Конев, Анатолий Константинович
Ко́нев Анато́лий Константи́нович (1921 шеран 10 январехь, Москохахь — 1965 шеран 9 ноябрехь, Москохахь) — советийн баскетболхо. Левзина центровойн позицехь.
Конев Анатолий | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
оьрс. Анатолий Константинович Конев | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | Центровой | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 198 | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла | ССРС | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1921 шеран 10 январь | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Москох, РСФСР | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь: | 1965 шеран 9 ноябрь (44 шо) | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина меттиг | Москох, ССРС | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
Кхузза Европин чемпион, 1952 шеран Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхо. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1948).
Биографи
бӀаьра нисйанКлубан
бӀаьра нисйанЛовза волавелла Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабалале москохара «Буревестник» командехь[1]. 1944 шарахь дехьавелира москохан «Динамо», хьалхарчу шарахь командица 2-гӀа меттиг йаьккхира ССРС чемпионатехь[2]. Москохан гулйина командин йукъахь шозза, 1945 а, 1947 а шерашкахь гӀаланийн матчийн толамхо хилира[3]. 1948 шарахь Советийн Союзан чемпион хилира[4], оцу шарахь Коневн йелира спортан хьакъ долу говзанча[5] цӀе.
1951 шарахь дуьйна — ВВС МВО баскетболхо[6], 1952 шарахь командица йаьккхира ССРС чемпионат[4]. 1953 шарахь дехьавелира ЦДСА, «эскархошна» йукъахь кхузза хьалхий-тӀаьхьий хилира ССРС чемпионатан детин совгӀатхо[2], ткъа 1955 шарахь толамхо хилира ССРС уггаре чӀогӀа командийн къовсамашкахь[7]. 1956 шарахь хилира ССРС къаьмнийн Спартакиадин детин совгӀатхо Москохан гулйина командин йукъахь.
Гулйина командин
бӀаьра нисйанССРС гулйина командехь Коневс дакъа лецира советийн спортхошна хьалхарчу 1947 шеран Европин чемпионатехь, иза командо шеек йоцуш схьайаьккхира[8]. На турнире сыграл 5 матчей, набрал 38 очков[9]. Цул тӀаьхьарчу, иштта толам баьккхинчу 1951 шеран Европин чемпионатехь Коневс чукхоьссира 84 очко 8 матчехь, йуккъерачу гайтамца 10,5 очко ловзарехь, хилира 4-гӀа гулйина командехь[10]. 1952 шеран Олимпийн ловзаршкахь левзира 8 матчехь, кхоьссира 41 очко: эшначу финалехь АЦШ гулйина командина дуьхьала очкош ца йехира[11].
Ловзаран амал
бӀаьра нисйанДукхаха дерг ловзура центровойн позицехь, амма аьттонца ловзалора тӀелатарехь а, дуьхьалонехь а[12]. Дика ловзура турс кӀелахь, контртӀелатарна аьтту бора, йуккъера дистанцкра дика кхуссура буьрка[1]. Къовсамхочун чӀогӀа ловзархой ларлора[12].
Велла 1965 шарахь. Чим чохь болу урна дӀайоьллина Введенски кешнашкара колумбарехь.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Гомельский А. Я. Вечный экзамен. — М.: Физкультура и спорт, 1978. — С. 58—59.
- ↑ 1 2 Конев Анатолий Константинович // Баскетбол: Справочник / авт.-сост. З. А. Генкин, Е. Р. Яхонтов. — М.: Физкультура и спорт, 1983. — С. 196—197.
- ↑ Матчи городов // Баскетбол: Справочник / авт.-сост. З. А. Генкин, Е. Р. Яхонтов. — М.: Физкультура и спорт, 1983. — С. 135—136.
- ↑ 1 2 Чемпионат СССР // Баскетбол: Справочник / авт.-сост. З. А. Генкин, Е. Р. Яхонтов. — М.: Физкультура и спорт, 1983. — С. 124—125.
- ↑ 1952 — год дебюта // Баскетбол олимпийский / авт.-сост. Л. Федоров, Е. Цирлин. — М.: Московская правда, 1980. — С. 11—14.
- ↑ Баскетбол // Динамо. Энциклопедия / Составители Черневич Г.Л. и Школьников Е.А.. — М.: Терра-Спорт, 2002. — С. 19.
- ↑ Соревнования сильнейших к-д СССР // Баскетбол: Справочник / авт.-сост. З. А. Генкин, Е. Р. Яхонтов. — М.: Физкультура и спорт, 1983. — С. 135.
- ↑ Федотов А. 50 лет, 1 месяц и 16 дней тому назад // Спорт-Экспресс : Спецвыпуск. Июнь '97. — 1997. — № 6. — С. 6.
- ↑ Anatoly Konev's profile — 1947 European Championship for Men (инг.). ARCHIVE.FIBA.COM. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 21 март. Архивйина 2013 шеран 21 мартехь
- ↑ Anatoly Konev's profile — 1951 European Championship for Men (инг.). ARCHIVE.FIBA.COM. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 21 март. Архивйина 2013 шеран 21 мартехь
- ↑ Anatolij Konev's profile — 1952 Olympic Games (инг.). ARCHIVE.FIBA.COM. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 21 март. Архивйина 2013 шеран 21 мартехь
- ↑ 1 2 Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуgomeljskij2
тIетовжаран текст йазйина йац
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Анатолий Конев на портале «Спортивная страна»
- Anatoly Konyev — Olympic medals and stats(ингалс.)
- Анатолий Конев — олимпийн статистика сайт тӀехь Sports-Reference.com(ингалс.)