Иван Николаевич Гвенцадзе (1907 шеран 23 апрель, Амбролаурский муниципалитет, Рача-Лечхуми а, Квемо-Сванети а — 1990, Тиблиси) — лакхара лейтенант, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Иван Николаевич Гвенцадзе
Вина терахь 1907 шеран 23 апрель({{padleft:1907|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:23|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1990
Кхелхина меттиг
Эскаран тайпа артиллери, артиллери
Дарж лакхара лейтенант
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красного Знамени орден Отечественной войны I степени орден Красной Звезды

Вина 1907 шеран 23 апрелехь Гуьржичоьнан Амбролауран кӀоштан Бареули юртахь ахархон доьзаллехь. Иза гуьржи вара. 1937 шарахь цо чекхйаьккхира Тбилисин индустрин институт. Цул тӀаьхьа цо болх бира Соьлжа-ГӀалахь йолу № 2 газолинан заводехь коьрта энергетик. 1939 шарахь иза ВКП(б) декъашхо хилира[1].

1942 шеран февралехь иза ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. Цу шаран апрелехь цо эпсарийн курсаш чекх а йаккхира, лахара лейтанантан дарж цунна схьаделира[1].

1942 шеран август дуьйна иза тӀамтӀехь вара. Иза хӀоттийра Степной фронтан 57-гӀа армин 14-гӀа гвардин кхиссархойн дивизин 33-гӀа гвардин артиллерин полкан батарейн куьйгалхо[1].

1943 шеран 26 сентябрехь Гвенцадзес дакъа лецира Пушкарёвка юртан уллехь (хӀинца Днепропетровски областан Верхнеднепровск гӀалан дозанехь ю) Днепр хих дехьаваларехь. Гвенцадзен батарейс тӀедиттина герзо доккха гӀо дира ЦӀен Эскаран плацдарм схьайоккхуш а, и карахь сацаеш а. Салтиша йиъ мостагӀийн тӀелатар йуха а туьхуьр, схьайаккхина плацдарм шор а йира, дивизин коьрта ницкъашна хих дехьабовла гӀо а дира[1].

1944 шеран 14 майхь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца Гвенцадзен йелира Советски Союзан Турпалан цӀе. Цул тӀаьхьа цо дакъа лецира Кировоградан а, Уманско-Боташански а, Венски а операцишкахь[1].

1945 шарахь Гвенцадзес лакхара лейтенант даржехь эскаран болх битира. Иза Тбилиси дӀавахар, цигахь Ӏаш а, вехаш а вара иза. Цхьа хан ялча иза Гуьржийн ССР Сийлахь инженер хилира. Иза велира 1990 шарахь[1].

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан

Гвенцадзен, Советски Союзан Турпалан цӀе йоцург, йелира Ленинан орден а (1944 шеран 14 майхь), ЦӀен Байракхан орден а (1945 шеран 7 июнехь), шиъ 1-ра даржан Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман орден а (1943 шеран 2 декабрехь а, 1985 шеран 11 мартехь), ЦӀен Седан орден а (1943 шеран 6 февралехь), мидалш а[1].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 4 5 6 7   Олег Кожухарь. Гвенцадзе, Иван Николаевич. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой». ТӀекхочу дата: 2021 шеран 25 октябрь.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан