ДӀа́ман де (инг. Groundhog Day) — АЦШ а, Канадан а ламастан Ӏида, даздо хӀора шарахь 2 февралехь. Лору, оцу дийнахь шен Ӏуьргара ярайолу дӀаман тӀаьхьа терго ян еза. Цуьнан леларца хаьа бӀаьсте герга хилар. Тидамашца, нагахь де кхуьйлина делахь, дӀаман шен ӀиндагӀа ца го, паргӀата арайолу Ӏуьргара — тӀаккха, Ӏа кестта чекхдер ду бӀаьсте хьалха юлур ю. Нагахь де декхна делахь, дӀаман шен ӀиндагӀа а гой, цунах кхералой, юха Ӏуьрга лечкъа — кхин а ялх кӀирнаха Ӏа хир ду. АЦШ, Канадан масех гӀалахь а, эвланашкахь а оцу дийнахь фестивалаш йо, меттигнерачу дӀамашна-метеорологашна лерина, цара туристаш марзбо цига.

ДӀаман де
Панксатонин дӀаман де 2005 шарахь
Панксатонин дӀаман де 2005 шарахь
МаьӀна дуьххьара бӀаьстенан дуьхьала дахар
Даздо американхоша, канадхоша, цхьаццанхьа немцоша
Терахь 2 февраль
Ӏадаташ бӀаьстенан хенан-хӀоттамах пал тасар
Доьзна ду Ӏийса пайхамар виначул тӀаьхьа 40-гӀа де
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Ӏида кхолладаларан истори

бӀаьра нисйан

Шира Румехь 2 февралехь даздора Зун де[1]. Метеорологин прогноз оцу дийнахь хӀоттайора самаяьккхина зун леларца, цунна шен ӀиндагӀа гина я ца гина. Малхбузен Европин къаьмнаша леладора и гӀиллакх гуттара тӀаьхьа болчу муьрехь а. Къилбаседа Германехь оцу хенахь самайолу даӀам (цхьаццанхьа — ча), цуьнан леларца а туьдура шелонаш яхъяларх а, бӀаьсте яларх а.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан