Империализм
Империали́зм (латинан маттахь Ӏедал а, олалла а) — тайп-тайпанчу арахьарчу политикин экспансин кепашкахь тӀеман ницкъаш лелош йолу пачхьалкхан политика йу. Масала, латтанаш дӀалацар а, колонеш кхоллар а, кхийолу пачхьалкхашна тӀехь политикин а, экономикин а Ӏуналла дӀахӀоттор а. XIX-чу бӀешеран тӀаьхьарчу декъехь европин йаккхий пачхьалкхийн а, Америкин Цхьанатоьхначу Штатийн а агӀора колонин экспанси чӀагӀйеллачу муьрехь «колониализм» дашца цхьаьнадогӀуш дара «имперализм» дош.
В. И. Ленино империализм капитализман уггар лакхара мур санна лорура.