Евкуров, Юнус-Бек Баматгиреевич

(Евкуров, Юнус-бек Баматгиреевич тӀера хьажжина кхуза)

Юну́с-Бек Баматгире́евич Евку́ров (гӀалгӀ. Евкурнаькъан Баматгире Юнус-Бек; 1963 шеран 30 июль, Тарское) — Российн пачхьалкхан а, эскаран а гӀуллакхо. 2019 шеран 8 июль дуьйна Российн Федерацин дуьхьалонна министр, генерал-лейтенант (2019). Российн Федерацин Турпал (2000). «Единая Россия» партин лакхара советан декъашхо[1].

Юнус-Бек Баматгиреевич Евкуров
гӀалгӀ. Евкурнаькъан Баматгири Юнусбек
оьрс. Юнус-бек Баматгиреевич Евкуров
Юнус-Бек Баматгиреевич Евкуров
Дин суннизм, ислам
Вина терахь 1963 шеран 30 июль({{padleft:1963|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:30|2|0}}) (60 шо)
Парти
Дешар
Динлелор суннизм, ислам
СовгӀаташ
Сайт evkurov.livejournal.com
Эскаран тайпа морская пехота[d], воздушно-десантные войска[d], История морской пехоты в России[d]
ЦӀе инарла-лейтенант[d], генерал-полковник[d]
Латар
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

2008 шеран 31 октябрь дуьйна 2010 шеран 31 октябрь кхаччалц ГӀалгӀайн Республикин президент. 2011 шеран 1 январь дуьйна 2019 шеран 26 июнь кхаччалц ГӀалгӀайн Республикин куьйгалхо. 2019 шеран июнехь шена дуьхьуьла митингаш хилчултӀехь цо шен дарж дитира.

Биографи нисйе бӀаьра

Вина 1963 шеран 30 июлехь Ангуштехь. Цуьна 6 ваша а, 6 йиша а йара[2]. Иза тайпан арцхо ву[3][4].

Цо чекхйаьккхира Бесланехь йолу школа.

Эскарехь нисйе бӀаьра

1982—1984 шерашкахь иза вара Тихоокеански флотан хӀордан пехотехь.

1985—1989 шерашкахь цо дийшира Рязанин лакхара хӀаваан-десантан доьшийлехь.

Цуьнан тӀеман гӀуллакх доладелира Белорусехь йолу 350-гӀа гвардин парашютан-десантан полкехь Витебскан областан Боровуха цӀе йолу юртахь. 1990 шарахь цера дивизи Кавказе дӀахьажийра пачхьалкхан доза лардан.

Иза вара ВДВн даржехь йолу меттигашкахь. Цо дакъалецира Къилбаседан Кавказехь хилла контртеррористически операцишкахь. Масала, цо террористийн керара схьабехира 12 российн салтий.

1997 шарахь цо чекхйаьккхира М. в. Фрунзен цӀарахь йолу Эскаран академи.

1999 шеран июнехь иза вара Сербехь йолу Углевик гӀалахь.

 
Евкуров Жуковн хӀолламан уллехь. Екатеринбург, 2015 шо.

1999 шарахь Евкуров шен хьаькимаш элларг деш Косово а вахана «Слатина» аэропорт дӀа а лаьцна коьрта российн эскар схьакхаччалца иза керар дӀа ца хийцира. 2000 шеран 13 апрелехь Евкуровн йелла Российн Федерацин Турпалан цӀе.

2004 шарахь цо чекхйаьккхира Эскаран ницкъан Генеральни штабан эскаран академи.

2004—2008 шерашкахь иза вара Приволжско-Уральски эскаран округан талларан урхаллан хьакиман когаметтаниг (Екатеринбург).

ГӀалгӀайчоьнан куьйгалхо нисйе бӀаьра

 
Юнус-Бек Евкуров а, Дмитрий Медведев а. 2009 шеран 20 январь, Магас.

2008 шеран 30 октябрехь Мурат Зязиков шен меттера дӀавалар бахьнехь Евкуров хӀоттийнера ГӀалгӀайчоьнан куьйгалхо.

2008 шаран 31 октябрехь ГӀалгӀайчоьнан Халкъан гуламас кхажтесна (16 стаг цунна реза хилира, цхьаъ дуьхьула хилира, цхьа кхаж бакъ ца хиллера) иза шен меттехь чӀагӀвира.

Евкуровс бюджетан ахча кхоадеш шен инаугураци ца яйтира. Цуьна нахаца хьалха цхьанакхетар хилира Несаран коьрта маьждигехь. Цо нахе дехар дира шена неха хьашташ кхочушдеш гӀодан.

Республикехь йолу оппозици хьалхалера эдалан реза дацара. Цара республикин коьртехь хилла Мурат Зязиков бехк бора оппозицин куьйгалхо Магомед Евлоев вер. Оппозицис Евкуров хӀоттавар къобул а дира, шайга далуш долу накъосталла цунна дирду аьлла дош а делира.

2009 шеран 25 май дуьйна 29 ноябрь кхаччалц Евкуров вара Российн Федераци пачхьалкхан советан президиуман декъашхо.

