А. Дигрегорио Эрнест — жимахверг (инг. Ernest A. DiGregorio, Jr.; вина 1951 шеран 15 январехь Провиденсехь, Род-Айленд, АЦШ) — Къоман баскетболан ассоциацин «Баффало Брейвз», «Лос-Анджелес Лейкерс», «Бостон Селтикс» командашкахь левзина америкин профессионалан баскетболхо. Вевза Эрни Ди куньйаца, Дигрегорио левзина ловзар дӀахьо турслочун позицехь, гӀараваьллера буьрка лелоран а, буьрка дӀайала хааран а лакхарчу говзаллица. Шен хьомен Провиденсехь иза чӀогӀа вевзаш стаг вара, сий айаделира Къилбаседа Провиденсан баккхийчеран ишколан а, Провиденсан колледжан а баскетболан командашкахь ловзуш. ТӀаьхьарчуьнца иза 1973 шарахь кхечира NCAA турниран Йеаннан финале, цунна делира студентийн баскетболера масех совгӀат. 1973 шеран КъБА драфтехь иза хаьржира кхоалгӀа лоьмарца «Баффало Брейвз» клубо, дебютан шарахь къобал вира уггаре дика керла ловзархо аьлла, кхин а хилира ловзарехь дӀайаларан йуккъера барамца лигин лидер. Дигрегорион карьера йах ца йелира, шолгӀачу шарахь гола лазийначул тӀаьхьа цуьнан ловзар иэша доладелира, ткъа 27 шо долуш, КъБАхь пхи шо даьккхина, иза профессионалан спортера дӀавелира.

Дигрегорио Эрни
инг. Ernie DiGregorio
Карьера чекхйаьккхина
Позици Ловзар дӀахьо турсло
Харц цӀераш Эрни Ди
Локхалла 183
Возалла 82
Гражданалла  АЦШ
Вина терахь 1951 шеран 15 январь({{padleft:1951|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}) (73 шо)
Вина меттиг Провиденс, Род-Айленд, АЦШ
Ишкол Норт-Провиденс (Провиденс)
Колледж Провиденс (1969—1973)
Драфт КъБА 3-гӀа (1-ра раунд), 1973, Баффало Брейвз
Статистика
Ловзарш 312
Очкош 2997 (9,6 йуккъера барам ловзарехь)
Схьаэцар 610 (2 йуккъера барам ловзарехь)
ДӀайалар 1594 (5,1 йуккъера барам ловзарехь)
Схьалацар 190 (0,6 йуккъера барам ловзарехь)
Блок-шоташ 14 (0 йуккъера барам ловзарехь)

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Хьалхара шераш

бӀаьра нисйан

Дигрегорио вина, кхиина Провиденсан къилбаседин декъехь, цигахь алсама бехара италиамерикахой[1]. Церан доьзал хьал долуш бацара, да цӀенкъанаш шарйеш вара[2]. Шийтта шо долуш Дигрегорион ойла хӀоьттира профессионалан баскетболхо хила, амма оцу гӀуллакхна цхьан а Ӏаламан совгӀат дацара. Иза зоьртала, меллаша, доцу куьйгаш долуш, стаммий пӀелгаш долуш вара, гӀуо кхоссалора. И иэшамах дӀабахархьама, Эрни хӀора дийнахь тренировкаш йеш вара, дукха хьолехь ша. Де долалора йалх сахьт даьлча гӀоттий исс йа итт сахьтехь буьрканца болх беш[3].

И болх эрна ца хилира. Ловзар дӀахьо турслочун меттигехь ловзу Дигрегориох, Къилбаседа Провиденсан баккхийчеран ишколан баскетболан командин седа хилира, цуо иза 1968 шарахь Род-Айленд штатан чемпионатан толаме кхачийра. Ишколан шерашкахь Эрни меттигера гӀараваьлла стаг вара, баскетболал сов гӀараваьллера, гуонашкахь лоьмарш тӀехь «Эрни Ди» долу йезачу машенашна тӀехь хехкаваларца[4]. Амма Дигрегорион баскетболера тӀаьхье кхерамехь йара, цуьнан ишколера гӀийла дешаро таро ца лора цунна университетан спортан стипендии даккха, ткъа, колледжан тӀехула иккхина, оцу хенахь профессионал хила таро йацара. Провиденсан колледжан божарийн баскетболан командин тренер Маллейни Джо Дигрегориоца цхьаьнакхетта хьехар дира Эрнин Сийлахь Мор Томасан кечаман ишколе дехьавала аьлла. Цигахь Дигрегориос шарахь дийшира шен дешар тодира[2].

