Едешко Иван Иванович (белорус. Iван Iванавіч Ядэшка вина 1945 шеран 25 мартехь, Стецки, Гроднон кӀошт, Гроднон область, Белоруссийн ССР) — советийн баскетболхо. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1972); совгӀат дина «Сийлаллин Билгало» орденца (1972).

Едешко, Иван Иванович
белорус. Iван Iванавіч Ядэшка
Карьера чекхйаьккхина
Позици Ловзар дӀахьо турсло
Локхалла 196 см
Возалла 90 кг
Гражданалла  ССРС Росси
Вина терахь 1945 шеран 25 март({{padleft:1945|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:25|2|0}}) (79 шо)
Вина меттиг Стецки, Гроднон кӀошт, Гроднон область, Белоруссийн ССР, ССРС

Командаш
Ӏамийна командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
ССРС Спортан хьакъ долу говзанча Сийлаллин орден — 2006 Орден «Сийлаллин Билгало» — 1972
«Къинхьегаман Силаллийн» мидал
«Къинхьегаман Силаллийн» мидал
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Мюнхен 1972 баскетбол
Борза Аьхкенан Олимпийн ловзарш 1976 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Деши Пуэрто-Рико 1974
Серебро Филиппинаш 1978
Европин чемпионаташ
Деши Германи 1971
Борза Испани 1973
Дети Югослави 1975
Деши Итали 1979
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
Арахьара суьрташ
Баскетболист Иван Едешко

Биографи нисйе бӀаьра

Гроднон баскетболан кхиорхо. Хьалхара тренер — Фруман Яков Иосифович[1].

Чекхйаьккхина Белоруссин пачхьалкхан физикин оьздангаллин университетан спортан ловзарийн а, вовшахлатарийн а спортан-хьехархойн факультет (1970).

Левзина «Спартак» (Минск), РТИ (Минск), ЦСКА (Москох), СКА (Киев) баскетболан клубашкахь.

Даймехкан а, дуьненан а баскетболан истории йукъа вахана Белов Александрега, Мюнхенера Олимпиадехь (1972) АЦШ гулйина командица хиллачу финалан матч чекхйала кхо секунда йисича «дешин пас» йаларца. Оцу хенахь чолхе а, дуладелла хьал а долучу матчан чаккхенгахь советийн гулйина командин баскетболхоша кхузза йукъакхоьссира буьрка сецор а, ловзарна хан лараран бала а бахьнехь, тӀаьххьара, схьабаьккхира америкахошкара толам 51:50 чоьтаца[2].

ССКП декъахо ву 1979 шарахь дуьйна. ССРС гулйина командин тренер хилла ДЧ-82 (чемпион) а, 1987 шеран Европин чемпионатехь (2-гӀа меттиг) а.

Российн хьакъ долу тренер, ССРС хьакъ долу тренер.

Божарийн ЦСКА командин тренер, иза 1992 шеран Российн чемпион хилира. 1993 шарахь болх бира ливанан «Спортинг» клубан коьрта тренеран даржехь, иза мехкан чемпион хилира, ткъа клубан коьрта ловзархой бара самархо Кулагин Виктор а, саратовхо Щепоткин Сергей а.

1998—1999 шерашкахь Российн гулйина жимахойн командин коьрта тренер.

1999—2001 шерашкахь Российн гулйина кегийрхойн командин коьрта тренер.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Литература нисйе бӀаьра

  • Едешко Иван Иванович // Олимпийская энциклопедия / Павлов С. П.. — М.: Советская энциклопедия, 1980. — 415 с.
  • 100 лет российского баскетбола: история, события, люди: справочник / Автор-составитель В. Б. Квасков. — М.: Советский спорт. — 274 с.: илл. ISBN 5-9718-0175-9

Хьажоргаш нисйе бӀаьра