Егиазарян, Ашот Еремович
Егиазарян Ашот Еремович (эрм. Աշոտ Եղիազարյան, вина 1943 шеран 16 июнь, Ереван — 2016 шеран 26 декабрь, циггахь) — советийн а, эрмалойн а дипломат, Эрмалойчоьнан Арахьара гӀуллакхийн министран декхарш кхочуш дийриг (1990—1991). Хилла къаьсттина чӀогӀа геланчин а, йуьззина бакъонаш йолу министран дипломатин ранг.
Егиазарян Ашот Еремович | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
эрм. Աշոտ Եղիազարյան | |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Мкртчян Анатолий Ашотович Эрмалойн ССР Арахьара гӀуллакхийн министр | ||||||
Когаметтаниг | Ованнисян Раффи Ричардович | ||||||
Вина терахь | 1943 шеран 16 июнь | ||||||
Вина меттиг | Ереван, Эрмалойн ССР, ССРС | ||||||
Кхелхина терахь | 2016 шеран 26 декабрь (73 шо) | ||||||
Кхелхина меттиг | Ереван | ||||||
Парти | ССКП 1991 шо кхачале | ||||||
Дешар |
Ереванан пачхьалкхан университет Российн ЧГӀМ дипломатин академи |
||||||
СовгӀаташ |
Биографи
бӀаьра нисйан- 1960—1965 шераш — Ереванан пачхьалкхан университетан филологин факультет,
- 1965—1968 шераш — дозанал арахьара эрмалошца оьздангаллин комитетан лакхара референт,
- 1968—1973 шераш — Эрмалойчоьнан АГӀМ политинформацин шолгӀа секретарь, куьйгалхочун гӀовс, декъан куьйгалхо,
- 1972—1973 шерашкахь — Ереванан пачхьалкхан университетан юридически факультетан студент,
- 1973—1976 шерашкахь — ССРС АГӀМ дипломатин академин ладогӀархо,
- 1960—1965 шераш — Ереванан пачхьалкхан университетан филологин факультет,
- 1965—1968 шераш — дозанал арахьара эрмалошца оьздангаллин комитетан лакхара референт,
- 1968—1973 шераш — Эрмалойчоьнан АГӀМ политинформацин шолгӀа секретарь, куьйгалхочун гӀовс, декъан куьйгалхо,
- 1972—1973 шерашкахь — Ереванан пачхьалкхан университетан юридически факультетан студент,
- 1973—1976 шерашкахь — ССРС АГӀМ дипломатин академин ладогӀархо,
- 1974—1976 шерашкахь — чекхйаьккхира ССРС АГӀМ дипломатин академи, дипломатан а, дуьненайукъара йукъаметтигийн историкан а говзалла йелира,
- 1976—1983 шерашкахь — ССРС Халкъан Республика Анголера вакилатан шолгӀа секретарь, хьалхара секретарь,
- 1983—1989 шерашкахь — Эрмалойчоьнан КП ЦК тайп-тайпана жоьпаллера даржаш,
- 1989—1991 шерашкахь — Арахьара гӀуллакхийн министран гӀовс, хьалхара гӀовс, Эрмалойчоьнан арахьара гӀуллакхийн министран декхарш кхочушдийриг,
- 1991—1993 шерашкахь — Эрмалойчоьнан премьер-министран дуьненайукъара гӀуллакхийн гӀоьнча. СовгӀат дина Эрмалойчоьнан АГӀМ иэсан мидалца, йерриг союзан а, республикин а кхолламийн цхьа могӀа дипломаш а, мидалшца а,
- 1995—1996 шерашкахь — Эрмалойчоьнан АГӀМ Европин урхаллин хьаькам,
- 1996—1997 шерашкахь — «Эрмалойчоь-Аргентина» йукъараллин вице-президент,
- 1996—1998 шерашкахь — Эрмалойчоьнан АГӀМ Латинан Америкин урхаллин хьаькам,
- 1998—2007 шерашкахь — Эрмалойчоьан Сан-Паулора инарлин консул,
- 2007—2010 шерашкахь — Эрмалойчоьнан АГӀМ Америкин урхаллин хьехамча. Европин Кхеташонан дуьненайукъара оьздангаллин «Жайнин некъ» программин координацин кхеташонан декъахо,
- 2010—2014 шерашкахь — Республика Эрмалойчоьнан Бразилера Къаьсттина чӀогӀа а, Йуьззина бакъонаш йолу а векал.
Дуьненайукъара мероприятешкахь а, дийцаршкахь а дакъалацар
бӀаьра нисйан- 1986 — Эрмалойчоьнан Мажаройчуьра вакилатан партин куьйгалхо.
- 1989 — Эрмалойчоьнан КП ЦК АЦШ хьажийна Спитакехь мохкбегоран цхьа шо даларан лерина вакилатан куьйгалхо.
- 1989, 1990 — 44 а, 45 а сессешкахь ВКъКх Инарлин Ассамблейн ССРС вакилатан декъахочун гӀовс.
- 1990 — ӀаьржахӀордан экономикин цхьаьнагӀуллакхдар кхолларан конференцин ССРС вакилатан декъахо.
- 1991 — ССРС Арахьара гӀуллакхийн министрийн кхеташо.
- 1991 — Европин арахьара гӀуллакхийн министрийн дийцарийн декъахо.
- 1991 — Латве, Гуьржийчу, РФ президентан вакилатийн декъахо.
- 1992, 1993 — Цийчу а, Вьетнаме а правительствийн вакилатийн декъахо.
- 2002 — Эрмалойчоьнан Бразилера президентан вакилатан декъахо.
- 2005 — ЮНКТАД 11-гӀа конференцин Эрмалойчоьнан вакилатан председателан гӀовс.
СовгӀаташ а, сийлахь цӀераш
бӀаьра нисйанССРС Лакхара кхеташонан 1983 шеран 26 июлан омарца, совгӀат дина «Сийлаллин Билгало орденца».