Жибрил
пайхамаршка хаамбан тIехIоттийна малик
(Жабраил тӀера хьажжина кхуза)
Жибрил (Ӏаьр. جبريل), йа Жабраил[1][2](Ӏаьр. جبرائيل) — иза Делан герггарчу мукъаррабун олучу деа маликех цхьа малик ду. Къуръан чохь а, Мухьаммад пайхамаран ﷺ хьадисашкахь а хьехийна ду иза. И дуссуш хилла пайхамаршна вахьй (хаам) дохьуш Делан омраца, цуьнах ду цо Мухьаммаде ﷺ Къуръан доссадар а.
Жибрил | |
---|---|
Ӏаьр. جبريل | |
Ар-Рухь, Рухьул-Къудус, ар-Рухьул-Амин, Рухь мин амриллахӀ | |
Лору динаш | ислам, жуьгталла, керсталла |
Дозуш хилла адамаш | ИбрахӀим, ЛутӀ, Марьям, Ӏиса, Муса, Мухьаммад |
Кхидерш | мукъаррабун, Къуръан, Таврат, Инжил |
ЦӀе нисйе бӀаьра
Жибрил дош шина шира дашах лаьтташ ду — «Жибр» (лай, йалхо) а «ил» (Дела) а, цуьнан маьӀна «Делан лай» бохург ду.