Провиденсан колледж

бӀаьра нисйан

Оцу заманахь Дигрегориос ишкол чекхйаьккхира, Маллейни Джос Провиденсан колледжера тренеран дарж дитина, «Лос-Анджелес Лейкерсе» болх бан дехьавелира. Тренер хийцаро Эрнин харжамна хийцам ца бира, иза дукха хенахь дуьйна студентийн «Провиденс Фрайарс» командин хьажархо а, цуьнан уггаре дикачу ловзархочун Уокер Джиммин ловзар хазахеташ а вара[5], 1969 шарахь иза хӀоьттира колледже, университетан баскетболан команде кхечира кхин а шо даьлча[К 1].

1970/1971 шарахь «Фрайарс» 20 толам баьккхира 8 ийшира рогӀера шарахь, кхечира Къоман кхайкхаран турнире (NIT), цигахь хьалхарчу раундехь иэшийра Луисвиллан университетан команда, чийрикфиналехь ийшира Къилбаседа Каролинин командел[5]. Командин капитан а, лидер а волу Лараньяга Джим 1971 шарахь «Фрайарс» йукъара дӀаваханчул тӀаьхьа коьрта тренеро Дейв Гэвитта сацам бира Дигрегорион лидеран функцеш дӀайала, оцу хенахь наггахь бен йоцу ловзаран маршо йелира. Гэвиттан берриг тренеран болх бара, буьрка Дигрегориога дӀайалийтар, цуо цунах шена луъург дора[1].

«Фрайарс» боккъал а чӀагӀйелира команде къилба Провиденсера хӀуӀаьржа Марвин Барнс веача, иза левзира веза форвардан а, центровойн а позицешкахь, студентийн баскетболехь уггаре дикачарех вара схьаэцарехь. Дигрегорио-Барнс дуэт дустура «Бостон Селтикс» йукъара Боб Коузи а, Билл Рассел а дуэтаца [1]. Схьабовларе а, расашна йукъара чолхе йукъаметтигашка хьаьжна ца Ӏаш, Эрнин а, Марвинан а доттагӀаллин йукъаметтигаш нисйелира, цара цхьаьна хан йоккхура, наггахь пхьор дуура Дигрегорион цӀахь. Церан компанехь кхоалгӀа вара тӀелета турсло Стэк Кевин, иза мехала ловзархо хилира иштта а чӀогӀа болчу «Фрайарсан» хӀоттамехь[6].

1971/1972 шарахь, команде Барнс а, Стэк а веачи, «Фрайарса» 21 толам баьккхира, 6-зза ийшира. Амма NCAA турниран Провиденсан Колледжан команда хьалхарчу раундехь ийшира Пенсильванин университетан баскетболхошна. 1972/1973 шо, Дигрегорион студентийн баскетболехь тӀаьххьара шо, «Фрайарса» дӀадаьхьира 12 эз. хьажархо чухоьу Провиденсан керла Гражданийн центран аренехь. Колледжан команда чӀогӀа тидаме хилира шен АЦШ студентийн уггаре чӀогӀа иттанна йукъа боьлху седарчий-ловзархой бахьнехь[5]. РогӀера шарахь «Фрайарс» туьйлира 27 матчехь 4-зза ийшира. NCAA турнирехь команда лорура фаворитех цхьаъ. Шен малхбален регионехь цунна дуьхьало ца йира, йаккхийчу чоьташца иэшийра Пенсильванин, Сийлахь Юсупан университетан, Мэрилендан командаш. Провиденсан Колледжан исторехь дуьххьара кхечира NCAA йеаннан финале[1].

Финалера «Фрайарсан» дуьххьарлера къовсамхо хилира «Мемфис Тайгерс» команда. Матч драма йолуш хилира. Йуьхьиг «Фрайарсехь» йара, уьш тешна ловзар дӀахьуш бара, сихха хьалхабевлира (39:28). ГӀараваьлла тренеро Нэт Холмана, матчан йуьхьиг йуьйцуш, элира цуьнан хьалхара бархӀ минотах командин баскетбол. Амма цул тӀаьхьа, буьрка схьаэцна Барнс гӀуо охьакхетта гола а лазийна кхин дӀа ловза ца велира. Иза воцуш «Тайгерс» тола йолайелира, Дигрегориос 32 очко йаьккхинчехь, толам баьккхира 98:85[5] чоьтаца. КхоалгӀа меттиг къовсучу матчехь «Фрайарс» ийшира Индианин университетан командина. Шен тӀаьххьарчу шарахь Дигрегорио лидер вара шен командехь йаьхначу очкошца — 24,6 йуккъера барам ловзарехь. Иза йукъавахийтира NCAA йерригамерикин хьалхара гулйина командина, хьалхарчу гулйина командина Associated Press версица, шолгӀачу гулйина командина Баскетболан журналистийн ассоциацин, Баскетболан тренерийн къоман ассоциацин, United Press International версешца. Цул сов, иза малхбален регионан уггаре мехала ловзархо къобал вира, «Фрайарс» ловзархойх иза цхьаъ бен вац йеаннан финалера сийлаллин гулйина командин йукъавахийтина. ECAC Дигрегорио 1970-гӀа шерашкара уггаре дика ловзархо къобал вира малхбален регионехь[7]. 1973 шеран апрелехь АЦШ студентийн чемпионатан уггаре дика ловзархойх хӀоттийна гулйина командин йукъахь, Дигрегориос дакъа лецира советийн баскетболан командица йолчу доттагӀаллин матчехь, цигахь туьйлира америкахой[4].

Профессионалан кхиамаш
Студентийн кхиамаш
  • NCAA йерригамерикин хьалхара гулйина командин йукъатоьхна (1972/1973)
  • NCAA йеаннан финалан турниран сийлаллин гулйина командин йукъатоьхна (1973)
  • NCAA малхбален регионан уггаре мехала ловзархо (1973)
  • ГӀараваьллачу йоьлгӀа курсерачунна ло Лапчик Джон цӀарах совгӀат (1973)
  • ECAC версица малхбален регионера итт шеран уггаре дика ловзархо[7]
Динчу гӀуллакхашна совгӀаташ

Статистика

бӀаьра нисйан
КъБА рожера шарахь
Шо Команда Л СЛ МИН ЧП% 3О% ГӀ% СХь ДӀ ДӀЛБС БЛ ПФ Й ОЧК
1973/1974 Баффало 81 35,9 42,1 90,2 2,7 8,2 0,7 0,1 3,0 15,2
1974/1975 Баффало 31 23,0 44,0 77,8 1,5 4,9 0,6 0,0 2,0 7,8
1975/1977 Баффало 67 20,4 38,4 91,5 1,7 4,0 0,6 0,0 2,4 6,7
1976/1977 Баффало 81 28,0 41,7 94,5 2,3 4,7 0,7 0,0 1,9 10,7
1977/1978 Лос-Анджелес 25 13,3 41,0 80,0 0,9 2,8 0,2 0,0 1,8 0,9 3,9
1977/1978 Бостон 27 10,1 43,1 92,3 1,0 2,4 0,4 0,0 1,7 0,8 3,9
Йерриг 312 25,2 41,5 90,2 2,0 5,1 0,6 0,0 2,1 9,6
КъБА плей-оффехь
Шо Команда Л СЛ МИН ЧП% 3О% ГӀ% СХь ДӀ ДӀЛБС БЛ ПФ Й ОЧК
1974 Баффало 6 40,0 43,0 88,9 2,7 8,7 0,2 0,0 2,3 13,7
1976 Баффало 9 24,1 48,4 100 1,4 5,0 0,6 0,2 3,2 7,6
Йерриг 15 30,5 45,3 94,1 1,9 6,5 0,4 0,1 2,9 10,0

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
Комментареш
  1. 1972 шо кхачале NCAA бакъонаша ца магадора хьалхара курсерчарна университетийн баскетболан командашкахь ловза. Дукхаха йолчу университеташкахь, царна йукъахь Провиденсан колледжехь а, йара ша йолу кегийрхойн командаш, царна йукъахь ловзура хьалхара курсернаш.
Хьосташ
  1. 1 2 3 4 Gilberto, Gerard. Ernie and Marvin (инг.). NCAA (2015 шеран 27 февраль). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 17 май.
  2. 1 2 Pluto, Terry. Loose Balls. — Simon & Schuster, 2011. — P. 196-197. — ISBN 9781439127520.
  3. Telander, Rick. Heaven Is a Playground. — Bison Books, 2004. — ISBN 978-0803294530.
  4. 1 2 Ernest A. DiGregorio, Jr., Inducted 2001 (инг.). Rhode Island Heritage Hall of Fame. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 17 май.
  5. 1 2 3 4 Coren, Richard. Providence College Basketball: The Friar Legacy. — Arcadia Publishing, 2002. — P. 66-68. — ISBN 9780738509952.
  6. Reynolds, Bill. Ernie D. on Marvin Barnes: 'I will miss him ’til the day I die' (инг.). Providence Journal (2014 шеран 13 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 17 май. Архивйина 2016-06-09 — Wayback Machine
  7. 1 2 Ernie DiGregorio (инг.). FRIARS.COM Official Athletic Site - Men's Basketball. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 17 май. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 9 июнехь Архивйина 2016-06-09 — Wayback Machine

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан