ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

Коьчалниг дожар (лат. casus instrumentalis, оьрс. творительный падеж) цхьадолу меттанашкахь инструменс оли билгал докха хӀар дожар. ЦӀердешан коьчалниг дожаро гойту объектас кхечу хӀуманашна тӀеӀаткъам бар йа цхьа билггала дар. Коьчалниг дожаро жоп ло «стенца?» йа «хьанца?».

Нохчийн маттахь коьчалниг дожаро - дийриг хӀун коьчалца (коьчалшца), йа хаьнца уьйрахь кхочушдо, гойту[1].

Коьчалниг дожаро - «стенца?» йа «хьанца?» хаттарашна жоп ло[2].

Масала:

  • КӀанта латта охку белаца. (окху стенца?)
  • Шегарчу гӀиллакхца нехан дог оьцу Вахас. (дог оьцу стенца?)
  • Гилани вешица хьуьнха вахара. (вахара хьанца?)
  • Хьо гӀала вахари цаьрца? (гӀала вахар хьанца?)
  • Церан цицигас гаьргало леладо тхан жӀаьлица. ( гаьргало леладо стенца?)

Литература

бӀаьра нисйан
  1. .
  2. Infourok Ц1ердош а,билгалдош а .Карладаккхар. 4 кл. Инфоурок. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 6 июль.