ИбраьхӀиман макъам
ИбраьхӀиман макъа́м (Ӏаьр. مقام إبراهيم — ИбраьхӀиман меттиг) — Аль-Хьарам маьждиган дозанца меттиг ю иза, КаӀбат дечу хенахь ИбраьхӀим лаьттина меттиг ю. ХӀинцалерачу хенахь цигахь йина нартолца гӀишло ю.
Макъам ИбрахӀим цӀе къуръан тӀехь хьехош ю, 97-чу аятехь 3-чу Къуръанан суратехь.
Исламан дийцарехь ма-бохху, АллахӀ-дала ИбраьхӀиме КаӀбат ден аьллачул тӀаьхьа, шен кӀант ИсмаьӀилца иза болх бан волавеллера. ИсмаьӀила тӀулгаш кхоьхьуш хилла, а ИбраьхӀима царах хазна еш хилла. Пенаш лакха хьаладоьттича, ИсмаьӀила тӀулг лаьтта охьабиллина хилла, ИбраьхӀим тӀекхачийта. ТӀулган тӀеваьлча ИбраьхӀим шен болх беш вара. Оцу тӀулган тӀехь ИбраьхӀиман когийн ларш ю.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйанХьажоргаш
бӀаьра нисйанХӀокху йаззаман чохь хӀиттийна йац теман категореш. |