Кузнецова, Анна Юрьевна
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Кузнецо́ва А́нна Ю́рьевна (йинчу хенахь Була́ева; йина 1982 шеран 3 январехь, Пензехь, РСФСР, ССРС) — россий пачхьалкхан а, йукъараллин а гӀуллакххо, бакъо ларйийриг. 2016 шеран 9 сентябрехь дуьйна Российн Федерацин Президент волчура берийн бакъонийн векал[2]. Российн Федерацин Бакъйолу пачхьалкхан 2 классан хьехамча[3].
Кузнецова Анна Юрьевна | ||||
---|---|---|---|---|
оьрс. А́нна Ю́рьевна Кузнецо́ва | ||||
|
||||
Президент | Путин Владимир | |||
Хьалха хилларг | Астахов Павел | |||
Дин | керста | |||
Йина терахь | 1982 шеран 3 январь (42 шо) | |||
Йина меттиг | Пенза, РСФСР, ССРС | |||
Йича тиллина цӀе | оьрс. Анна Юрьевна Булаева | |||
Да | Булаев Юрий | |||
Нана | Булаева Татьяна | |||
Майра | Кузнецов Алексей | |||
Бераш | Мария, Дарья, Иван, Николай, Тимофей, Лев | |||
Парти | Йукъарароссийн халкъан фронт | |||
Дешар | ППХЬИ В. Г. Белинскийн цӀарах | |||
ГӀуллакхалла | йукъараллин гӀуллакххо, бакъоларйархо, политик | |||
Динлелор | православи[1] | |||
СовгӀаташ | ||||
Сайт | duma.gov.ru | |||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Биографи
бӀаьра нисйанЙина 1982 шеран 3 январехь Пензехь. Да — гӀишлошйархо, нана — инженер[4]. Ваша а ву. 1997 шо кхаччалц дийшира йуккъерачу йукъарадешаран № 72 йолчу ишколехь Пензехь. 1998—1999 шерашкахь дийшира Хьехархойн № 3 йолчу лицейхь Пензехь. 2003 шарахь цӀиен дипломца чекйаьккхира Пензин пачхьалкхан университетан Хьехархойн В. Г. Белинскийн цӀарах институт «хьехархо-психолог» говзаллийца[5].
Йукъараллин гӀуллакх долийра волонтёран тӀийра — областан берийн дарбанцӀачохь дӀатесна берийн Ӏуналла дора.
2008—2010 шерашкахь кхоьллира йукъараллин вовшахтохар «Благовест» (председатель вара цуьнан майра[1]).
2011 шарахь кхоьллина, коьрте хӀоьттира «Покров» фондан, цуо гӀо дора дукха бераш долу а, таро йоцу а доьзалшна. Пензин областехь фондо таро йира демографин «Дахар — сийлахь совгӀат» цӀе йолу комплексан программа кхочушйан, цигахь коьрта агӀо йара доьзалхочух болу зударшка бераш дӀа ца дахийтаран профилактика, ткъа кхин а ламастан доьзалийн мехаллаш кхайкхор. Оццу шарахь Йерригроссийн кегийрхойн «Сан харжам — дахар а, могушалла а» цӀе йолу социалан проектийн фестиваль-къовсаман инициатор хилира, цуьнан Ӏалашо кхайкхийра доьзалийн мехаллаш кхоллар а, Ӏалашдар а, кегийрхошна йукъахь дахаран могашаллин хьал кхиоран дика ойланаш практике йахар, ноналлин гӀо лацаран гӀуллакхаш тодар, уггаре аьтту болу кхиоран хьесапаш даржор.
2014 шарахь Кузнецова Анна йукъайахара Йерригроссийн халкъан фронтан (цул тӀаьхьа «Покровн» сихха пачхьалкхо йелира грант 600 эзар сом, дахаран чолхечу хьолехь, берашца болу наной тӀеэцаран стационарца Ноналла ларйаран центр), ткъа кхин а шо даьлча Пензин кхочушдаран комитетан коьрте хӀоьттира[6]. Кузнецовас аьтту бира бер ден цӀеношна а, бер дан гӀо даран системашна а таллам бан. Шен коьрта Ӏалашонаш билгалйехира заьӀапхоойн бакъонаш ларйарехь (царна йукъахь бераш а), ткъа иштта уьш Ӏамо а, балха хӀитто а хьолаш кхоллар, лелаш долу законаш дохош заьӀпалла дӀадаккхаран дуьхьало чӀагӀйар. Оццу хенахь иза «Российн наной» вовшахтохаран регионан декъан коьрте хӀоьттира. Кузнецован кхин дӀа карьера кхио аьтту бира президентан администрацин куьйгалхочун хьалхарчу гӀовсо Володин Вячеслава[1].
2015 шарахь дуьйна — Доьзал ларбаран кхолламан ассоциацин председатель[7], Пензин областан губернатор волчура Зударийн кхеташонан декъашхо. Пензин областан Йукъараллин палатин конфессешна йукъара йукъаметтигийн а, эхь-бехкан маршо ларйеш гӀолацаран а комиссин председателан гӀоьнча.
2015 шеран бӀаьста коьрте хӀоьттира кхоьллинчу РФ Йукъараллин палатин Доьзал ларбаран кхолламан ассоциацин[8], сентябрехь йукъайахара социалан ориентаци йолу коммерцин боцу кхолламийн болх тобаран белхан тобанна. Оццу шарахь РФ президента Путин Владимира куьг йаздира омарна тӀехь, цуьнца, «Покров» фонд хилира президентан грантийн оператор 420 миллион соьман[1].
2016 шарахь дакъалецира «Йукъара Российн» праймеризехь, цуьнан жамӀашца декъахошна йукъахь хьалхара меттиг йаьккхира — 65,1 %, ткъа кхин а 66,1 % Лермонтовн цхьаьнамандатан харжаман гуонехь[8][9]. ПхоьалгӀа меттиг йаьккхира Йукъара Росси партин № 15 тобанехь, цунна хьалха вара Володин Вячеслав[1]. Оццу хенахь йац цхьанне а политикин партийн декъахо[10].
Российн президентан Путин Владимиран 2016 шеран 9 сентябран Омарца хӀоттийна Российн Федерацин Президент волчура берийн бакъонан векал[11].
РФ президент волчура социалан ориентаци йолу коммерцин боцу кхолламийн болх тобаран белхан тобанна йукъайахара[7].
2016 шеран октябрехь Российн Федерацин Федералан Гуламан Федерацин Советан председатела Матвиенко Валентинас кховдорца 2012—2017 шерашкахь берийн доьхьа Къоман стратегин гӀуллакхаш кхочушдаран Координацин советан йукъайахара[12].
Российн президентан Путин Владимиран 2019 шеран 15 январан Омарца 5 шеран йухахӀоттийна Российн Федерацин Президент волчура берийн бакъонийн Векалан дарже[13].
Берийн бакъонийн Векалан даржера гӀуллакхаш
бӀаьра нисйан2016 шо
бӀаьра нисйанКузнецовас гойту ша чӀогӀа а, йиллина а педофилин довхо. 2016 шеран сентябрехь Российн Федерацин прокуратуре йелира дехарца, берийн порнографи меттигна таллахьара Москохахь хӀоттийна Вежарийй ЛюмьергӀеран цӀарах суьртийн центран Стерджес Джокан «Эхь ца хеташ» цӀе йолу гайтам, цигахь гайтина дара дерзина кхиина берийн суьрташ[14]. 2016 шеран декабрехь кховдийра инициатива педофилийн реестр йан йеза аьлла, уьш дешаран меттигашка балха бита а ца беза аьлла[15].
2017 шо
бӀаьра нисйан2017 шеран январехь жигара дакъалецира гӀовгӀа а йолуш москохара доьзалера ДельгӀаьргара тӀеэцна бераш схьадохуш. Бахьана хилира берийн бешара кхиорхочо дина дӀахьедар, шена цхьаьна кӀентан дегӀа тӀехь Ӏаржйина меттигаш гина аьлла, ткъа иштта тӀаьхьа берашна АИВ карийра. ГӀуллакх теллинчул тӀаьхьа Зеленоград гӀалин социалан гӀолацаран центран психологийн комиссис сацам бира, кхин и бераш оцу доьзалехь биса йиш ца хилар, иза къобал дира Москохан Къинхьегаман а, социалан Ӏалашдаран а департаментан куьйгалхочо Петросян Владимира, цуо тӀаьххьара ДельгӀаьрца болу берийн Ӏуналлин барт бохоран сацам бира[16]. Кузнецован майра волчу, мозгӀара Алексейс хаийтира социалан машанашкахь, шена гина цхьацца материалаш ДельгӀеран зуламийн гӀуллакхера[17]. Оцу публикацина реза ца хилира цхьа бакъонаш ларйийриг, иза эргӀадйелира Векалан майрачун стенна гина зуламан гӀуллакхан къевлина материалаш аьлла[17].
Йемалйар а, гӀолацар а
бӀаьра нисйанЙукъараллин «Схьало педофил!» боламан координатор[18] а, «Кхерамаза бералла» боламан куьйгалхо а, Российн антипедофилийн кампанин жигархо а йолчу Левченко Аннас, 2017 шеран февралехь емал бира Берийн бакъонийн векалан Кузнецован болх:[19]
- Берийн бакъонийн Векал волчура Йукъараллин кхеташонан декъахо а Кузнецован тӀе ца кхачавалар шортта кехаташ ца йаздича;
- Кузнецовас сацийра берийн баланаш эцна сихха регионашка эхар. Масала, Нижни Новгородан областехь «Пеликан» цӀе йолу реабилитацин центрехь цхьаьна кхиархочо йуьйр йара-йацара аьлла къевсина важа йийна, Кузнецова ца йахара Нижни Новгороде, дӀахьедира, хьал шен тергонехь ду, тӀедиллина и гӀуллакх регионерачу Берийн бакъонийн векална;
- Векал волчура Йукъараллин кхеташонан белхан тобанаш болх беш йу Кузнецован хьехамашца «цхьацца хӀиламаш» а битий, кхолла «некъан карташ а, политикин дийцаре дохкурш а».
Дайн-нанойн йерригроссийн дуьхьалонан председатела Мамиконян Марияс 2017 шеран майхь йаздина диллинчу кехатехь гайтира Кузнецован белхаца доьзна цхьа могӀа реза доцу хӀуманаш[20].
Цхьа дакъа йукъархоша Кузнецовехьа гӀолецира, цунна дуьхьала берш емал беш. Йукъараллин «Уралан дайн-нанойн комитет» фондан президента Жабреев Евгенийс а, Екатеринбурган гӀалин дайн-нанойн комитетан председатела Неталиев Валерийс гӀолецира Кузнецован, Мамиконянан кехатан реза боцуш, цара лорура, шен Кузнецовага йаздина кехатехь иза «бух боцуш бехке ярехь арайаьлла массо а дозанал, кхин а нуьцкъаллин структурийн адресе берийн бакъонийн векал кхеташ йац хӀун ду малхбузен кепара „ювеналан юстици“ йаздеш»[21]. Кхин а Мамиконян емал йеш а, Кузнецовегахьа гӀодоккхуш йистхилира РХА «Регионаш Online» леррина корреспондентийн а, журналистийн а декъан координатор йолу Ширяева Ксения[22].
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- Хьовсархойн безаман совгӀат III Дуьненайукъара «Дахар дуьхьа — 2012» цӀе йолчу социалан технологийн фестивалехь[23].
- Иэсан мидал «Преподобни Радонежски Сергий вина 700 бӀешо кхачарна иэсан»[7].
- Оьрсийн православин килсан Пензин епархин «Беркате гӀуллакхашна» III тӀегӀанан некхан хьаьрк[24].
- Иэсан хьаьрк «Пенза гӀала кхиорехь гӀуллакхаш дарна» — дуккха а шерашкахь жамӀ долуш йукъараллин гӀуллакх дарна, доьзалан а, неналлин а, бераллин а институт гӀалахь кхиорехь доккха дакъа лацарна[25].
- Российн ТК мидал «ГӀолацарна» — Талламан комитетан тӀедехкина декхарш кхочуш деш гӀолацарна[26].
- Российн Дуьхьалонан Министраллин «Даймехкан турпалхойн иэсан» мидал (2019) — тӀеман истории, гуманитарин хаарш кхиорехь лакхара кхиамашна, ладаме йукъараллин историн-патриотин агӀора проекташ кхочушйарна[27].
- «Российн Федерацин Мохк ларбарехь къахьегарна» мидал (Российн Дуьхьалонан Министралла, 2019)[28].
Доьзал
бӀаьра нисйан2003 шарахь дуьйна марехь ю[1]. Майра — Кузнецов Алексей, мозгӀар, чекхйаьккхина синмехаллин семинари, шиъ лакхара дешар ду (техникин а, хьехархойн а), иштта техникин Ӏилманийн кандидат Ӏилманан тӀегӀа йу. Йалх бер: йоьӀрий — Мария а, Дарья а, кӀентий — Иван, Николай, Тимофей, Лев[29].
ТӀедогӀу рицкъ
бӀаьра нисйанРоссийн Федерацин пачхьалкхан даржаш дӀалаьцначеран декларацехь болчу хаамашца, 2018 шарахь Кузнецова Аннас даьккхина 6 507 198 сом. Цуьнан майрачун оццу муьран са хилла 1 436 158 сом. Кузнецова Аннин долахь ду лаьттан дакъа 800 кв.метр майданца, йеха цӀа 140,8 кв.метр майда йолуш[30].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 5 6 Гордеева К. Новый детский омбудсмен. Кто она? // «Meduza», 09.09.2016
- ↑ Новым детским омбудсменом стала Анна Кузнецова // ТАСС, 09.09.2016
- ↑ Указ Президента Российской Федерации от 07.03.2018 г. № 99 «О присвоении классных чинов государственной гражданской службы Российской Федерации федеральным государственным гражданским служащим Администрации Президента Российской Федерации»
- ↑ Арасланов А. Новый детский омбудсмен — безотказный человек и добрая любящая мама // Радио «Комсомольская правда», 09.09.2016
- ↑ Кузнецова Анна Юрьевна // Пензенский информационный портал, 13.09.2016
- ↑ Кузнецова, Анна Юрьевна Архивйина 2016-04-07 — Wayback Machine // Официальный сайт политической партии «Единая Россия»
- ↑ 1 2 3 Биография Анны Кузнецовой // РИА Новости, 03.01.2017
- ↑ 1 2 Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуtass
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑ * Кузнецова Анна Юрьевна Предварительное голосование ВПП Единая Россия 2016 Архивйина 2016-04-07 — Wayback Machine// Официальный сайт политической партии «Единая Россия»
- В Пензе озвучены имена победителей праймериз Архивйина 2017-09-06 — Wayback Machine // ГТРК "Пенза, "25.05.2016
- В ЕР определили порядок выдвижения кандидатов на выборы в Госдуму // РИА Новости, 04.06.2016
- ↑ Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуЯковлева
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑ Анна Кузнецова назначена Уполномоченным при Президенте по правам ребёнка // Президент.рф, 09.09.2016
- ↑ Состав участников совета. По состоянию на 31 октября 2016 года . Kremlin.ru. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 14 июнь.
- ↑ Указ Президента Российской Федерации № 12 от 15 января 2019 года // pravo.gov.ru, 15.01.2019
- ↑ Фотовыставка Стерджеса с голыми девочками возмутила детского омбудсмена // РИА Новости, 25.09.2016
- ↑ Детский омбудсмен Кузнецова предложила создать реестр педофилов // «NEWSru.com», 24.12.2016
- ↑
- Берг Е. (2017-01-13). "Органы опеки забрали из приёмной семьи 10 детей. И хотели забрать еще троих Отца подозревают в нанесении побоев ребенку". Meduza(оьр.). ТӀекхачаран де: 2017 ш. 22 январехь.
- Берг Е. (2017-01-19). "Органы опеки не собираются возвращать приемных детей в московскую семью. Заведены дела о халатности и побоях". Meduza(оьр.). ТӀекхачаран де: 2017 ш. 22 январехь.
- Лебедева Н. Не хочу к маме // Российская газета — Федеральный выпуск. — 19.01.2017. — № 7178 (12).
- Берг Е. (2017-01-20). "«Нам ничего не показали, не предъявили »: Интервью Светланы и Михаила Дель, у которых органы опеки отобрали десятерых опекаемых и усыновленных ими детей". Meduza(оьр.). ТӀекхачаран де: 2017 ш. 22 январехь.
- ↑ 1 2 Детского омбудсмена Кузнецову просят объяснить доступ её мужа к материалам следствия по делу семьи Дель // Росбалт, 30.01.2017
- ↑ Ульяна Скойбеда. Помощница Астахова Анна Левченко: Мой активист натравил на меня 29 педофилов! Комсомольская Правда (2015 шеран 14 август). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 29 август.
- ↑ Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуnew
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑ Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуmamik
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑ Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуnak
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑
- Ширяева К. Ход конем: Чем Анна Кузнецова помешала российским родителям? // РИА «Регионы Online», 01.06.2017
- Ширяева К. Как уральских общественников назвали иностранными агентами: эти и другие аргументы тех, кто стремится убрать Анну Кузнецову // РИА «Регионы Online», 02.06.2017
- ↑ Кузнецова Анна Юрьевна
- ↑ Ахундова И. Р. Анна Кузнецова — «Многодетная семья должна стать элитой России» // Русский дом, № 11 ноябрь 2016
- ↑ Анну Кузнецову наградили «За заслуги в развитии города Пензы» . ИЦ Пензенская Правда. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 14 июнь.
- ↑ Петренко С. Л. Председатель СК России подписал соглашение о сотрудничестве с Уполномоченным по правам ребёнка. // Официальный сайт Следственного комитета Российской Федерации, 10.03.2017
- ↑ Анна Кузнецова вошла в состав главного штаба «Юнармии» Архивйина 2021-01-20 — Wayback Machine
- ↑ Глава российского военного ведомства вручил награды за взаимодействие с Минобороны / mil.ru, 22 ноября 2019
- ↑ Анна, её дети и детище
- ↑ Сведения о доходах основных должностных лиц Администрации Президента . Президент России. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 13 апрель.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйанБиография на сайте Уполномоченного при Президенте РФ по правам ребенка Архивйина 2021-06-03 — Wayback Machine