Кеп:Дийнахь хилларг:02-10
- 1258 — монголаш шайн хьалхаваьлла Хулагу-Хан а волуш БагӀдад гӀала йаьккхира, иштта чекхйелира Ибн Ӏаббасан тӀаьхьено схьайеана халифатан истори.
- 1906 — дуьххьара хичудоьссира Ингалсан хӀордкема «Дредноут» («Кхерамбоцарг»).
- 1920 — Пуцкехь дӀайаьхьира церемони Польшин хӀордаца мах бар (сурт тӀехь).
- 1940 — дуьххьара экранаш тӀе йаьлла мультипликацин сериера «Том а, Джерри а» мультфильм.
- 1945 — хин бухахула лела С-13 кемано бухадахийтина немцойн 3000 пассажир тӀехь волу транспортан кема «Генерал фон Штойбен».
- 1962 — америкин пилот Пауэрс Фрэнсис Гэри хийцина советийн талламхочуьнца Рудольфа Абелца.
- 1997 — IBM Deep Blue суперкомпьютеро дуьххьара иэшийна Каспаров Гарри.
- 2009 — дуьххьара хааделла Дуьненан орбитин тӀехь адамо йина спутникаш вовшехкхетар.