Дуьне́нан поли́тикин ка́ртагеографин карта, гойту дуьненан мехкаш, церан урхаллин кепаш а, пачхьалкхийн хӀоттам а. Политикин карто гойту коьрта политикин-географин хийцамаш: кхоллаелла керла маьрша пачхьалкхаш, церан хийцаелла статус, пачхьалкхаш вовшахкхетар, йекъайалар, суверенитет яр я ялар, пачхьалкхийн дозанаш хийцадалар, коьрта гӀала хийцар, пачхьалкхийн а, коьрта шахьрийн а цӀераш хийцаялар, пачхьалкхан урхаллин кеп хийцар, кхин дӀа а.

Политикин картин тӀиера хийцамаш хуьлу дукхаллин (пачхьалкхан керла карийна латташ тӀетохар, тӀемашкахь даьхна а, дайина а мехкаш, цхьаьнакхетар а, йохар а пачхьалкхаш, пачхьалкхаш хийцина мехкаш, кхин дӀа а) а, дикаллин (суверенитет яккхар, урхаллин кеп а, пачхьалкхан хӀоттам а хийцар, пачхьалкашна йукъара барташ кхоллабалар, кхин дӀа а) а. ТӀаьхьарчу заманахь дуьненан политикин картин тӀехь дукхаллин хийцамаш лагӀбелла, дукхах дерг хуьлу дикаллин хийцамаш.

Юьйцу процессаш Ӏамо дуьненан социалан-экономикин географин дакъанах, иштта «дуьненан политикин карта» олу.

Дуьненан политикин карта кхолладаларан коьрта муьраш

бӀаьра нисйан

Шира мур (V бӀешо кхаччалц)

бӀаьра нисйан

Ширачу муьрехь дӀахӀуттуш, кхуьуш, юхуш яра шира пачхьалкхаш (Мисар, Карфаген, Желтойчоь, Рум); тӀаьхь-тӀаьхьа монархешкахь а, имперешкахь а чӀагӀло тхьамдалла; кхуьура тӀеман демократи. Яьржина яра кхаа тайпана пачхьалкхаш: авторитаран а, пхьолан а монархеш; импереш (царна чохь дацара билгала дозанаш марталлин политикин системан) а, гӀала-пачхьалкхаш (алсама билгала болу мехкан хӀоттам а, бахархоша политикин дахарехь жигара дакъалацар: Афина, Фива, Спарта, кхин а).

Юккъера бӀешерийн мур (V—XV бӀешераш)

бӀаьра нисйан

Кхузахь кхуьура деспотийн монархин Ӏедал, цуьнан концентраци а, централизаци а; европин пачхьалкхийн урхаллера килсан роль чӀагӀъялар; пачхьалкхаш гӀертар генара мехкаш схьадаха, ткъа кхин а кхоллаяла йолаелира чоьхьара базарш.

Керла мур (XV—XVII бӀешераш — 1914 шо)

бӀаьра нисйан
 
Ортелийс хӀоттийна дуьненан карта, 1570 шо

Литература

бӀаьра нисйан
  1. Экономическая, социальная и политическая география. Регионы и страны / Под ред. С. Б. Лаврова, Н. В. Каледина. М., Гардарики, 2003. Часть 1. ISBN 5-8297-0039-5
  2. Витвер И. А. Историко-географическое введение в экономическую и социальную географию зарубежного мира. М., 1961