Догерти Брэд Ли (инг. Brad Lee Daugherty; вина 1965 шеран 19 октябрехь, Блэк-Маунтин, Къилбаседа Каролина штат) — америкин баскетболхо.

Догерти Брэд
инг. Brad Daugherty
Карьера чекхйаьккхина
Позици Центровой
Харц цӀераш Brad, Big Dukie, Hooch
Локхалла 213
Возалла 111
Гражданалла  АЦШ
Вина терахь 1965 шеран 19 октябрь({{padleft:1965|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:19|2|0}}) (58 шо)
Вина меттиг Блэк-Маунтин, Къилбаседа Каролина
Колледж Къ-с. Каролина (1982—1986)
Драфт КъБА 1-ра (1-ра раунд), 1986, Кливленд Кавальерс
Статистика
Ловзарш 548
Очкош 10389 (19 йуккъера барам ловзарехь)
Схьаэцар 5227 (9,5 йуккъера барам ловзарехь)
ДӀайалар 2028 (3,7 йуккъера барам ловзарехь)
Схьалацар 422 (0,8 йуккъера барам ловзарехь)
Блок-шоташ 397 (0,7 йуккъера барам ловзарехь)

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Ловзархочун карьера

бӀаьра нисйан

Левзина центровойн позицехь. Дешна Чапел-Хиллера Къилбаседа Каролинин университетехь, 1986 шарахь хаьржира «Кливленд Кавальерс» командо КъБА драфтехь 1-ра лоьмарца, шен йерриг карьерехь левзира оцу клубехь. Дерриг КъБАхь даьккхира 8 шо. Йукъавахийтира КъБА керла ловзархойн гулйина 1-ра команда (1987). Пхоьазза дакъалецира КъБА дерриг седарчийн матчехь (1988—1989 а, 1991—1993 а). Цкъа йукъавахийтира КъБА дерриг седарчийн 3-гӀа матч (1992). 1986 шарахь йукъавахийтира NCAA божарийн баскетболан йерригамерикин гулйина 2-гӀа команда. Цунна тӀехь чӀагӀйина йу «Кавальерс» йукъахь 43 лоьмар. КъБАхь йерриг карьерехь левзина 548 матчехь, цигахь кхоьссина 10 389 очко (ловзарехь йуккъера барам 19,0), 5227-зза схьаэцна, 2028-зза дӀайелла, 422-зза дӀайала лерина буьрка схьалаьцна, 397-зза блокшот йина.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан