Кривбасс (футболан клуб)

«Кривба́сс» (укр. «Кривбас») — украинийн Кривой Роган футболан клуб. 2021/22 шарахь ловзуш йу Украинин чемпионатан хьалхара лигехь[1].

Украинин байракх Кривбасс
Логотип
Йуьззина
цӀе
Футболан клуб «Кривбасс» (Кривой Рог)
Харц цӀераш КӀайн-цӀе-Ӏаьржа
Кхоьллина 1959
Стадион «Ламанхо»
Чухоам 2500
Президент Украинин байракх Константин Караманиц
Ген. директор Украинин байракх Владимир Баенко
Коьрта тренер Украинин байракх Александр Бабич
Капитан Украинин байракх Владимир Заименко
Сайт fckryvbas.com
Къовсамаш Украинин хьалхара лига
2020/21 Лакхара дивизионе йалар ШолгӀа лигехь 2-гӀа меттиг («Б» тоба)
Форма
Коьрта
форма
Форма
ХьошалгӀахь
форма

Истори нисйе бӀаьра

Команда санна ловза йолайелира 1959 шарахь «Кривой Рог гӀалин команда». Цул хьалха левзина йезархойн къийсамашкахь.[2]

Украинин йерриг чемпионаташ (2013 шо кхаччалц), дуьххьарлерниг йоцург, дӀайаьхьира Лакхара лигехь. 2000 шарахь левзира Украинин кедан финалехь. 1999 а, 2000 а шерашкахь хилира чемпионатан борзанан совгӀатхо.

ЦӀераш:

  • 1949—1952 — «Спартак»;
  • 1959 — Кривой Рог гӀалин команда;
  • 1960—1962 — «Авангард»;
  • 1962—1965 — «Ламанхо»;
  • 1966 — «Кривбасс».

«Кривбасс» левзина Украинин чемпионатан лакхара лигехь 1992/93 шарахь дуьйна. Клубан уггаре аьтто хилла[3] лара мегар ду 1998/99 а, 1999/2000 а шераш (чемпионатехь кхоалгӀа меттиг а, УЕФА кеде меттиг йаккхар а). Цул сов, 1999/00 шарахь «Кривбасс» Украинин кедан финалхо а хилира.

 
Клубан эмблема 2013 шо кхачале

2006/07 шо долалуш шеко йара командо Украинин чемпионатехь дакъа лацарх. «Кривбассан» финансийн хьал чолхе дара, лакхар лигехь ловза йукъадилла оьшу ахча дацара. ПФЛ бюрос сацам бира команда Хьалхара лиге охьайаккха, амма тӀаьххьара финансийн агӀо нисйира, клуб лакхара лиге чукховдийра.

2013 шеран майн чаккхенгахь «Кривбассан» администрацис УПЛ дирекцега хаийтира, клубан финансаш совцайарна[4] церан дийзира премьер-лигин йукъарайала. Йукъарайолуш команда турниран таблицехь йалхалгӀа меттигехь йара[5]. 2013 шеран июнехь клубан профессионалан статусан лицензи дӀайаьккхира, хӀунда аьлча командин футболисташна а, белхалошна а хьалха клубан $4 млн декхар дара[6]. Бакроталлин процедура йолийра[7].

2013 шеран декабрехь «Кривбассо» 2014/15 шарахь дуьйна ШолгӀа лигехь дакъа лаца кехаташ чуделла[8], амма тӀаьхьа къовсамашка дӀа ца йазйелла.

2015 шеран августехь дуьйна Днепропетровскан областан чемпионатан Суперлигехь ловза йолайелира ФК «Кривбасс», шолгӀа гуоне кехаташ чуделла[9]. Юридически агӀора клуб когаметта йацара ДЖЙ «ФК Кривбассан», амма фактехь цара лорура «Кривбасс» шайн хьалхарниг. Клубан цӀера стадион йара «Спартак»[10]. 2015 шарахь дуьйна ЙФК «Кривбассо» дакъа лоцура йезархойн къийсамашкахь, 2020/21 шарахь дакъа лецира Днепропетровскан областан чемпионатан Суперлигин а, Хьалхара лигин турнирийн жеребьёвкехь, Хьалхара лигин клубо санна[1], амма турнирехь дакъа ца лецира клуб йуха денйеш хиларна.

 
ФК «Кривбассан» хӀоттам 2011 шарахь

2020 шарахь Украинин президенто Зеленский Владимира халкъан депутатан Корявченков Юрийна тӀедиллира команда денйеш болх бар[11]. 2020 шеран аьхка кхайкхийра, клуб денйийр йу Кривой Роган «Горнякан» базин тӀехь[12]. Керла команда йира Днепропетровскан областан чемпионатехь ловзу йезархойн «Кривбасс», «Горнякца» цхьаьнатоьхна, цуо тӀаьхьарчун меттиг дӀалецира ШолгӀа лигехь. Президент хилира «Горнякан» экс-президент а, долахо а волу Караманиц Константин, иштта «Горняк» йукъара керла йина клубе дехьавелира коьрта тренер Приходько Геннадий шен штабаца, берриг ловзархой а[13]. Йезархойн «Кривбассан» коьрта тренер а, долахо а волу Мазур Сергей (иза а вара «Кривбассан» брендан долахо) вице-президентан дарж дӀалецира[14].

Тренерийн штаб нисйе бӀаьра

Жимахойн команда нисйе бӀаьра

Коьрта хӀоттам нисйе бӀаьра

2022 шеран 11 мартан хьолехь[15]

Меттиг ЦӀе Вина шо
41   Кев Роман Лёпка 1997
23   Кев Богдан Сарнавский 1995
31   Кев Дмитрий Чернявский 2004
73   Турс Денис Балан 1993
14   Турс Глеб Бухал 1995
4   Турс Артем Гордиенко 1991
3   Турс Владимир Заименко ( ) 1997
13   Турс Иван Зотько 1996
25   Турс Драган Ловрич 1996
50   Турс Дмитрий Семёнов 1999
20   Турс Дмитрий Фатеев 1994
30   АТ Вагнер Гонсалвес 1996
99   АТ Милян Говедарица 1994
18   АТ Александр Горват 1995
Меттиг ЦӀе Вина шо
77   АТ Алексей Збунь 1997
17   АТ Назар Малиновский 1998
22   АТ Андрей Мостовой 1988
91   АТ Даниил Полонский 2001
6   АТ Клим Приходько 2000
5   АТ Александр Пятов 1996
2   АТ Вячеслав Рябов 1989
11   АТ Никита Татарков 1995
8   АТ Игорь Яровой 1996
45   АТ Артем Щедрый 1992
39   ТӀел Денис Васин 1989
27   ТӀел Роман Дебелко 1993
16   ТӀел Кристиан Илич 1996

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 Состоялась жеребьевка Суперлиги и Первой лиги сезона 2020/2021 (укр.). Ассоциация футбола Денпропетровской области (2020 шеран 3 август). ТӀекхочу дата: 2020 шеран 20 август.
  2. https://ikryvorizhets.com/uk/eternal-istoriya-fk-kryvbas
  3. 10 лучших команд, так и не ставших чемпионами Украины. Окончание
  4. Руководство «Кривбасса» объявило о прекращении финансирования клуба
  5. Игры с участием «Кривбасса» официально отменены.
  6. Лившиц: «Кривбасс» лишили статуса профессиональной команды.
  7. «Кривбасс» инициировал процедуру банкротства.
  8. «Кривбасс» подал документы на участие во второй лиге в сезоне 2014/15.
  9. https://1kr.ua/news-22678.html. Горячие новости — В Кривом Роге состоялась официальная презентация ФК «Кривбасс». ТӀекхочу дата: 2015 шеран 30 сентябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 26 сентябрехь
  10. vk.com/fc_krivbass. Горячие новости — Дочекались. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 30 сентябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 1 октябрехь
  11. «Юзик» по поручению Зеленского будет восстанавливать ФК «Кривбасс»
  12. «Горняк» согласился предоставить базу и все необходимое для возрождения Кривбасса
  13. Константин Караманиц: Нынешний Кривбасс — это новое лицо, но с душой того старого клуба
  14. Вице-президент «Кривбасса»: «Готов был отдать клуб серьёзному инвестору. Бог мои молитвы услышал, и Зеленский дал указание его возродить»
  15. Заявка клуба на сайте ПФЛУ Архивйина 2021-10-26 — Wayback Machine

Литература нисйе бӀаьра

  • Алакин Е., Гнатюк В. Футбол 92-93. Календарь-справочник. Кривой Рог, 1993.
  • Азаркин. С. Этот неизвестный известный Кривбасс. — Кривой Рог, 2008.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра