1570 шо
1570 (эзар пхи бӀе кхузткъе итталгӀа) шо Юлианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу кӀирандийнахь. Иза вайн эран 1570 шо ду, 570 шо 2 эзарлагӀа шерашкахь, 70 шо бӀешеран, 10 шо 7-гӀа иттаннаш шерашкахь XVI бӀешеран, 1 шо 1570-гӀа шерийн.
Хиламаш
бӀаьра нисйан- 17 июль — Вильнохь иезуитийн коллеги кхоллар, тӀаьхьа цунах университет йина.
- Данин а, Швецин а машаро статус-кво ларйира Балтикехь, данихошна бакъо йелира Российца Нарвин чухула махлело.
- 21 август — Ливонийн тӀамтӀехь Ревелан гуо бан болийна Магнус паччахьан эскарша.
- Курляндехь «Готардан аьттунаш бар». Мехкадайшна делла латтанаш, дола девлира тӀаьхьенашна дита йиш йолуш.
- Делах тешаш ца хиларна, Елизавета I Ӏедалера дӀайоккху Папин булла араделира, цуьнан куьйгакӀеларнаш мукъабехира байӀатах.
- Карачоньин эскар даржийра мажарийн феодалаша а, туркоша а.
- Шпейеран барт. Трансильванин эло Янош II Запольяис къобал до ша Габсбург Максимилианан сюзерен хилар, цунна дуьхьала цунна ло Мажарчоьнан паччахьаллин дакъа.
- 1570—1900 — Урхалчийн некъий Ашанти (Гана).
- Цийчоьнан Алтан-ханца болу машаран барт. Монголашца махлело дозанашкахь базарш йехкина.
- 1570 шо гергга — Ирокезийн пхеа тайпано (сенека, кайюга, онондага, онейда, могавкаш) барт бира: Ирокезийн лига
Росси
бӀаьра нисйан- Оьрсийн-литвахойн тӀом (1561—1570) чекхбалар.
- Оьрсийн-туркойн тӀом (1568—1570) чекхбалар.
- 3 январь — Иван IV-гӀачо донан гӀазакхий пачхьалкхан гӀуллакхе кхайкхар.
Белла
бӀаьра нисйанХьажа кхин а: Категори:Белларш 1570 шарахь
- Бордоне, Парис — итальянхойн венецин ишколан исбаьхьалча, маньеризман векал.
- Делорм, Филибер — Йухадендаран муьран французийн архитектор. Иза къуьйсуш вара ордеран элементаш готикичуьнца цхьаьнадар («французийн ордер» олуш йолу), шуьйра леладора «французийн когаш», дечиган ферманаш («Делорман нартолаш»), киль кепара тхевнаш.
- Кордоверо, Моше — гӀараваьлла Къа-балахо, къабалин цфатийн ишколан векал
- Пскован-Печерин Корнилий — Пскован-Печерин килсан мозгӀар, вийна паччахьо Иван IV-гӀачо.
- Лоредано, Пьетро — 84-гӀа венецин дож.
- Приматиччо, Франческо — итальянхойн суртдиллархо, архитектор, скульптор.
- Сансовино, Якопо — Лакхара йухадендаран муьран скульптор а, архитектор а.
- Флорис, Франс — голландин суртдиллархо а, агархо а.
- Штаден, Ханс — немцойн ландскнехт а, хӀордахо а, шозза Къилба Америке вахана испанхойн а, португалхойн а конкистадорийн экспедицин йукъахь.
- Басманов Фёдор Алексеевич — ларвархо, Басманов Алексей Даниловичан кӀант, паччахьан Иван IV-гӀа Грознин везар (1565-70 шерашна гергга).
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |