Ков:Литература/Чудалор
Литература (лат. lit(t)eratura, ма-дарра — йаздинарг, lit(t)era — элп) — исбаьхьаллин коьртачех цхьа кеп; шуьйрачу маьӀнехь муьлххачу а йозанийн вовшахкхетар. Термин лелош йу йозанца йазйина йолу произведенеш, шайн йукъараллин маьӀна долу, къастош. Иштта «литература» дашо къастайо адамийн кхоллараллин произведенеш, шайца билгалйеш адамийн истори йолу. Билггалчу кепехь «литературица» къастайо йозанан произведенеш, ша-тайпа йоза. Литературин дуккха а кепаш ю, шайца цхьаьна Iилманан литература, публицистикин, эпистолярни, исбаьхьаллин, иштта кхидӀа а. Литература талларехь болх беш йу филологин а, литературалелоран а дисциплинаш. |