Дитрих, Амалия
Дитрих Амалия (нем. Amalie Dietrich; 1821 шеран 26 май[1][2], Зибенлен, Средняя Саксония[3] — 1891 шеран 9 март[1][2][…], Рендсбург, Шлезвиг-Гольштейн[4]) — немцойн ботаник а, зоолог а, Австралин талламча а. Цуо гулйира австралин флорин а, фаунин а мехала экземпляраш, ткъа кхин а этнографин а, антропологин а объекташ.
Дитрих Амалия | |
---|---|
нем. Amalie Dietrich | |
ГӀуллакхан тайпа | ботаник, зоолог |
Йина терахь | 1821 шеран 26 май |
Йина меттиг | Саксони Зимблене |
Кхелхина терахь | 1891 шеран 9 март (69 шо) |
Кхелхина меттиг | Рендсбург Шлезвиг-Гольштейн, Германи |
Гражданалла | |
Дитрих Амалия Викилармехь |
Биографи
бӀаьра нисйанХьалхара дахар
бӀаьра нисйанБотаника Амалис кӀорггера Ӏамо йолийрашен майра фармацевт Дитрих Вильгельм (1811—1867) бахьнехь[5], иза цуьнга маре йахара 1848 шарахь[6]. Церан цхьа йоӀ йара — Хариста (1848 шо)[7]. Амалияс некъ бира шен майрачуьнца йерриг Европехула, бецаш лехьош, дарбанан гӀирсаш бухкуш. Майрачун амал чӀогӀа хиларна из адӀайахара цуьнгара, дахаран ахча доккъхура ботаникин кепаш лехьош.
Карьера
бӀаьра нисйан1863 шарахь Дитрих Амалия йовзийтира, долахь йолчу музейн куьйгалхо волчу С. Годеффруа Иоганнан — Гамбургера совдегарна[6]. Оццу шарахь Godeffroy & Sohn компанис иза хьажийра талламан экспедице Австрале, цигахь цуо гулйира меттигера флорин а, фаунин а экземпляраш, ткъа кхин а Годеффруан музейна этнографин а, антропологин а объекташ[5]. 1872 шарахь Амалия йахара Тонгин архипелаг тӀе, 1873 шарахь — цӀахь хиланза итт шо даьлча — цӀа йирзира Германе. ЦӀахь болх бира Годеффруа музейн куратор, 1885 шарахь цуьнан да волу Годеффруа Иоганн валлалц, иза велча музейн коллекции йийкъира Лейпцигера а, Гамбургера а центрашна, иза бахьнехь Амалия болх бан дехьайелира Гамбурган ботаникин музей.
Ботаникин а, зоологин а областехь цуо дина гӀуллакхаш къобал деш дуккха а тайп-тайпана ораматийн а, дийнатийн а тайпанашна цуьнан цӀе йелла, царна йукъахь: зӀуганаш Nortonia Amaliae а, Odynerus Dietrichianus а, корсам Endotrichella Dietrichiae, хин бецаш Amansia Dietrichiana а, Sargassum Amaliae[5] а.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Amalie Dietrich // Sächsische Biografie (нем.) — 1999.
- ↑ 1 2 Amalie Dietrich // (unspecified title) (нем.)
- ↑ Ogilvie M. B. The Biographical Dictionary of Women in Science (инг.): Pioneering Lives From Ancient Times to the Mid-20th Century — Routledge, 2003. — Vol. 1. — P. 356. — 798 p. — ISBN 978-1-135-96342-2
- ↑ Deutsche Nationalbibliothek Общий нормативный контроль (GND) (нем.) — 2012—2016.
- ↑ 1 2 3 Georg Balzer: Dietrich, Konkordie Amalie geborene Nelle. W: Neue Deutsche Biographie, (NDB). T. 3. 1957, s. 695. (niem.)
- ↑ 1 2 DIETRICH, AMALIE (1821—1891), naturalist,. W: Percival Serle: DICTIONARY OF AUSTRALIAN BIOGRAPHY Архивйина 2011-05-14 — Wayback Machine. [dostęp 2011-03-13]. (ang.)
- ↑ Australian Science Archives Project: Amalie Dietrich — a woman alone, a Bright Sparcs Exhibition (ang.). 1996. [dostęp 2011-03-13].
Литература
бӀаьра нисйан- The Hard Road, the Life Story of Amalie Dietrich(ингалс.).
- Amalie Dietrich. Ein Leben erzält von Charitas Bischoff(нем.). — Berlin.
- Amalie Dietrich (1821–1891): German Biologist in Australia(ингалс.). — Stuttgart: Institute for Foreign Cultural Relations.
- The matilda women(ингалс.). — Brisbane: Playlab Press.
- A Woman in the Wilderness: the Story of Amalie Dietrich in Australia(ингалс.). — Sydney: University of New South Wales Press.