Инёню (стадион)
«Инёню́» (турк. BJK İnönü Stadyumu) — Истмала гӀалара стадион, 1947—2013 шерашкахь хилла футболан клубан «Бешикташан» цӀеран арена. Лаьтта Истмалан европин декъехь. Стадионан гӀовгӀан тӀегӀан рекорд ю Европин стадионашна юкъахь — 132 дБ, иза йира «Ливерпуль» командан дуьхьалчу матчехь[1]. Стадионан трибунаш тӀиера гуора Долмабахче гӀала, Босфор, Мехкарийн бӀов. «Инёню» дуьненахь цхьаъ бен йоцу стадион ю, шена тӀиера дуьненан ши дакъа гуш йолу — Европа а, Ази а. 2011 шо долалуш Туркойчоьнан оьздангаллин а, туризман а министро Эртугрул Гюнайс кховдийра стадион гӀалан историн декъера «дехьаяккха», амма чӀогӀа емал вира мехкан футболан юкъаралло[2].
Инёню | |
---|---|
Хьалхара цӀе |
Dolmabahçe Stadı (1947—1952), Mithat Paşa Stadı (1952—1973), İnönü Stadium (1973—2013) |
Йолу меттиг | Бешикташ, Истмала, Туркойчоь |
Ян йолийна | 1939 |
Йина | 1947 |
Схьайиллина | 1947 шеран 19 майхь |
Кеконструкци йина | 2004 |
Йохийна | 2013 |
Ерг | Бешикташ |
Чухоам | 32,145 |
ЦӀера команда | Бешикташ |
Майдан барам | 105 × 68 м |
Сайт | vodafonearena.com.tr (Водафон Парк) |
Викиларми чохь медиафайлаш |