2009 шеран 22 июнехь вен гӀортар нисйе бӀаьра

2009 шеран 22 июнехь Ӏуьйрена 9-гӀа сохьтехь Евкуров вен гӀортира[5]. Евкуровин кортеж Несаре кхаьчча «Toyota» цӀе йолу маше кортежан йукъа а ялла иккхира. Евкуров ларвеш волу цхьа стаг велира, Евкуров а, кхиъ ши стаг а чевнаш йина госпитале вигира. Евкуров метта валлалц цуьнан болх беш вара ГӀалгӀайчоьнан Правительствон председатель Рашид Гайсанов.

2009 шеран 23 июнехь схьалецира 4 стаг Евкуровн тӀекховдарна шеко йолу.

2009 шеран 11 августехь Евкуров больницера ара а велира, шен болхбан а волавелира.

2009 шеран 13 октябрехь Российн ФСБ куьйгалхо Александр Бортниковс элира Евкуровна тӀекхевдина нах къаста а бина (Рашид Дзортов, Абдул-Малик Алиев, кхибераш а), байба а байина[6].

Евкуров хилла КПСС декъашхо.

Йухавеанчул тӀехь нисйе бӀаьра

2009 шеран 5 октябрехь Евкуровс республикин эдал дӀадеккхира. Иштта цо Правительствон председатель Рашид Гайсанов шен даржехь мукъавеккхира.

2012 шеран 1 августехь ГӀалгӀачоьхь Центоройн тӀелетта нах хӀаллакбинера.

Киншкаш йеша хӀинца цуьнан хан йац. Жима волуш хенахь цо йошура тӀемах а, кеманхойх а, таллархойх а лаьцна киншкаш.

 
Юнус-Бек Евкуров а, Владимир Путин а. 2013 шо

2012 шеран 28 августехь Евкуровс хаитира ша ГӀалгӀайчоьнан а, Нохчийчоьнан а йукъара доза хицирна реза ца хилар. Цо шен ЖЖ чохь йаздинера и доза хийцар бахьнехь шина халкъана йукъа дов дала тарло.

2012 шеран 21 октябрехь Евкуровс шен телефон нахалйаьккхира. Цо элира харцхьа новкъа бевлла нахан ша нийса новкъа бовлуш гӀо дийра ду уьш эдале керабахахь. Цо элира харцо лелийна дохко бевлла неха бакъонаш ша ларйира йу. Иштта Евкуровс элира терроризма уьра йоцу тӀемлойн декъий цера гергарчарна дӀадала деза.

2013 шеран 4 июлехь цо шен дарж дитира. Шен метте стаг харжалца цо шена тӀебиллан болх бира. 2013 шеран августехь Путин Евкуровн цӀе ГӀалгӀайчоьнан парламентас хьожучу республикин куьйгалхо кандидатийн могӀаме йукъавазвира.

2013 шеран 8 сентябрехь ГӀалгӀайчоьнан парламентас Екуров республикин куьйгалхо хержира.

2013 шеран 3 октябрь дуьйна 2014 шеран 9 апрель кхаччалц а, 2016 шеран 22 ноябрь дуьйна 2017 шеран 26 май кхаччалц иза вара Российн Федерацин пачхьалкхан советан президиуман декъашхо.

Евкуровн нах дуьхьулхилар а, иза дӀавалар а нисйе бӀаьра

2018 шеран 9 сентябрехь иза кхиъ 5 шаран йухахержира[7].

2018 шеран 26 сентябрехь Евкуровс а, Рамзан Кадыровс а куьг тӀаӀийра шина республикин йукъара керла доза хӀоттош. Цара бина барт чагӀбира ГӀалгӀайчоьна Халкъан гуламе депутаташ. И барт бара Сунженски а, Малгобекски кӀошташца доьзна. ГӀалгӀайчоьнна кхечира лаьмнаш а, хьаннаш а. Цо Нохчийчоьнна дӀайелира 17 эзар гектар латта.

2018 шеран 4 октябрехь болабелира оцу бартан реза боцу нехан гуламаш. 2019 шеран 26 мартехь и митингаш йуха а йолайелира[8]. Гуламе бехкина нах полицица дов даьлча митинган коьртахь лаьтташ болу нах а, 20 сов митинган декъашхо а чубоьхкира.

Евкуров дуьхьул болу нах цуьнгхьа болчул 57 % сов хилира. И хица лууш болу нах и шен даржахь вита бохучул 40 % сов хилира.

2019 шеран 24 июнехь Евкуровс шен дарж дитира. Иза вара ГӀалгӀайчоьнан куьйгалхо 11 шарахь.

2019 шеран 26 июнехь Путинс Евкуровн дӀавалар къобулдира. Цуьнна меттан цо хӀоттийра ГӀалгӀайчоьнан хилла волу прокурор Махмуд-Али Калиматов.

 
Юнус-Бек Евкуров дуьхьалонан министран когаметтаниг дахӀоттор

2019 шеран 8 июлехь иза дӀахӀоттийра Дуьхьалонан министран когаметтаниг. Оццу дийнахь цунна генерал-лейтенантан цӀе йелира. Иза хилира 12-гӀа Дуьхьалонан министран когаметтаниг. Евкуровн керайелира РФ Эскаран ницкъан тӀеман кечаман коьрта урхалла а, РФ Эскаран ницкъан авиацин тӀемайаларан кхерамзаллин урхалла а.

Цунна йеза Владимир Высоцкий йаккхина эшараш.

СовгӀаташ нисйе бӀаьра

пачхьалкхан
  • Российн Федерацин Турпал (2000 шеран 13 апрель)
  • Орден «За заслуги перед Отечеством» IV степени (30 июля 2018)
  • Александр Невскин орден (2013 шеран 2 сентябрь)
  • Орден Мужества
  • Орден «За военные заслуги» (2009)
  • ЦӀен Седан орден
  • «За отвагу» мидал
  • Жуковн мидал
  • Почётная грамота президента Российской Федерации (2017 шеран 10 июль)
  • Благодарность президента Российской Федерации (2010 шеран 3 март)
эскаран
  • Медаль «За боевые отличия» (Минобороны)
  • Медаль «Участнику марш-броска 12 июня 1999 г. Босния — Косово» (Минобороны)
  • Медаль «Генерал армии Маргелов» (Минобороны)
  • Медаль «100 лет Военно-воздушным силам» (Минобороны)
  • Медали «За безупречную службу» I, II, III степеней (Минобороны)
  • Медаль «За воинскую доблесть» (МВД)
  • Медаль «За доблесть в службе» (МВД)
  • Медаль «За боевое содружество» (МВД)
  • Медаль «За содействие ВВ МВД» (МВД)
  • Медаль «За содружество во имя спасения» (МЧС)
динан
  • Орден «Аль-Фахр» II степени
йукъараллин
  • Медаль «Ветеран боевых действий»
  • Медаль «За службу на Северном Кавказе»
  • Медаль «70 лет создания Воздушно-десантных войск СССР»
  • Медаль «75 лет ВДВ» (Организация Ветеранов Воздушно-десантных войск)
  • Медаль «За верность десантному братству» (Союз десантников России)
  • Медаль «50 лет Общероссийской общественной организации ветеранов войны и военной службы»
кхиамаш къобулбар
  • Рязанан Лакхара ХӀаваан-десантан командан доьшийлехь Турпаллийн Аллейхь хӀоттийна Евкуровн бюст
  • Рязанан Лакхара ХӀаваан-десантан командан доьшийлехь Байракхин залехь цуьна цӀе йазйина шина ун тӀехь: «Выпускники училища — генералы», «Герои Российской Федерации»
  • Императорский Военный Орден Святителя Николая Чудотворца I степени (2012 шеран 8 ноябрь)

Парти нисйе бӀаьра

2009 шеран мартехь иза «Единая Россия» партин йукъавелира. Иза вара партин Лакхара советан декъашхо а, Регионан политикин советан Президиуман декъашхо а, Регионан политикин советан декъашхо а,[9].   ГӀалгӀай а, оьрсий а меттанаш боцурш цунна хаьа немцойн мотт а (дошамца), иштта цо Ӏамийна дари а, пушту а.

Марзделларш нисйе бӀаьра

Иза ву тайп-тайпан спорт лелош. Царна йукъахь: тӀеман латар, кикбоксинг, бокс, тӀеман самбо, парашютан спорт, топ кхоссар, некадар.

Цуьна йара аккаунташ Twitter а, Instagram а, Facebook а. Евкуров Дуьхьаллин министерстве балха вахча уьш дӀайехира.

Иза вара «Балканский рубеж» (2019) цӀе йолу исбаьхьа фильман консультант.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Бюро Высшего совета Партии. Единая Россия. Теллина 2013 шеран 15 ноябрехь.
  2. Интервью Юнус-Бека Евкурова французской радиостанции RFI. www.magas.su. Теллина 2019 шеран 13 мартехь.
  3. Юнус-Бек Евкуров: О войне мечтают только дураки. Андрей Ванденко. Теллина 2020 шеран 3 июлехь.
  4. Орлиное гнездо. М-Б.ЦИЦКИЕВ, газета "Сердало" 27.05.2004 г., №59 (9434). Теллина 2020 шеран 3 июлехь.
  5. Покушение на Евкурова будут расследовать по трём статьям Уголовного кодекса Российской Федерации. lenta.ru (22.06.2009). Теллина 2009 шеран 22 июнехь.
  6. Кто же покушался на Евкурова?, Радио «Свобода». Хьаьжна 14 октябрехь 2009.
  7. Евкуров в третий раз избран главой Ингушетии. ТАСС. Теллина 2019 шеран 13 мартехь.
  8. Жители Ингушетии снова вышли на митинг против власти (2019, 26 март). Хьаьжна 26 мартехь 2019.
  9. Единая Россия официальный сайт Партии / Кто есть кто. ingush.er.ru. Теллина 2019 шеран 13 мартехь.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра