орденашца[2], «Доьналлин» (24.04.1943)[3], «Кавказ ларйаран» мидалшца.

Левзина ЭСК (Тиблиси) (1944—1949), «Динамо» (Тиблиси) (1950—1955).

ССРС чемпионатехь йаьхна дешин (1944, 1946, 1950, 1953, 1954), детин (1945), борзанан (1952) мидалш. ССРС Кад баьккхина (1950, 1951).

ССРС гулйина командин йукъахь йаьккхина 1947 шеран Европин чемпионат, детин мидал йаьккхина 1952 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь. Дерриг дуьненан студентийн ловзарийн толамхо (1949).

Карьера чекхйаьккхинчул тӀаьхьа болх бира Губржийн ССР Министрийн Кхеташонан референтан даржехь. Хилла Тиблисин баскетболан Федерацин председатель.

СовгӀат дина «Сийлаллин Билгало» орденца, гуьржийн Горгасал Вахтанган III тӀегӀанера орденца.

Велла 2008 шеран 1 июнехь Кутаисехь.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан
  • Баскетбол: Справочник. / Авт.-сост. З. А. Генкин, Р. Я. Яхонтов. — М.: Физическая культура и спорт, 1983. — 224 с.