Кузнецова, Валентина Георгиевна
Кузнецова Валентина Георгиевна (йина 1949 8 февраль , Воскресенски, Башкирийн АССР) — XX - XXI бӀешерашкара советийн а, российн а, Башкортостанан а декоративан-прикладни говзаллин исбаьхьалча. Башкирийчоьнан хьакъ долу исбаьхьалча (1998). 1983 шарахь дуьйна РФ Исбаьхьалчин бертан декъашхо. Российн Исбаьхьаллин Академин декъашхо-корреспондент (2012).
Кузнецова Валентина Георгиевна | |
---|---|
Йина терахь | 1949 шеран 8 февраль (75 шо) |
Йина меттиг | Воскресенски Мелеузан кӀошт Республика Башкортостан |
Пачхьалкх | |
ГӀулаккхан тайпа | исбаьхьалча, скульптор, деятель изобразительного искусства, керамист |
Жанр | декоративно-прикладное искусство |
Дешар | Уфан говзаллийн доьшийлин исбаьхьаллин дакъа, Петарбухера И. Е Репинан цӀарах Ӏаламдилларан, скульптуран, архитектурин институтан говзаллийн теорин а, историн а факультет. |
Биографи
бӀаьра нисйанКузнецова Валентина Георгиевна йина 1949 шеран 8 февралехь Республика Башкортостанан Мелеузан кӀоштара Воскресенски эвлахь.
1968 шарахь чекхдаьккхира Уфан говзаллийн доьшийлан исбаьхьаллин дакъа, 1975 шарахь — Петарбухера И. Е Репинан цӀарах Ӏаламдилларан, скульптуран, архитектурин институтан говзаллийн теорин а, историн а факультет.
1968 шарахь дуьйна хьийхира берийн исбаьхьаллин ишколехь Стерлитамак гӀалахь, 1979—1988 шерашкахь — Уфара М. И. Калининан цӀаран оьздангаллин цӀийнан сурт дилларан говзаллин студин куьйгалхо. 2000 шарахь дуьйна йеха Москохахь, исбаьхьаллин студешкахь хьехархо болх беш йу.
Валентина Георгиевнас болх бо керамикица (сацкъар-латта, кхийра, фаянс), йо кхийра скульптураш, кхабанаш, хедарш, лелабо пенаш кечдаран белхаш.
Цуьнан белхаш ду Йоккхачу Пачхьалкхан исбаьхьаллин музей чохь, Воскресенскийн суьртийн галерейхь, «Мирас» а, «Урал» а галерейшкахь, Третьяковскийн галерейхь, Москохара Йерригроссийн декоративан-прикладни халкъан говзаллин музейхь, доларчу гуламашкахь.
Белхаш
бӀаьра нисйанЖима скульптуран агаран белхаш «Салима-апа йоьӀца» (1985); «Галина. Аьхке», (2003), «Уггаре дезаниг», (1997); «Ноналла. Лаьтташ йолу», (1999), «Сан да-нана», «Сан нана», «Автопротрет», «Аьхке», «Зударий-машарбийриш», «Пётр а, Февронья »[1].
Мифологин а, фантастикан а вастийн цикл: «Вила-паччахь-аьзни», «БӀаьсте-бере-аьзни», кхин а. Белхан сери «КӀиранден дахар».
Башкортостанан а, Российн а гӀаланашкахь йукъараллин гӀишлошна монументан-декоративан кхолламаш бо.
Гайтамаш
бӀаьра нисйанКузнецова Валентина Георгиевна — республикин, зонийн, регионийн, регионашна йукъара, йерригроссийн, йерригсоюзан, дозанал арахьара гайтамийн декъашхо йу 1977 шарахь дуьйна, берриг 200 гергга гайтамехь хилла.
- Йерригсоюзан кегийрхойн Сийлахь Октябран 60 шо кхачарна лерина гайтам (1977)
- Йерригроссийн «Сийлахь Октябран 60 шо кхачар» цӀе йолу гайтам (1977)
- Йерригсоюзан «Советийн Мехкан Къона гварди» цӀе йолу гайтам (1978)
- Йерригроссийн «Российн къона исбаьхьалчаш» цӀе йолу гайтам (1978)
- Зонан «Урал Социалистийн» цӀе йолу гайтам (1979)
- Йерригсоюзан къона исбаьхьачийн гайтам (1980)
- «Советийн Росси−6» гайтам (1980)
- Йерригроссийн «Хьоме махкахула» цӀе йолу гайтам (1981)
- Йерригроссийн дӀасалело «Хьоме махкахула» цӀе йолу гайтам (1982)
- «Советийн Росси−7» гайтам (1985)
- Зонан «Урал Социалистийн» цӀе йолу гайтам (1985)
- Йерригроссийн «Хьоме махкахула» цӀе йолу гайтам (1987), кхин а.
Долара гайтамаш хилла: Стерлитамакехь (1979, 1994), Уфахь (1992, 1996, 1997, 1998), Салаватехь (1993—1994), Москохахь (1994, 1996, 1997, 1998, 2001, 2006, 2007), Прагехь (1998), Екатеринбургехь (1999), Липецкехь (2005).
СовгӀаташ а, цӀераш а
бӀаьра нисйанБашкирийчоьнан хьакъ долу исбаьхьалча (1998).
Российн исбаьхьаллийн академин диплом (1998).
Российн исбаьхьаллийн академин детийн мидал (2007).
Билгалдахарш
бӀаьра нисйанЛитература
бӀаьра нисйанКаталог. Валентина Кузнецова. Автор вступительной статьи В. Мейланд, Москва, 2000 г. (с воспр.)
«Воронцово. Глина, вода, огонь.» Москва, 2006 г., стр.58-59, (с воспр.). Журнал «Мир музея». № 12. (232). Декабрь 2006 г. стр. 18, (с воспр.)
Каталог Всероссийской выставки декоративно-прикладного искусства «На радость вам», М. 2006 г., стр. 6, 13, 41. (с воспр.)
Буклет «Валентина Кузнецова» Москва, 2007 г.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Кузнецова Валентина Георгиевна . Башкирская энциклопедия. ГАУН РБ «Башкирская энциклопедия» (2013). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 25 апрель. Архивйина 2017-04-26 — Wayback Machine
- Ро Втоо «Союз Художников России» Республики Башкортостан
- Архивированная копия . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 19 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 23 июлехь Архивйина 2014-07-23 — Wayback Machine
- Самобытный авторский почерк Валентины Кузнецовой (к юбилею известного художника) // ОБЩЕСТВО | новости башинформ.рф
- 404: СТРАНИЦА НЕ НАЙДЕНА(ТӀе цакхочу хьажорг)
- КУЗНЕЦОВА Валентина Георгиевна Архивйина 2017-01-18 — Wayback Machine
- КУЗНЕЦОВА В. Г. | Официальный сайт детской художественной школы