Кааль, Айра
Ка́аль А́йра-Вильгельмина (бакъ цӀе — Айра Хоун) (эстон. Aira Kaal; 1911 25 октябрь (17 ноябрь), Сааремаа гӀайре — 1988 шеран 7 апрель, Тарту) — эстонийн советийн йаздархо, поэт, журналист. Эстонийн ССР хьакъ долу йаздархо (1971). Эстонийн ССР Смуул Йуханан цӀарах литературин совгӀатан лауреат (1987).
Кааль Айра | |
---|---|
эстон. Aira Kaal | |
Тиллина харц цӀерш: | Reet Uielu |
Йина терахь | 1911 шеран 7 ноябрь (25 октябрь) |
Йина меттиг | Сааремаа гӀайре, Эзелан уезд, Лифляндин губерни, Российн импери |
Кхелхина терахь: | 1988 шеран 7 апрель (76 шо) |
Кхелхина меттиг: | Тарту |
Гражданалла: | Российн импери, ССРС, Эстонийн ССР |
ГӀуллакхан тайпа: | поэт, журналист |
Жигара шераш: | 1945—1986 |
СовгӀаташ: | Эстонин ССР халкъан йаздархо |
Биографи
бӀаьра нисйанЙина ахархойн доьзалехь. 1940 шарахь чекхйаьккхина Тартун университетан философин факультет. Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш журналист йара.
1945—1950 шерашкахь — Тартун университетан марксизм-ленинизман хьехархо.
1944 шарахь дуьйна Эстонин йаздархойн ассоциацехь лаьттира.
1940 шарахь дуьйна ЕКП(б) декъахо. 1951 шарахь дӀайаьккхира партера, 1956 шарахь — метахӀоттийра ССКП могӀаршка.
1980 шеран октябрехь йара эстонийн мотт Ӏалашбархьама диллина кехат йаздинчу Эстонин 40 интеллектуалан йукъахь.
Йелла Тартухь 1988 шарахь.
Кхолларалла
бӀаьра нисйанА. Кааль — цхьа могӀа эссен, масех новкъан йаззаман жайнин, романийн, пьесийн, байтийн гуламийн автор, кхин а шен хьомечу Сааремаа гӀайренан лирикин-публицистикин суьртийн жайнийн.
Жигара кхоллараллин гӀуллакх долийна Сийлахь-Боккха Даймехкан шерашкахь. Хьалхара поэтан гулам зорба тоьхна 1945 шарахь.
А. Каалан байташкахь гучудевлира дуладелла тӀеман денош, тӀемал тӀаьхьара кхолларан къинхьегам а, машаран къовсам а. Цуьнан байташ къастало политикин ираллица, философин чулацамца а.
Хаза факташ
бӀаьра нисйанАйра Кааль эстонин йаздархочун Лухаяэр Ингваран романера «Munamäe lahing. Ajalooline jutustus sellest, mis oleks juhtunud, kui Eesti oleks 30-ndail aastail tõsiselt kaitseks valmistunud ja vene agressioonile otsustavalt vastu astunud» (Мунамяэ йолчура тӀом. Историн дийцар, хӀун хир дара теша, нагахь Эстони 1930-гӀа шерашкахь дика кечам ца бинехьара российн агрессех лардалархьама) персонаж йу . Кхоллам альтернативан историн жанрера бу. Айра Кааль фантастикин куьцаца гайтина, вапсийн тхьамдан Сирк Артуран нускал санна, иза авторан лаамца хуьлу эстонин правительствон куьйгалхо, цуьнан баьччаллица толам боккху ССРС-ца болчу тӀамехь[1].
Хаьржина кхолламаш
бӀаьра нисйан- Байтийн гулам:
- «ДӀалур дац герз» («Ma ei anna relva käest», 1945),
- «Толаман ракета» («Võidurakett», 1948),
- «Маьрша даймохк» («Vaba kodumaa», 1950),
- «ХӀордан мехаш» («Meretuuled», 1958),
- «Хаьржина байташ» (1961)
- «Üks tigu ilma majata» (1968)
- «Pihlakad mere ääres» (1971)
- «Hetked merega» (1976)
- «Saaks kord seda imet veel vaadata» (1981)
Эссе
бӀаьра нисйан- «Адам а, зудчун психологи а» («Mehe ja naise psühholoogiast», 1936)
Забарийн роман
бӀаьра нисйан- «Нана а, со а» («Mamma ja mina», 1939, псевдонимца «Reet Ueilu»)
Новкъан жайнаш
бӀаьра нисйан- «ХӀинди» («Muljeid ja mõtteid India sõidult», 1958)
- «Цийчоь» («Pilk tänapäeva Hiinasse», 1961)
- «Эрмалойчоь» («Esimest korda Armeenias», 1964)
Прозин кхолламаш
бӀаьра нисйан- «Teelahkmel» (1956)
- «Kodunurga laastud» (Кхаа томехь, 1966, 1970, 1978)
- «Seitse tõtt ja seitse valet» (1986), кхин а.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Munamäe lahing . ТӀекхочу дата: 2016 шеран 18 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 26 мартехь Архивйина 2016-03-26 — Wayback Machine