Иван Кириллович Бочаров (1918 шеран 29 октябрь, Соьлжа-ГӀала, Терски область — 1991 шеран 15 март, БуритӀе) — лахара сержант, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Иван Кириллович Бочаров
Вина терахь 1918 шеран 29 октябрь({{padleft:1918|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:29|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1991 шеран 15 март({{padleft:1991|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}) (72 шо)
Кхелхина меттиг
Эскаран тайпа инженерные войска
Дарж младший сержант
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красного Знамени орден Отечественной войны I степени орден Красной Звезды медаль «За отвагу»

Вина 1918 шеран 29 октябрехь Соьлжа-ГӀалахь белхалон доьзаллехь. Цо ворхӀ шарахь доьшуш школа чекхйаьккхира. 1938—1940 шерашкахь иза вара ЦӀен Эскарехь. Армера цӀа веанчултӀаьхьа цо болх бира Туркменин Марыйски областан Иолотански машенан а, тракторийн а станцехь механикан болх. 1941 шеран июнехь иза йуха а ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. 1941 шеран июль дуьйна иза Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман фронтехь вара. 1945 шеран бӀаьсте кхочуш лахара сержант Иван Бочаров вара 222-гӀа къаьстина инженерийн батальонан отделенин куьйгалхо. Цу шарахь иза ВКП(б) декъашхо хилира. ЦӀен Эскар Одер хих дӀедолуш хенахь къаьстира и[1].

1945 шеран 17-18 апрелин буьйсанна Хоэнвутцен юртан уллехь Вриценелла 14 км къилбаседехьа мостагӀаш чӀогӀа герз тӀедетташшехь, Одерел дехьа трос а тессна бурам вовшехтесира. Оцу бурам тӀехь иза кхузза хих дехьа велира кхиссархойн рота а, кхо йоккха топ а, тӀеман гӀирсаш а хих дехьа йоккхуш. Бочаровс бина болх бахьнехь советан эскаран аьтту белира малхбузан бердтӀехь плацдарм схьаяккха а, и керахь сацаян а. И болх беш хенахь Бочарован чов йинера, амма иза тӀеман йукъара ца велира[1].

1945 шеран 31 майхь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца лахара сержантан Бочарован йелира Советски Союзан Турпал[1].

ТӀом чекхбеллачул тӀаьхьа Бочаров эскаран болх битира. Иза ваха Орджоникидзе (хӀинца — Владикавказ) вахара. 1978 шо кхаччалц цо болх бира цигара некъаш деш йолу урхаллехь. Иза велира 1991 шеран 15 мартехь. ДӀавоьллина Владикавказан «Силаллийн Аллейхь»[1].

Иштта цунна йелира ЦӀен Байракхан орден а, 1-ра даржан Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман орден а, йиъ ЦӀен Седан орден а, дукха мидалш а (царна йукъхь «Майраллин медаль» а)[1].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан