Ке́лли Грейс Патриция (инг. Grace Patricia Kelly; 1929 шеран 12 ноябрехь, Филадельфи, Пенсильвани, АЦШ1982 шеран 14 сентябрехь, Монако) — америкин актриса, 1956 шарахь дуьйна — Монакон элин Ренье III-гӀачун зуда, Монакон 10-гӀа сту, хӀинца урхаллехь волчу элин Альбер II-гӀачун нана. Цуьнан чоьтехь иттаннал кӀеззиг сов фильмаш йу, цхьа «Оскар» а, шен заманахь уггаре кассин актеран сий а.

Келли Грейс
инг. Grace Kelly
Келли Грейс
Келли Грейс 1954 шарахь
Келли Грейс
Дин католикин килс[d]
ДӀайоьллина
Тайпа Гримальди[d]
Йича тиллина цӀе инг. Grace Patricia Kelly
Да Джон Брендан Келли-старший[d]
Нана Маргарет Кэтрин Майер[d]
Майра Ренье III[d]
Бераш Каролина Монакон[4], Альбер II[d][4], Стефания[d][4]
Парти
Дешар
Динлелор католикин килс[d]
Автограф Автографан сурт
СовгӀаташ
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Къона шераш

бӀаьра нисйан

Келли Грейсан ирландхойн а, немцойн а орамаш хилла, йина АЦШ хьалдолчу а, лоруш болчу а доьзалехь[6]. Иза доьзалехь кхоалгӀа бер дара. Цуьнан да, Келли Джек[7], гӀишлошйархо вара, хьалха академин пийсиг хьакхарехь олимпийн чемпион хиллера. Цуьнан ваша Келли Уолтер К. хилла водевилан «седа», ваша Келли Джордж — гӀараваьлла драматург, Пулитцеран совгӀатан лауреат[8]. Грейсан йара йоккхаха йолу йиша Пегги а, ваша Джон а, жимаха йолу — Лизанна. Цуьнан нана, Маргарет Майер, немцойн орамаш дара[9][10], къоналлехь фотомодель йара[10]. Маргарета физикин оьздангалла хьоьхура Пенсильванин университетехь, оцу университетехь йайн атлетикин тренерех дуьххьарлера зуда йара[10][11]. 1924 шарахь Келли Джоне маре яхча Маргарет ахӀусаман нана хилира, шен бераш ишколе доьду хан кхаччалц, цул тӀаьхьа иза жигара дакъалаца йолайелира йукъараллин кхолламашкахь[10].

Келлин доьзал бехара хаза, доккха, ша лаьтта цӀа чохь Филадельфехь. Бераллехь дуьйна Грейс лакхара йукъараллин йукъакхачалора. Амма иза гӀертара киа кхечу хазчу дуьненахь, шен да-нана дехачух къаьсташ долу.

Доьзалехь Грейс хьомениг йацара — дена-нанна дукха йезара спортхо Пегги а, жимаха йолу Лизанна а, ткъа Джекана хӀиттайора йаккхийра планаш. Грейс физики нагӀора гӀийла йара йижрел а, вешел а.

Динан Рейнхилл колледжехь Грейсан делира луьра католикин дешар. Нисса цигахь йалх шо хан йолуш, иза театр хӀоттийна рождествон гайтамехь, дуьххьара сценин тӀейаьлира Марьяман ролехь.

Кинокарьера

бӀаьра нисйан

Номинацеш

бӀаьра нисйан

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Internet Movie Database (инг.) — 1990.
  2. 1 2 Grace Kelly // Internet Broadway Database (инг.) — 2000.
  3. http://www.fembio.org/biographie.php/frau/frauendatenbank?fem_id=11712
  4. 1 2 3 Lundy D. R. The Peerage (инг.)
  5. Notable Past StudentsАмериканская академия драматического искусства.
  6. High Society. The Washington Post. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 2 июнь.
  7. Jacobs, Laura Grace Kelly's Forever Look.
  8. Leigh 2007
  9. Department of Records. Margarethe M. Majer, 13 Dec 1898; "Pennsylvania, Philadelphia City Births, 1860–1906". FamilySearch 378.
  10. 1 2 3 4 Margaret Majer Kelly (1899–1990). University of Pennsylvania.
  11. Kaplan, Tracey (January 8, 1990). "Margaret Kelly, 91; Princess Grace's Mother, Head of Influential Family". Los Angeles Times.

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан