Башкирийчоь

(Республика Башкортостан тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 6 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2023, 5 август).

Башкирийчоь (башк. Башҡортостан Республикаһы, йоца цӀерш: Башкортоста́н, Башки́ри[3][4], кхин лелош йу аббревиатура РБ) — Российн субъект, республика (пачхьалкх)[5][6]. Ийдалйистан федералан гуо, Уралан экономикин кӀоштан дакъа. Коьрта гӀала — Уфа.

Республика (пачхьалкх)
Башкирийчоь
башк. Башҡортостан Республикаhы
оьрс. Республика Башкортостан
Байракх[d] ХӀост[d]
Байракх[d] ХӀост[d]
Гимн Башкортостана
54°28′00″ къ. ш. 56°16′00″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Адм. центр Уфа
Корта Андрей Геннадьевич Назаров
Истори а, географи а
Кхоллар 1990 шеран 11 октябрь
Латта
  • 143 600 км²
Локхалла 214 метр
Сахьтан аса YEKT, UTC+5:00, Ази/Екатеринбург[2]
Бахархой
Бахархой
  • 4 064 361 стаг (2024)
Идентификаторан терахьаш
Код ISO 3166-2 RU-BA
Телефонан код 347
Официалан сайт(оьр.)
Башкирийчоь картин тӀехь
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Кхоьллина 1917 шеран 15 ноябрехь [28 ноябрехь] къоман-территорин автономи Башкурдистан аьлла, 1919 шеран 20 мартехь, центран Советийн Ӏедало Башкирийн Правительствоца биначу бартаца, цӀе йара Башкирийн АССР[7] цул совнах таханлерчу Россехь дуьххьара къоман автономин республика йу. 1990 шеран 11 октябрехь дуьйна Башкирийн Советийн Социалистийн Республика — Башкортостан йара, 1992 шеран 25 февралехь дуьйна Республика Башкортостан аьлла цӀе йу. Российн республикашна йуккъахь бахархойн барамца хьалхарчу меттигехь йу.

Башкирийчоь цӀе йолу историко-географин мехкан дакъа ду. Дозанаш ду Пермийн мехкаца, Свердловскан а, Челябинскан а, Оренбурган а областашца, ГӀезалойчоьца а, Удмуртица а.

Схьайаьлла башкир — башкорт (башк. башҡорт) этнонима. Нохчийн матте йаьккхича «баш» — корта, «кхыр» — хадориг, ма-дарра гочдича хуьлу «Корта боккхург».

Дуьххьара хьахайо меттиг Башгурд кепехь ФазлаллахӀ Рашид-ад-Динан «Огуз-наме» белхан тӀехь VIII бӀешарахь[8]. Башгирдаш, башгирд, Баскарди, Башгирди цӀераш йу массо а Ӏарбойн-персийн а, малхбузан а йуккъерчу бӀешерашкарчу хьосташкахь[9].

XVI—XVII бӀешерашкахь оьрсийн хьосташкахь башкираш беха мохк билгалбаьккхина Уфан уезд йа Башкири[10] аьлла. Дуьхьанца цӀе лелайора Башкирь, Башкирди, Башкирийн провинци кепехь.

Республикин Конституцица, Башкортостан а, Башкортостан Республика а цхьабосса йу[6].

Географин хӀоттам

бӀаьра нисйан

Башкирийчоь йу Къилба Уралан малхбузен басешкахь а, Уралан кӀажошкахь а. Республикера уггар лекха лам — Ямантау (1640 метр). Региона къилбаседера къилбеха йохалла 550 км, ткъа малхбузера малхбалехьа — 430 км.

Геологин хӀоттамца регионехь билгалйолу кхоъ коьрта область: Малхбузан, Къилбен, Ломан Башкирийчоь.

Республикехь йу маьхкдаьтта (200 гергга хууш йолу меттигаш), Ӏаламан газ (тӀаьхьалон прогноз 300 млрд м³ сов), кӀора (10 гергга меттиг, балансан тӀаьхьало 0,5 млрд тонн кхаччалц), эчиган маьӀданаш (20 сов меттиг, балансан тӀаьхьало 100 млн тонн гергга), цӀеста (15 меттиг), даша, деши (50 сов меттиг), тӀулган туьха, дика цеманцан гӀирсаш долу меттигаш.

Гидрографи

бӀаьра нисйан

Башкирийчохь ду 12 000 сов охьадоьду эрк а, 2700 гергга Ӏам, куьйга бина Ӏам, хи латто меттигаш. Дукха ду латта бухара хин хьосташ. Даккхийчарех охьадоьду хиш: КӀайниг (Агидель) (1430 км) а, цуьнан гаьннаш Уфа (918 км), Дёма (535 км), Сим (239 км), Нугуш (235 км), Уршак (193 км), Ашкадар (165 км), Стерля (94 км). Дукхах долу Ӏаьмнаш республикин Уралан дехьарчу декъехь ду. Массо аьлчи санна Башкирчоьнан Урал дехьен Ӏаьмнаш ломан даккъашка терра озийна кепехь ду. Ӏаьмнаш чохь 40 кепара дукха чӀара бу. Регионан малхбузан декъера уггар даккхийчарех ду: Аслыкуль, майда 18,5 км², Кандрыкуль майда 12 км².

Ӏаламан зонаш, ораматаш, дийнаташ

бӀаьра нисйан

Хьаннаш дӀалоцу 40 % сов республикин мохк. Урал кӀожехь уьш ийна хьаннаш йу, малхбален ломан кӀелахь а, лаьмнийн кӀошташкахь а, Башкирийн Урал дехьахь а йу зезан-гӀеннийн, докхан хьаннаш а, таьӀана кӀохцалгийн тайга а. Урал кӀажошкахь йу хьун-аренаш докхан а, ножан а хьаннаш йолуш, тайп-тайпана бецийн а, огаран а аренаш, цул сов аренаш йаьржина Урал дехьарчу кӀошташкахь а. Латта, коьртаниг, сира хьаннийн, Ӏаьржа, байн кӀайн-сира ду.

Регионехь ду 77 тайпана декха дийнаташ, 300 гергга тайпана олхазарш, 42 тайпана чӀерий, 11 тайпана текхаргаш, 10 тайпана хи-лаьттан дийнаташ, 15 эз. Тайпана сагалматаш, 276 тайпана гезгаш, 70 тайпана веччалгаш, 120 тайпана моллюскаш, 140 тайпана искогбергаш, 1000 тайпана нӀаьний. Башкирийчоь Республикин ЦӀиен жайнин тӀехь йу — 18 тайпана декха дийнаташ, 49 тайпана олхазарш, тайпана чӀерий, 3 тайпана хи-лаьттан дийнаташ, 6 тайпана текхаргаш, 29 тайпана букъа даьӀахк йоцу дийнаташ, царна йукъахь 28 тайпана салматаш а[11].

Къоман паркаш а, заповедникаш а

бӀаьра нисйан

Кеп:Внешние медиафайлы Республикехь 3 заповедник (Башкирин заповедник, Къилба-Уралан заповедник, «Шульган-Таш» заповедник) йу, 1 биосферан резерват, 1 къоман парк («Башкирия»), 29 заказник, 5 Ӏаламан парк («Асылыкуль», «Зилим», «Иремель», «Кандрыкуль», «Мурадымовн Ӏин»), 183 Ӏаламан иэс, Ботаникан беш-институт, 7 дарбан-могашаллин меттиг а, курорт а (ломан-санаторин Ӏалашбен гуо «Зелёная роща», «Карагай», «Юматово» санаторийн а, «Красноусольский», «Янган-Тау», «Якты‑Куль», «Ассы» кхин курортийн а). Башха Ӏалашбен Ӏаламан мехкан майдан барам бу 1064,7 эз. га (6,9 % Башкирийчоьнан майданах)[12].

 
Луо диллина Иремель
 
Ямантаун кӀажошкара гуьйренан хазнаш.

Континентан климат йу. Температуран йуккъера шеран барам: +0,3°С лаьмнашкахь, +2,8°С акъарийн тӀехь. Январан температуран йуккъера барам: −18°С, июлан: +18°С.

Шеран маьлхан денойн барам 287 тӀиера Аксёновхь а, Белорецкехь а 261 кхаччалц Уфахь (уггар кӀезиг денош догӀу декабрехь а, январехь а, уггар дукха — аьхкен беттанашна).

ХӀаваан температуран йуккъера абсолютан минимум йу −41 °С, абсолютан максимум: +42 °С. ХӀаваан температура 0° дехьайолу бӀаьста 4-9 апрелехь, гурахь 24-29 октябрехь, ломан кӀошташкахь 10-11 апрелехь а, 17-21 октябрехь. ХӀаваан ллюс температура йолу денош 200—205, лаьмнашкахь 188—193. Йуккъера терахь тӀеххьарчу гӀуоролийн 21-30 майхь, уггар тӀаьхьара 6-9 июнехь, ткъа къилбаседа а, ломан а кӀошташкахь 25-30 июнехь. Йуккъера терахь хьалхарчу гӀуоролийн 10-19 сентябрь, уггар хьалхара 10-18 август.

Шарахь йогӀу 300…600 мм йочанаш, республикехь хаъал йоккха башхалла хаало йочанийн, церан барам боьзна бу уггар хьалха атмосферан циркуляцин амалех. Къаьсттина чӀогӀа бу Урал лаьмнийн Ӏаткъам. Уралан лаьмнийн малхбузан басешкахь йочанийн шеран барам кхочу 640…700 мм, малхбален басешкахь 300…500 мм сов ца болу, Башкирийчоьнан малхбузан нийсачу декъехь 400…500 мм. 60-70 % йочанаш хуьлу шеран йовхачу заманахь (апрелера октябре кхаччалц). Аьхкенан беттанашкахь хуьлу максимум де-буьйсан йочанийн барам (78…86 мм).

Уггар хьалхара луо гучудолу терахь 12-20 сентябрь, уггар хьалхара луо дилларан терахь 16-24 октябрь, лаьмнийн кӀошташкахь 5-12 октябрь, йуккъера луо дилларан терахь 3-13 ноябрь. Йуккъера луо деша терахь 14-24 апрель. Луо диллина денойн барам бу 153—165, лаьмнийн кӀошташкахь 171—177. Йуккъера а, уггар алсама а лайн кӀоргалла 36-55 см, максимум кӀоргалла кхачало 106—126 см. Лайн чкъоьран йуккъера луьсталла уггар дукха долчу хенахь 240—300 кг/м³.

Сахьтан аса

бӀаьра нисйан

Башкирийчоь Республика йу МСК+2 (екатеринбурган хан) сахьтан асанехь. Лелош йолу хан UTC хийцар ду +5:00.

Оцу хенан чохь регион йеха 1919 шарахь, РСФСР сахьтийн асанаш йукъайаьхначу заманахь дуьйна, республикин малхбузен дакъа 1956 шо кхаччалц кхечу асанехь дара.

 
Шульган-Таш хьехан чура тархаш тӀиера ширачу стеган сурташ (копеш)

Къилба Уралан махкахь шорта ораматаш, даьхни, тӀулган гӀирс хилла, цара маьӀ-маьӀнера нах тӀеозош хилла.

Таханлера Башкирийчоьнан уггар шира адам дахаран иэс Кхарабалыкты Ӏоман уллора Урта-Тубе (Мысан) меттамотт йу, иза йу хьалхара а, йуккъера а палеолитан муьрера. Мамонтийн, тӀергӀан мермаӀанийн, говрийн, кхин а дийнатийн сурташ ду Каповн хьех (Шульган-Таш) чура пенаш тӀехь, уьш йукъадогӀуйту тӀаьхьарчу палеолитан (36400 шо хьалха[13]).

Цхьана версица говр караӀамор доладелла историн Башкирийчоьнан махкахь, оцунан тешалла ду уггар шира говран даьӀахкаш хилар Муллино II а, Давлеканово II а меттамотташкахь, C-14-ца хӀоттийна хан вайн эрал VII—VI эз. шо хьалхе[14].

Мезолитан заманахь хаъал тӀекхета бахархой, цуьнан тешалла ду Башкирин Урал дехьера оцу муьрера тайп-тайпана археологин иэсаш. Неолитан муьран амал гойту латта а, даьхни а лелоран экономике нах дехьабовларца[15].

Вайн эрал хьалхара II эзарна йуккъера I эзар шераш доладаллалц болчу муьрехь (борзанан мур), болало Къилба Урал жигара караерзорца, кхуза абашевн оьздангаллера тайпанаш дахкарца доьзна ду иза. Абашевхой борза лелоран а, цунах белхан гӀирс баран а лакхарчу тӀегӀанехь хилла.

Хьалхара истори

бӀаьра нисйан
 
Тура-ханан къуб, XIV бӀешо

Меттиг Башгурд кепара дуьххьарлера хьахадар ду ФазлаллахӀ Рашид-ад-динан VIII бӀешерера «Огуз-наме» балхахь[8].

Башгирдаш, башгирд, Баскарди, Башгирди цӀераш йевзаш хилла массанхьа а Ӏаьрбойн-персийн йуккъерчу бӀешерийн хьосташкара[9]. Башкирин махках, цуьнан халкъах, гӀиллакхех хаамаш битина IX—XIII бӀешерашкахь Ӏарбойн географаш Ахьмад Ибн Фадлана а, ал-Балхис а, италин мозгӀаро Карпини Планос а, голландхочо Гильом де Рубрука. Халкъан башкорт цӀе дуьххьала хаало Саллам Тарджеманан (IX бӀешеран хьалхара дакъа) белхашкахь. Ибн Рустес билгалдаьккхина, башкираш — «халкъ шен лаамера ду, Ийдал, Кама, Тобол, Яик лакхен йукъара Урал дукъан шине агӀора мохк лоцу». Ткъа географа Идрисис XII бӀешарахь йаздина башкирийн шина махках лаьцна «чоьхьара а, арахьара а», хьахийна башкирийн гӀаланаш Немжан, Гурхан, Караки, Касра, Масра[16]. 1469 шеран Лаврентьевн шераш йаздарехь хьахадо башкирийн латташ.

X—XIII бӀешерашкахь малхбузера башкираш Ийдалан Булгарин йукъабогӀура.

1220 - 1234 шерашкахь башкираш цахеддаш тӀемаш бира монголашца, боккъал а, сецийра монголийн малхбузе тӀелатар. Монголийн-башкирийн тӀом лаьттира 14 шарахь. «Монголийн даггара дийцарехь» башкираш хьахийна гӀезалой-монголашна уггар чӀогӀа дуьхьало йинчеран декъехь[17].

XIII—XIV бӀешерашкахь башкираш охьахевшина мохк Дешин Орда йукъахь бара. Башкирашна олаллин бакъо ло, алчи а мехкан автономи монголин имперехь. Монголин пачхьалкхан бакъонийн иерархехь башкирийн хьал гӀоле дара[18].

Дешин Орда йоьхначул тӀехьа башкираш Ӏийра НогӀин ордахь, Казанан а, Сибрехан а ханаллашкахь[19].

XVI—XIX бӀешераш

бӀаьра нисйан
 
«Александр II а волуш башкирийн лечанашца таллар», Рубо Франц

1557 шарахь бинчу бартаца, «шайн лаамца» Башкирийчоьнан Европера дакъа Россех тохар хилла. Иза нисделла 1552 шарахь, Казанан ханалло Россий пачхьалкхах дӀакхетар дӀатеттина, пхи шо даьлча, иза бахьнехь Россис тӀемца схьа а йаьккхина йохийна. XVII бӀешеран йуккъехь, Сибрехан ханалла йоьхначул тӀехьа, факт хиллабашкираш беха дозан йисташкара мехкаш Российн йукъабахарх.

Башкирийн шежерешкахь масийттаза йалайо ойла башкираш Россех дӀатохаран машаран аматех лаьцна, тӀе паччахьан Ӏедалца хиллачу бартан йукъаметтигашха лаьцна а, кхин тӀе иза хийца йиш ца хилар цхьаьна агӀонан. Башкирашкахь йитира йуьззина бакъо шайн мехка доладан, оцу тӀехь шайн эскар латто, администраци хила, дин лело. Башкирийн а, Российн а башха йукъаметтиг хилар гайтина 1649 шеран «Килсан Гуламехь», цуо боху элашна, бахам схьабаккхарца кхерам тосуш цамагадо муха а башкирашкара латта схьадаккха. Иштта башкирийн бакъо йара туьха даккха. Мелла а тӀехьуо паччахьан Ӏедало бохийра барт (дайн латташ дӀалоьцуш, налогаш ойбуш, башкирийн Ӏедал хӀаллак деш, нуьцкъала керста беш, кхин а), тӀаккха масийттаза хилира Башкирийн гӀаттамаш. Башкирашна уггар халаниг бу 1735—1740 шерийн гӀаттам. И гӀаттам боьдуш дукхаха долу башкирийн дайх дисина латташ схьа а даьхна дӀаделира гӀуллакехь хиллачу мещерякашна[20]. Америкин историко А. С. Доннеллис чот йарца, башкирех велла хӀора виалгӀа стаг.[21][22]

XVI бӀешеран шолгӀачу декъехь дуьйна XIX бӀешо кхаччалц башкираш лаьцнера шуьйра мохк, къилба-малхбузера Ийдалан аьрру берд тӀиера Тоболан малхбалера лакхенашка кхаччалц, къилбаседера Сылва хи тӀиера, Ийдалан аьрру берд йукъа а лоцуш, къилбера Яикан (Уралехь) йуккъе кхаччалц, аьлчи а дара Йуккъера а, Къилба а Уралехь, Уралан кӀажошкахь, ткъа иштта ИйдалтӀиехь а, Уралан дехьехь а.

XVI—XVII бӀешерашкахь оьрсийн хьосташкахь башкираш беха мохк билгалбаккхара Уфан уезд йа Башкири олий[10]. Дуьхьанца лелайора Башкирь, Башкирди, Башкирин провинци цӀеран кеп.

1708 шарахь мохк йукъабахийтина Казанан губернин Уфиман воеводалла аьлла[23], иза 1719 шарахь хийцира Уфан провинци аьлла. 1774 шарахь Уфан провинци дехьайелира керла кхоьллинчу Оренбурган губерни.

10 (21) апрелехь 1798 омарца башкирийн махкара бахархой бина тӀеман-гӀуллакхан чкъоьрех (Башкирин эскар), царна тӀедиллина декхар Российн малхбален доза лардар дара[24]. 1731 шарахь кхазакхийн латташ Российн тӀетоьхначул тӀехьа Башкирийчоьнан историн мохк империн чоьхьарчех дукхкханнех цхьаъ хилира, башкираш дозалардаран гӀуллакхе кхайкхар ца ийшира.

1865 шарахь кхоьллина Уфан губерни Оренбурган губернех ши дакъа дина, иза лаьттара Уфан, Белебеевн, Бирскан, Златоустан, Мензелинан, Стерлитамакан уездех.

Башкирийн дошлойн полкаш тӀом бира Оьрсийн эскаран могӀаршкахь Мининан а, Пожарскин а ополченин йукъахь, дакъа лецира Москвох паргӀат йоккхуш полякийн интервентех 1612 шарахь, къаьсташ йара церан роль 1812 шеран Даймехкан тӀамехь.

 
Башкирийн АССР 50 шо кхачарна лерина поштан марка
 
Российн Банкан 10 соьман мехаллин иэсан нахарт (2007)

1917 шеран 15 ноябрехь [28 ноябрехь] шеран Башкирин областан шурос кхайкхира, ткъа Башкхурдистанан кхолларан гуламо чӀагӀйира къома-мехкан автономи Башкхурдистан[25][26][27][28], иза Россехара дуьххьара къома-мехкан автономи йу. 1917 шеран 16 ноябрехь [29 ноябрехь] шеран хилла кхел гӀарайаьккхира. Коьрта шахьар Оренбургехь йара, ткъа тӀаьхьа хӀинцалерчу Башкирийчоь Республикин Баймакан муниципалан кӀоштерчу Темясово йуртахь йара.

Башкхурдистанан мехкан автономи кхайкхича республикин дозанех долу хаттар хӀоьттира. Курултайс чӀагӀйира ши проект: «Жима Башкири» а, «Йоккха Башкири» а[29]. Ахьмад-Заки Валидис кховдийна кхоалгӀа проект а йара, иза хьоьжура уггар боккхачу мехкан кхолламе[30]. Гражданийн тӀом бахьнехь хьалхара проект бен кхочуш ца йалайелира. Башкхурдистанан автономин республика Жима Башкирин дозанашкахь кхоллайалар жамӀ дара.

1919 шеран 20 мартехь Москвохахь бартбаран куьг йаздира Центран Советан Ӏедало Башкирин Советийн Автономин Правительствоца. Оцу кехат тӀе куьг йаздарича, Советийн Россис дери дира къома-мехкан автономи, 1917 шарахь дуьйна йолуш хиларан[31]. Хиллачу бартаца кхоьллира Автономин Башкирин Советийн Республика (АБСР). Топоним Жима Башкири кхин дӀа а лелайора АБСР меттана. 1919 шеран 23 мартехь ШРЦКХК «Известия» («Хаамаш») газетехь бартан текстан зорба тоьхна. И де лору официалан республика кхоьллинарг.

1922 шеран 14 июнехь ШРЦКХК «Автономин Башкирийн Социалистийн Советийн Республикин дозанаш шордарехь» цӀе йолчу декретаца Жима Башкири хийцина Йоккха Башкирица, оцу хийцамо 87 % башкираш цхьанатоьхна. АБССР официалан коьрта шахьар хуьлу Уфа гӀала. Уфан губерни административан кеп дӀайолу Башкирин Республиках а кхетий. Топоним Йоккха Башкири лаьттира 1930 шарахь кантонно-волостан декъадалар йукъара даккхалц.

1925 шеран 27 мартехь тӀеэцна дуьххьарлера Башкирийн Автономин Социалистийн Республикин Конституци, 1937 шеран 23 июнехь— шолгӀаниг, ткъа 1978 шеран 30 майхь — кхоалгӀаниг.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болчу хенахь Башкирийн АССР дӀакхалхийна 100 сов промышленностан предприятеш, иттаннаш госпиталш, цхьа могӀа центран пачхьалкхан меженаш, 278 эзар мухажир[32]. ТӀеман заманахь республикин махкахь кечйина боккха барамехь тӀеман дакъош. Ладаме роль ловзийна промышленностан а, эскаран а маьхкдаьтта даккхаро, иза тӀом балале теллина дара. Регионан бахархоша финансашца доккха гӀолецира ЦӀиечу Эскаран, гулдира миллионашкахь соьмаш хӀаваан кеманаш а, танкаш а йан. Башкирийн АССР 280 вахархочун Советан Союзан Турпал цӀе йелла.

ТӀом чекхбаьллачу муьрехь БАССР кхоллало керла гӀаланаш (Салават, Кумертау), уьш хуьлу маьхкдаьттахимин а, машенашйаран, хӀаваакеманашдаран а центраш. Дуора керла цӀерпошт а, автомобилан а некъаш. 60—80-гӀий шерашкахь БАССР даккхийчу темпашца кхуьура промышленность, йуьртабахам, гӀишлошйар. 1980 шарахь Уфан бахархой цхьан миллионал сов болу.

1990 шеран 11 октябрехь республикин Лакхарчу Совето кхайкхийра пачхьалкхан суверенитетан деклараци[33][34]. Республикех Башкирин ССР ала долийра, тӀехьуо хӀинцалера Башкирийчоь Республика кхечира.

1992 шеран 31 мартехь Башкирийчоьна куьг йаздира Российн Федерацин пачхьалкхан Ӏедалан меженашний, цунна йукъахь йолу суверенан республикийн Ӏедалан меженашний йукъара бакъонаш дӀасайекъаран Федеративан барт кӀелахь а, Башкирийчоь Республикин а, Российн Федерацин а йукъаметтигаш бартан амалашца хилар гойту цунна Башкирийчоьнан Республикин цӀарах бинчу ТӀетохамна кӀелахь а.

1993 шарахь 24 декабрехь тӀеийцира Башкирийчоь Республикин Конституци, цуо чӀагӀдира Республикин Президентан дарж.

Пачхьалкхан хӀоттам

бӀаьра нисйан
 
Республикин ЦӀа

Башкирийчоь — Российн Федераци йукъахь республика (пачхьалкх) йу[6]. Пачхьалкхан меттанаш — башкирийн а, оьрсийн а бу.

Байракх

Башкирийчоьнан пачхьалкхан байракх чӀагӀйина 1992 шеран 25 февралехь.

ХӀост

Башкирийчоьнан пачхьалкхан хӀост тӀеэцна 1993 шеран 12 октябрехь.

Шатлакхан илли

Башкирийчоьна шатлакхан илли чӀагӀйина 1993 шеран 12 октябрехь.

Конституци

Конституци — Башкирийчоьнан коьрта закон. ТӀеэцна 1993 шеран 24 декабрехь.

Башкирийчоь Республикин Конституцин Суд

Башкирийчоь Республикин Конституцин Суд — конституцин тергаман суьдан меже йу, ша а, йозуш а йоцуш конституцин судлелоран гӀуллакхан гӀоьнца суьдан Ӏедал дӀакхоьхьуш йолу.

Корта
 
Хамитов Рустэм Закиевич, Башкирийчоь Республикин Корта

Регионан куьйгалхо ву, халкъо кхажтасарца хоржуш волу Башкирийчоьнан Корта. 2015 шеран 1 январь кхаччалц даржах Президент олура[35]. Башкирийчоь Республикин Корта Хамитов Рустэм[36] ву. Башкирийчоьнан хьалхара Президент — Рахимов Муртаза Губайдулович.

Пачхьалкхан Кхеташо — Башкирийчоь Республикин Кхурултай

Пачхьалкхан Кхеташо — Башкирийчоь Республикин Кхурултай — Башкирийчоьнан 110 депутатах лаьтташ йолу законашкхолларан меже (парламент) йу. Хоржу массара а кхаж тосуш.

Пачхьалкхан Кхеташон — Башкирийчоь Республикин Кхурултайн председатель ву Толкачёв Константин.

Правительство

Кхочушдаран Ӏедалан Лакхара меже Башкирийчоь Республикин Правительство йу. Башкирийчоь Республикин Правительствон корта Пачхьалкхан Кхеташонан — Башкирийчоь Республикин Кхурултайн пурбанца регионан коьрто хӀоттош волу председатель ву.

2015 шеран 26 ноябрехь дуьйна Башкирийчоь Республикин Премьер-министр ву Марданов Рустэм.

РФ Президент волчохь йолу Башкирийчоь Республикин Бакъоелла Вакилат

Россий Федерацин Президент волчохь йолу Башкирийчоь Республикин Бакъоелла Вакилат — Башкирийчоьнан пачхьалкхан регионан кхочушдаран Ӏедалан меже йу, шен болх дӀакхоьхьу Башкирийчоь Республикин Правительствон куьйгаллица.

РФ Пачхьалкхан думера Башкирийчоь Республикин векалш

2016 шеран 18 сентябран харжамийн жамӀашца ВорхӀалгӀа кхайкхаман Российн Федерацин Федералан гуламан Пачхьалкхан думехь Башкирийчоь Республикин векалш бу депутаташ: Хамитов Р. З., Рахматуллина З. Я., Качкаев П. Р., Баталова Р. А., Бикбаев И. З., Юмашева И. А., Марданшин Р. М., Изотов А. Н., Ишсарин Р. Р., Байгускаров З. З., Ганиев Ф. Г., Шайхутдинов Р. Г., Ющенко А. А., Сухарев И. К., Омаров Г. З.

РФ Федерацин Кхеташонера Башкирийчоь Республикин векалш

РФ Федерацин Кхеташонехь кхочушдаран Ӏедалера бара М. Г. Рахимов (1993 шарера), А. Р. Якубов (2001 шарера), Р. Г. Искужин (2004 шарера), Р. К. Искужин (2006 шарера), Р. И. Байдавлетов (2008 шарера), А. Р. Гаскаров (2010 шарера), А. М. Бондарук (2011 шарера), Л. С. Гумерова (2014 шарера); законашкхолларан Ӏедалера — А. Я. Копсов (1993 шарера), М. М. Ишмуратов (1996 шарера), М. А. Зайцев (1997 шарера), К. Б. Толкачёв (1999 шарера), И. В. Изместьев (2001 шарера), Р. Г. Искужин (2006 шарера), Р. Н. Зинуров (2013 шарера).

Административан-мехкан йекъайалар

бӀаьра нисйан

Башкирийчоь Республика административан-мехкан хӀоттаман гуранчохь йекъало административан-мехкан субъекташка: 8 республикин маьӀна долу гӀала, 1 ЗАТО, 54 кӀошт, шайна чу 12 кӀоштан маьӀна долу гӀала, 2 гӀалин кепара эвла (гӀкэ), 828 сельсовет. [37][38][39].

Муниципалан хӀоттаман гуранахь, республикин административан-мехкан субъектехь, 2016 шеран 1 январан дозанашкахь кхоьллина 895 муниципалан кхоллам, царна йукъахь: 9 гӀалин гуо, 54 муниципалан кӀошт, шайна чу 818 йуьртан меттиг йогӀуш, 14 ГӀалин меттиг.[40]

КӀошташ (муниципалан кӀошташ) Административан карта
  1. Абзелилован
  2. Альшееван
  3. Архангельскан
  4. Аскин
  5. Аургазин
  6. Баймакан
  7. Бакалинан
  8. Балтачеван
  9. Белебейн
  10. Белокатайн
  11. Белорецкан
  12. Бижбулякан
  13. Бирскан
  14. Благоваран
  15. Благовещенскан
  16. Буздякан
  17. Бураеван
  18. Бурзян
  1. Гафурийн
  2. Давлеканован
  3. Дуван
  4. Дюртюлин
  5. Ермекееван
  6. Зианчуран
  7. Зилаиран
  8. Иглин
  9. Илишан
  10. Ишимбайн
  11. Калтасин
  12. Караиделан
  13. Кармаскалин
  14. Кигин
  15. Краснокамскан
  16. Кугарчин
  17. Кушнаренкован
  18. Куюргазин
  1. Мелеузан
  2. Мечетлин
  3. Мишкин
  4. Миякин
  5. Нуриманован
  6. Салаватан
  7. Стерлибашеван
  8. Стерлитамакан
  9. Татышлин
  10. Туймазин
  11. Уфан
  12. Учалин
  13. Фёдоровкан
  14. Хайбуллин
  15. Чекмагушан
  16. Чишмин
  17. Шаран
  18. Янаулан
 
Башкирийчоьнан Республикин административан карта
Республикин маьӀна долу гӀаланаш а, ЗАТО (гӀалин гуонаш) а:
  1. гӀала Агидель;
  2. гӀала Кумертау;
  3. гӀала Нефтекамск;
  4. гӀала Октябрьский;
  5. гӀала Салават;
  6. гӀала Сибай;
  7. гӀала Стерлитамак;
  8. гӀала Уфа;
  9. ЗАТО гӀала Межгорье.

Российн Пачстаткоман терахьашца болу бахархойн барам [41] 4 066 972 ст. (2020). Бахархойн луьсталла — 28,45 ст./км2 (2017). ГӀалин бахархой — 61,94[1] % (2518972). 29.85 % беха Уфахь а, цунна тӀелетта йолчу Уфан муниципалан кӀоштехь а. Луьсталла кӀезиг йолуш йу Зилаиран (3 ст./км²), Белорецкан (3,7 ст./км²), Бурзян муниципалан кӀошташ (4 ст./км²). Йуьртан бахархойн уггар алсама луьсталла йу Уфн (37 ст./км²), Кармаскалин (30 ст./км²), Чишмин (29 ст./км²), Туймазин (27 ст./км²) муниципалан кӀошташкахь[42].

Башкирийчоьнан къоман хӀоттам 2010 шеран Шайолу Российн бахархой дӀайазбаран терхьашца: оьрсий — 36,1 %, башкираш — 29,5 %, гӀезалой — 25,4 %, чувашаш — 2,7 %, марийш — 2,6 %, украинаш — 1 %, кхин къаьмнаш — 2,7 %[43]. Шаверг регионехь вехарг 160 къоман векал ву[44].

Республикин 2015 шо билгалделира Ӏаламан бахархой тӀекхетарца (59 196 вина, 54 107 велла). Амма миграцин дӀабахар (56,9 эзар дӀабахнаш, 51,0 эзар тӀебаьхкинарш) бахьнехь шаболу бахархойн барам охьабаьлла 806 стаг йа 0,02 % 2014 шерца дуьстича[45].

Экономика

бӀаьра нисйан

Республикин экономика дукха отраслийн структура а йолуш, комплексехь кхиаран лакхара гайтамаш болуш а йу[46]. ТӀехьарчу шерашкахь Башкирийчоьнан аьтту белира экономикин хаъал диверсификаци йан[47]. Иштта, масала, 2009 шарахь пайдане маьӀданаш дахар регионан валови сурсатан структурехь йара 8,1 %[48], ткъа 2012 шарахь йара 2,9 %[49][50]. Коьрта специализаци хьалха санна кечдаран промышленность йу, хьалхарчу рогӀехь маьхкдаьттакечдар. РФ субъекташ йукъахь республика 1-чу меттигехь йу мехкдаьттакечдаран, бензин даран, дизелан дагорг даран, бежний лелоран, шура йаккхаран, моз даккхаран барамца[51][52].

2012 шарахь РВС барам 1 триллион соьмал совбаьлла[53]. 2015 шеран жамӀашца иза бара 1 трлн 421 млрд сом йа 349,9 эз. Бахархойн цхьаьна синна[54]. Кхиаран темпашца Башкирийчоь хьалхарчу пхеа регионашна йукъахь йу[55].

 
2013 шеран Башкирийчоьнан РВС структура

2015 шеран налогийн а, бюджете гулъечун а республикин барам хилира 266,3 миллиард сом. 146,7 млрд царех деара мехкан бюджете, федералан бюджете делларг хилира 119,6 млрд йа 45 % бюджете чудеанчу барамах[56].

2015 шарахь республике йина инвестицин барам хилира 316 миллиардов сом[57]. Башкирийчоьнан Правительствон Ӏалашонаш йукъахь хьалхарчу могӀехь ду 2019 шарахь РВС сегментехь инвестицийн дакъа 25 % кхачийтар[58].

2014 шеран жамӀашца Башкирийчоь йу Россехь хьалхарчу меттигехь са йолучу предприятешца[59]. Регионан 82,9 % предприятеш са йолуш йу. Пачхьалкхера йуккъера барам 68,42 %.

Республикин арахьара йохк-эцаран аьтту сальдо йу: 2013 шарахь 12,5 млрд доллар (экспорт: 13,7 млрд, импорт: 1,2 млрд)[60]. 2014 шеран жамӀашца Башкирийчоьна арахьара йохк-эцаран зӀенаш лелийра 104 сов дуьненара пачхьалкхашца[61].

 

2014 шарахь «Эксперт РА» цӀе йолу рейтинган агенталло Башкирийчоь лерина экономикин уггар кӀезиг кхерам болу регион[62]. 2014 шеран октябрехь Standard & Poor’s цӀе йолчу дуьненайукъара рейтинган агенталло чӀагӀйира Башкирийчоьнан кредитан рейтинг ВВВ тӀегӀанехь — прогноз цхьана эшшара йу[63]. Ликвидаллин чӀогӀа гайтамаш а, чӀогӀа лахар декхарш а, барамехь лакхара финансийн гайтамаш а билгалбохуш, S&P говзанчаша тӀаккха а йукъара ца долийта ВВВ рейтинг охьайала магар — прогноз гӀуо лору регионийн финансийн системана Россис гӀуо Ӏаткъам бар бахьана долуш, цигара Российн Федерацин суверенан рейтинг охьайала тардалар бахьнехь[64]. Кхолламан критерешца ша схьайаьккхина регионана пачхьалкхачул лакхара рейтинг хӀотто йиш йац.

Республикин коьрта гӀала Уфа, Forbes рейтингца Россехь бизнес йан уггар дикачарех йу[65].

Промышленность

бӀаьра нисйан

Йаккхийчех промышленностан центраш: Уфа, Стерлитамак, Ишимбай, Салават, Нефтекамск, Туймазы, Октябрьски, Белорецк. Амалехь лакхара концентраци кхоллараллин, ах гергга промышленностан сурсаташ до Уфахь.

Ладамечех промышленностан отраслаш — маьхкдаьттатодар (Башнефть-УНПЗ, Башнефть-Новойл, Башнефть-Уфанефтехим), хими, маьхкдаьттахими (Газпром нефтехим Салават, Уфаоргсинтез, Приютовн а, Туймазин а ГТЗ), маьхкдаьттадаккхар (ООО «Башнефть-Добыча»). Башкирийчоьнан маьхкдаьттатодаран комплекс йу Европехь уггар йоккхачех[66]. Кхиана йу машенашйар а, металл кечден а промышленносташ. Иштта йу дечиг кечден промышленность а, гӀишлошйаран гӀирс бар.

1917 шо кхаччалц Башкирийчоьнан хӀинцалера махкахь йара 100 гергга тайп-тайпана предприяти, ткъа бахамехь промышленностан дакъа 15 % дара.

1930-гӀа шерашкахь ССРС Халкъан комиссарийн Совето тӀеэцна «Башкирин АССР промышленность кхиоран хьокъехь» аьлла болу хӀоттам. Оцу шерашкахь биллина республикин маьхдаьттан промышленностан бух.

1932 шеран 16 майхь таханлера йоккхачу промышленностан Ишимбай гӀалан лаьтта тӀехь, дуьххьала Уралехь а, Ийдалйистехь а баьккхина «Ӏаьржа дешин» хьалхара тӀадам[67].

Маьхкдаьттан отрасль алсама хиларна 1990-гӀа шерашкахь хилла промыленностан йожар Башкирийчохь гуттар а кӀезиг хилира кхечу кечдаран промышленность йолчу регионел. Цуьнца цхьаьна маьхкдаьтта чекхдолуш хилар бахьнехь, иза даккхар цӀеххьана йухадаьлла 1980—2006 шерашкахь 39,2 млн тонн тӀиера 11,0 млн тонн кхаччалц[68].

Энергетика

бӀаьра нисйан
 
МЭС Тюпкильдын генераторш

Башкирийчоьнан экономика кхиаран тӀегӀа дукха хьолахь билгалйоккху электроэнергетикан (13 % промышленностан сурсат) хьолаца. Цуьнан бух бу йовхонан электростанцеш: Кармановскан ПКӀЭС, Уфан ЙЭЦ-1, ЙЭЦ-2, ЙЭЦ-3, ЙЭЦ-4 Уфахь, ЙЭЦ Стерлитамакехь, Салаватехь, Зауральскан ЙЭЦ Сибайхь, Кумертаун ЙЭЦ. Башкирин АЭС йар сацийра Чернобылан авари хилча.

Атоман энергетика кхиоран федералан программица (2005) тарло карладаккха Агидель гӀалахь Башкирин АЭС йан йолайар.

XX бӀешеран 80-гӀа шерашкахь Башкирехь меттигерчу предприятешкахь йора механ генераторш 30 киловатт ницкъаца йолу. Амма Советийн Союз йоьхначул тӀаьхьа дан долийнарг сацийра. Оцу хенахь хиллачу «Башкирэнерго» куьйгалхочун Абдурашитов Шамилас дийцарехь, республикин правительствон хила йеза терго хиллехьара , Башкирийчоь шен Ӏилманан базица тахана хила таро йара механ энергии йаккхарехь дуьненан лидер[69]: «И базар вайн хир йара, вай кхин а ах дуьнен латтора йара вайн станцеш, ткъа Башкири хир йара механ индустрин малхбален центр».

XXI бӀешо долалуш республикера альтернативан энергетика тӀехь-тӀехьа йухакхоллалуш йу[70]. Туймазин кӀоштан Тюпкильды йуьртан йисттехь йу зиеделла-экспериментан механ электростанци 2,2 МВт ницкъ болуш. 2018 шо кхаччалц къилба кӀошташкахь йан дагахь бу ворхӀ маьлхан электростанци цхьанатоьхча 59 МВт ницкъ болуш[71]. 2015 шеран октябрехь Хайбуллин кӀоштехь болхбан йолайелла хьалхара рагӀ Бурибаевн СЭС 10 МВт ницкъ болуш, иза хилира республикера дуьххьара промышленностан СЭС[72]. 2015 шеран январехь Северни йурт шаерг дехьайаьлла меха-маьлхан электростанцин тока тӀе, иштта иза а хилира республикера хьалхара нах беха пункт йуьззина автономин электроэнергин тӀейаьлла, карлайолу энергин хьостийн бух тӀехь[73].

ГӀишлошйар

бӀаьра нисйан

2009 шарахь республикехь йара 189 йоккха а, йуккъера а, 4511 жима предприяти гӀишлошйаран индустрера. Башкирийчоьнан гӀишлошйаран барам 2000 шарахь хилира 15,7 млрд сом, 2005 шарахь — 46,4 млрд сом, 2006 шарахь — 56,2 млрд сом, 2007 шарахь — 83,1 млрд сом, 2008 шарахь — 102,7 млрд сом, 2009 шарахь — 80,6 млрд сом[74]. 2014 шарахь гӀишлошйарехь Россехь коьртачехь цхьаъ йу, ткъа ИФГ хьалхарчу меттигехь йу[75].

Йуьртабахам

бӀаьра нисйан
 
Малхчубузуш маьлхахӀун арие. Ишимбайн кӀошт

Йалта лелоран а, даьхний лелоран агӀора йуьртабахам. Кхиадо кӀа, Ӏаьржа кӀа, сула, мукх (йалта) а, шекаран буракъ, маьлхан хӀу (техникин йалта). Республикехь кхиана ду жижиган-шуран даьхний лелор, жижиган-тӀаргӀан жа лелор, зӀакардаьхни лелор, говраш лелор, кхумыс даккхар, накхарш лелор. Шуьйра девза Россехь башкирийн моз.

2009 шо долалуш Башкирийчохь болхбеш бара йуьртабахаман сурсаташ деш болу 916 кхоллам, 4214 ахархойн (фермерийн) бахам, 588 эзар долара гӀоьнан бахам[76]. 2007 шарахь республикин йуьртабахамехь болхахь вара 285,6 эз. ст.

Йохк-эцар а, финансаш а

бӀаьра нисйан

Регионан махка тӀехь бу 78 кредитан кхоллам: 11 Башкирийчуьра бу, 67 филиалаш йу[77][78]. РФ Центран банкан мехкара меже йу Башкирийчоьнан Республикин Къоман банк, цунна йукъайогӀу 10 чотйаран-кассийн центр[77][78].

Туризм а, садаӀар а

бӀаьра нисйан
 
Санатори «Ассы»
 
Красный Ключ шовда — дуьненахь уггар даккхийчех карстан шовда ду
 
Аслыкуль Ӏам

Башкирийчоьнан туризман а, садаӀаран а йоккха потенциал йолуш регион йу[79][80]. Цуьнан Российн а, дуьненайукъара а туристийн базарахь лакхара конкуренци латто таро хилар билгалдоккху дукха Ӏаламан хазнаш а, историн-оьздангаллин тӀехьуоно а[81].

Республикехь даьржина ду хин чухула охьавар, Ӏаламан хазнашка вахар, санаторин-курортан дарба, ломан когасалазийн туризм. Башкирийчоьнан Ӏаламан ландшафташ тайп-тайпана хиларна цунах наггахь шолгӀа Швейцари олу, цуьнца цхьаьна иэшамаш а гойтуш, царна йукъахь тоъал кхиина йоцу хӀоьттина пайда бен туризман индустри[82].

2016 шеран Башкирийчоьнан санаторийн-курортан комплекс йукъайогӀу 31 санатори а, профилактори а, 170 метта хӀотторан амалера кхолламаш[83]. 2013 шарахь Башкирийчоьнан санаторешкахь садаьӀира 255 эзар стага[83]. Билгалдоккху, дарбанан-могашаллатойаран туризм шор ца йаларан бахьан республике садаӀа нах ца бар дац, ткъа меттигаш ца тоар ду[83]. Могашаллатойаран хьашташ республикехь дукха ду, цхьайолу санатореш 100 % йуьзна йу[83]. Регионехь чубогӀу туристийн чот лелош ца хиларна, чубогӀучеран а, чоьхьарчу а бараман мах лахара хадийна[81]. Цхьа могӀа Ӏаламан хазнаш дукха долчу муниципалан кӀошташкахь, го дукха тергам банза садоӀуш берш чубаржар[81].

2016 шеран Уфан хьешан цӀийнан фондехь 106 хӀотел а, хьешан цӀа а ду, лоьмаран фонд 3 641 лоьмар 6 443 меттиг а болуш[84]. Шеран Уфан хьешан цӀийнин йуккъера барам 60-70 % бу[85]. 2015 шарахь Уфа баьхкина туристийн барам 650 эзар стаг бу, 2016 шарахь туризман Пачкомитето мах хадорца — цхьа миллион гергга стаг[86]. Республикин коьрта шахьара догӀу доккхаха долу туристийн дакъа бизнес-туристийн ду, церан дакъа чубогӀучарех 80-90 % гергга ду[85]. Шайн Ӏалашо хьажаран туризм йолу коьрта шахьаран хьеший 10-20 % гергга бу.

2013 шарахь туризман барам хилира 4,28 млрд сом (1 меттиг ИФГ, 7 меттиг РФ), санаторин-могашаллатойаран — 4,02 млрд сом (1 меттиг ИФГ, 4 меттиг РФ), хьешан цӀийнан — 3,75 млрд сом (1 меттиг ИФГ, 6 меттиг РФ)[87]. Иштта, туризман сферера коьртачу кепара механ белхийн шаболу барам хилира 12 миллиард сом, иза хуьлу 1 % гергга Башкирийчоьнан валови сурсатах. Регионера туризм сецош йолу фактор йу инфраструктура а, сервис а лакхарчу тӀегӀанехь ца хилар, кхузахь бен йоцу Ӏаламан объекташ гӀарайевлла ца хилар, дозанера арахьа кхин а гӀуо йевза[87]. Тоам бацаршна йукъахь ду хьешан цӀен а, санаторин а лакхара мехаш, дукха хьолахь богӀу мах а ца хуьлу иза[79]. Кхечу гӀийлачу агӀонаш йукъахь билгалдоккху йоца аьхке, хенан хӀоттам сиха хийцабалар, логистикин лахара тӀегӀа. ТӀехьарчо бохург некъаш ца хилар, туристаш садоӀучу меттигашка дӀасалелош фирманаш ца хилар ду.

2016 шарахь дуьйна кхочушъеш йу «ДӀайелла Республика» проект[88], иза хьажийна йу чоьхьара туризм кхиоре, регионан бахархойн а, хьешийн а садаӀар тодаре. Порталан Ӏалашо йу мехкан хазнех хаамаш гулбар. Сайто таро ло шега маршрут хӀоттайайта, шен тароне хьаьжжина, оьшучехь саца а соцуш. Дакъалаца кхойкху туроператоршка, транспортан белхалошка, туризмехь болхбеш йолу республикин кхин компанеш[89].

Транспорт

бӀаьра нисйан

Регионехула чекхдовлу автомагистралаш М5 «Урал», М7 «Волга», автонекъаш Р240 Уфа — Оренбург, Уфа — Бирск — Янаул, Стерлитамак — Белорецк — Магнитогорск, Бирск — Тастуба — Сатка, Уфа — Инзер — Белорецк, Серменево — Баймак — Акйар — Орск, Белорецк — Учалы — Миасс, Мелеуз — Магнитогорск[90].

ХӀаваан хаамца регионан зӀе йу Российн мехкара а, ЛПД пачхьалкхашкара а иттаннаш гӀаланашца, ткъа иштта Желтойчоьнан, Цийчоьнан, ӀЦЭ, Туркойчоьнан гӀаланашца. Уфахь йу регионера уггар йоккха аэропорт.

Республикехь болбо ОАО «РЖД» Куйбышевн ЦӀПН Башкирийн регион, чекхдовлу цӀерпоштнекъийн Горькийн а, Къилба-Уралан а гаьннаш. Кеманаш лела хиш: КӀайниг, Уфа. Кхиана йу биргӀан транспорт. Шо шере мел дели тӀекхета автомобилийн парк.

Ӏилма а, дешар а

бӀаьра нисйан

Башкирийчохь хь болхбеш йу 1644 школан хьалхара дешаран кхоллам, 1587 йукъарадешаран ишкол, 10 пачхьалкхан лакхара дешаран меттиг (ЛДМ), 17 ЛДМ филиал, 3 пачхьалкхан йоцу шайна йолу ЛДМ, 8 пачхьалкхан йоцу ЛДМ филиал.

Ӏилманан кхолламаш гайтина республикин ЛДМ-ца а, отраслийн Ӏилманан-талламан институташца а (80 кхоллам гергга). 1991 шарахь кхоьллина Башкирийн ССР Ӏилманан Академи, хьалха 1951 шарахь дуьйна болхбеш йара ССРС ӀА Башкирийн филиал.

Оьздангалла

бӀаьра нисйан
 

Республикин шатайпа оьздангалла вовшахтоьхна цуьнан къоман а, жанран а дукхалло, оцу йукъадогӀу фольклоран, дешаран, Ӏилманан, архитектурин, музыкин, театрийн, хелхаран, суртдилларан говзаллин, динан, литературин, кхин а элементаш.

Башкирийчохь кхуьуш йу 100 сов спортан кеп, аккредитаци йина йу 75 сов регионан спортан федераци.

Башкирийчоьнан махкахь коьрта дин суннатан ислам а (67 % динан кхолламех), православин керстаналла а (22 %) ду. Регионехь болхбо 22 кепара йолу 1445 динан цхьанакхетарша. 1990 шо кхаччалц 15 маьждиг дара. Йоцучу хенахь регионан куьйгалхоша оьшу гӀирс вовшахтуьйхира, хӀора аьлча санна муниципалан/йуьртан кхолламна шайна маьждигаш дуьйгӀира. 2010 шарахь болхбеш ду 1000 сов маьждиг[91], свыше 200 православных храмов и более 60 культовых зданий иных конфессий[92].

Массин хааман гӀирсаш

бӀаьра нисйан

Регионан алсама дакъа дӀалоцу ТВ-станцийн радиоретрансляторша. Москвохара центран каналаш доцуш, Башкирийчохь йаржайо меттигера телевизионан а, радион а передачаш. Регион шайерг мобилан зӀе лоцуш йу, кабелан телевидени йу 60 телевизионан канал долуш, сиха интернет йу.

Башкирийн АССР арахоьцура газеташ: «Совет Башкортостаны» («Советийн Башкири», 1918), башкирийн маттахь; «Советийн Башкири» оьрсийн маттахь; «Кызыл тан» («ЦӀие зӀаьнарш», 1918), гӀезалойн маттахь; «Ленинсе» («Ленинхо», 1923), башкирийн а, оьрсийн а маттахь; «Башкортостан пионеры» («Башкирин пионер», 1930), башкирийн маттахь. Журналаш: «Агидель» (1930), «Башкортостан кызы» («Башкирин йоӀ», с 1968), «Хэнэк» («Шада», 1925), «Башкортостан укытыусыхы» («Башкирин хьехархо», 1924), «Пионер» (1930), башкирийн маттахь; «Агитаторан блокнот» (башкирийн а, оьрсийн а, гӀезалойн а меттанашкахь).

Тахана Башкирийчоьнан коьрта зорбанан массин хааман гӀирс бу газеташ «Башкортостан Республика», «Башкортостан», «Башкортостанан финансаш», «Кызыл таң», «Неделя», «Азна», «Атна», кхин а.

Регионан гӀаланашкахь а, кӀоштахь а арахоьцу меттигера муниципалан, йукъараллин, рекламан газет.

Панорамаш

бӀаьра нисйан
Белорецкан а, Абзелилован а кӀоштийн дозанера панорама. Ломан когасалазийн комплекс «Абзаково». Октябрь, 2009 шо.
Ӏуьйренан дохк Верхнеиткулово йуьртан тӀехула.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Конституция Республики Башкортостан
  2. https://data.iana.org/time-zones/tzdb-2021e/europe
  3. Географические названия мира. Топонимический словарь / Поспелов Е. М. — Москва: АСТ, Астрель, 2008. — С. 528. — 1500 экз. — ISBN 978-5-17-054966-5, 978-5-271-20728-0.
  4. Башкортостан / М. Г. Шарце (Органы государственной власти), М. Н. Петрушина (Природа), М. Д. Горячко (Население, Хозяйство), С. В. Кузьминых, Р. З. Янгузин (Исторический очерк), А. Н. Прокинова (Здравоохранение), В. Х. Ганиев (Литература), С. А. Рахимова (Театр) // «Банкетная кампания» 1904 — Большой Иргиз. — М. : Большая российская энциклопедия, 2005. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 3). — ISBN 5-85270-331-1.
  5. Конституция Российской Федерации. Ст. 5, пп. 1, 2
  6. 1 2 3 Конституция Республики Башкортостан. Раздел 1, глава 1, статья 1
  7. Республика Башкортостан // Башкирская энциклопедия / гл. ред. М. А. Ильгамов. — Уфа: ГАУН РБ «Башкирская энциклопедия», 2015-2024. — ISBN 978-5-88185-306-8.
  8. 1 2 Фазлаллах Рашид-ад-дин. Огуз-наме. Баку, 1987. С. 68, 69.
  9. 1 2 Асфандияров А. З. Башкирия после вхождения в состав России (вторая половина XVI — первая половина XIX в.). — Уфа: Китап, 2006. — 504 с.: ил.
  10. 1 2 Рычков П. И. Топография Оренбургская. СПб., 1762.
  11. Природа Архивйина 2017-11-15 — Wayback Machine
  12. Шайдуллина З. З. Особо охраняемые природные территории // Башкирская энциклопедия / гл. ред. М. А. Ильгамов. — Уфа: ГАУН РБ «Башкирская энциклопедия», 2015-2024. — ISBN 978-5-88185-306-8.
  13. Башкирия: новые исследования «состарили» наскальные рисунки Каповой пещеры в два раза
  14. Матюшин Г. Н.  У колыбели истории (об археологии). — М.: Просвещение, 1972. — 255 с. — С. 229—230.
  15. Неолит Урала — Уральская Историческая Энциклопедия Архивйина 2015-04-02 — Wayback Machine
  16. Антонов И. В. Башкиры и Башкирия по данным ал-Идриси//«Ватандаш», 2008. № 4. Архивйина 2017-05-07 — Wayback Machine
  17. «Встречал сильное сопротивление со стороны тех народов и городов, завоевание которых ему (Субэдэю) было поручено Чингисханом, а именно: Канлин (канлы), Кибчаут (кипчаки), Бачжиат (башкиры), Орусут (русские), Асут (ассы-осетины), а также и городов за многоводными реками Адиль (Волга) и Чжаях (Яик

  18. Мажитов Н. А., Султанова А. Н. История Башкортостана с древнейших времен до XVI в. Уфа, 1994.
  19. Рычков П. И. Топография Оренбургская. Ч. I, СПб., 1762, С.84.
  20. Кеппен П. И. «Хронологическій указатель матеріаловъ для исторіи инородцевъ Европейской Россіи», 1862
  21. The Russian Сonguest of Bashkiria. 1552—1740 A Case Study in Imperialism By Alton S. Donnelly. New Haven and London, Vale University Press, 1968.
  22. Доннелли А. Завоевание Башкирии Россией, 1552—1740. Уфа: Издательство «Башкортостан». 1995. — 287 с. Пер. с английского Л. Р. Бикбаевой.
  23. Витевский В. Н. «И. И. Неплюев и Оренбургскій край в прежнем его составѣ до 1758 г» — 1897: «Уфимское воеводство было присоединено къ Казанской губернии»
  24. Указ Императора Павла I. — Именный данный генералу отъ Инфантерiи Барону Игельстрому, съ приложенiемъ примѣчанiя на описанiе Оренбургской линiи.10 (21) апрелехь 1798 года
  25. Как возникла Башкирская республика? Архивйина 2017-05-07 — Wayback Machine
  26. Еникеев З. И. Правовой статус Башкортостана в составе России. Уфа: «Гилем», 2002. — 374с. — с.228
  27. Азнагулов В. Г., Хамитова З. Г. Парламентаризм в Башкортостане: история и современность: Уфа, ГРИ «Башкортостан», 2005. с.49, 53
  28. Постановление Учредительного курултая
  29. В данном случае имеется ввиду нереализованный проект границ республики, который не следует путать с образованной впоследствии Большой Башкирией.
  30. Азнагулов В. Г., Хамитова З. Г. Парламентаризм в Башкортостане: история и современность. — Уфа: ГРИ «Башкортостан», 2005. — Т. 1. — С. 51. — 304 с. — ISBN 5-8258-0203-7.
  31. Зиннатуллин Закир. Караван-Сарай и 90-летие провозглашения Республики Башкортостан //Ж. Ватандаш, 2008, № 2. Архивйина 2017-12-01 — Wayback Machine
  32. В годы Великой Отечественной войны | XX век | История — 450 лет в составе России Архивйина 2009-02-08 — Wayback Machine
  33. ПЯТЬ АРГУМЕНТОВ В ПОЛЬЗУ СУВЕРЕНИТЕТА Архивйина 2012-01-19 — Wayback Machine
  34. Декларация о государственном суверенитете Архивйина 2008-10-14 — Wayback Machine
  35. Парламентарии Башкирии приняли Закон «О Главе Республики Башкортостан». ИА «Башинформ» (2014 шеран 25 декабрь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 8 январь.
  36. Рустэм Хамитов вступил в должность президента Башкирии. РИА Новости (19 июля 2010). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 13 август. Архивйина 2011 шеран 22 августехь
  37. Закон Республики Башкортостан от 20.04.2005 № 178-з (ред. от 01.06.2015) «Об административно-территориальном устройстве Республики Башкортостан»
  38. Постановление Правительства Республики Башкортостан от 29.12.2006 № 391 (ред. от 09.02.2015) «Об утверждении реестра административно-территориальных единиц и населённых пунктов Республики Башкортостан»
  39. Конституция Республики Башкортостан Архивйина 2017-04-05 — Wayback Machine
  40. Число муниципальных образований по субъектам Российской Федерации на 1 января 2016 года. Росстат (2016).
  41. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2020 года и в среднем за 2019 год. Росстат. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 13 март.
  42. Башкортостан занимает первое место в ПФО по численности населения — БАШИНФОРМ.ru Архивйина 2021-01-25 — Wayback Machine
  43. Итоги Всероссийской переписи населения по Республике Башкортостан (pdf). Территориальный орган Федеральной службы государственной статистики по Республике Башкортостан. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 5 март. Архивйина 2013 шеран 11 июнехь
  44. В Башкирии проживают представители 160 национальностей и 13 этнических групп Архивйина 2014-05-23 — Wayback Machine
  45. Из Башкирии за год уехало свыше 56 тысяч человек // proufu.ru
  46. Паспорт региона: Республика Башкортостан. Архивйина 2020-10-24 — Wayback Machine
  47. Эксперт-Урал. Диверсификация помогает. Архивйина 2015-09-24 — Wayback Machine
  48. Республика Башкортостан. Валовой региональный продукт (ВРП) Архивйина 2012-05-12 — Wayback Machine
  49. Министерство финансов Российской Федерации. Паспорт субъекта. Республика Башкортостан. Архивйина 2015-07-02 — Wayback Machine
  50. Мировой атлас данных. Республика Башкортостан. Структура ВРП
  51. Фокин Д. Н., Синцов А. Ю. Приволжье. Большая книга по краеведению. — Эксмо, 2012. — С. 19. — 240 с. — ISBN 978-5-699-57053-9.
  52. Статья в Башкирской энциклопедии(ТӀе цакхочу хьажорг)
  53. ВРП в Башкортостане по итогам 2012 года впервые преодолел рубеж в один триллион рублей Архивйина 2014-03-06 — Wayback Machine
  54. По данным Минэкономразвития РБ
  55. Экономическая ситуация в Башкортостане стабильна и управляема — Рустэм Хамитов // 13 января 2016, Башинформ
  56. В 2015 году налоговые органы обеспечили положительную динамику по поступлениям налогов // Сайт ФНС России, 5 февраля 2016 года
  57. Объём инвестиций в Башкортостан увеличился ровно в 2 раза Архивйина 2016-08-21 — Wayback Machine // Башкирское спутниковое телевидение, 4 июля 2016 года
  58. Инвестиционное Послание Главы Республики Башкортостан Рустэма Закиевича Хамитова Архивйина 2018-04-22 — Wayback Machine
  59. Рейтинг социально-экономического положения субъектов РФ. Итоги 2014 года
  60. Республика Башкортостан в цифрах и фактах Архивйина 2021-08-31 — Wayback Machine
  61. Министерство экономического развития Республики Башкортостан. Внешнеэкономические связи Архивйина 2015-07-03 — Wayback Machine
  62. Башкортостан — регион с минимальными экономическими рисками Архивйина 2014-12-16 — Wayback Machine
  63. Standard & Poors поместило кредитный рейтинг республики Башкортостан «ВВВ-» в список CreditWatch с негативным прогнозом. // Advis.ru
  64. Standard & Poors поместило кредитный рейтинг республики Башкортостан «ВВВ-» в список CreditWatch с негативным прогнозом.
  65. 30 лучших городов для бизнеса — 2013
  66. Фокин Д. Н., Синцов А. Ю. Приволжье. Большая книга по краеведению. — Эксмо, 2012. — С. 18. — 240 с. — ISBN 978-5-699-57053-9.
  67. Зыкина Р. Подземные реки Ишимбая //Газета «Республика Башкортостан». — № 178, 12.09.2006 г. Архивйина 2012-01-03 — Wayback Machine
  68. История башкирского народа, 2012, с. 151.
  69. Ветер перемен. Возродится ли в Башкирии альтернативная энергетика? Архивйина 2015-02-11 — Wayback Machine
  70. Республика Башкортостан. «Позеленеет» ли энергетика? Архивйина 2016-01-30 — Wayback Machine
  71. В Башкирии до 2018 года создадут сеть солнечных электростанций за 6 млрд рублей // ТАСС, 5 июня 2015 года
  72. Первая солнечная электростанция начала вырабатывать энергию. Башкирия «обладает высоким уровнем солнечной радиации» // Московский комсомолец, Уфа, 25 ноября 2015 года
  73. В Башкирии заработала первая коммерческая ветро-солнечная электростанция
  74. Статья «Строительство» в Башкирской энциклопедии(ТӀе цакхочу хьажорг)
  75. Ввод жилья в России: рейтинг регионов
  76. Бурханов Р. А. Сельское хозяйство//Статья в Башкирской энциклопедии(ТӀе цакхочу хьажорг)
  77. 1 2 Банк России
  78. 1 2 Банки.ру | информационный портал: банки, вклады, кредиты, ипотека, рейтинги банков России
  79. 1 2 Шульган-Таш и шиш Архивйина 2017-11-22 — Wayback Machine // Журнал «Эксперт-Урал», 28 февраля 2011 года
  80. Республика Башкортостан (туризм) Архивйина 2016-01-30 — Wayback Machine // Межрегиональная туристская ассоциация «Приволжье»
  81. 1 2 3 Постановление Правительства Башкортостана № 185 от 7 июня 2012 года о долгосрочной целевой программе «Развитие внутреннего и въездного туризма в Республике Башкортостан на 2012—2016 годы» Архивйина 2016-09-22 — Wayback Machine
  82. Не нужен нам берег турецкий! Архивйина 2014-07-02 — Wayback Machine // Наша Версия, 14 октября 2013 года
  83. 1 2 3 4 Санаторно-курортный комплекс Башкирии. Анализ деятельности и перспективы развития Архивйина 2016-12-24 — Wayback Machine // МедиаКорСеть, Рустем Шайахметов, 2016 год
  84. Обзор СМИ республики с 27 июня по 3 июля // Regnum, 3 июля 2016 года
  85. 1 2 «Анализ гостиничного рынка Республики Башкортостан и перспективы его развития». Гареев Р. Р. // Журнал «Молодой ученый». — 2015. — № 19. — С. 367—370
  86. Туристический поток в Уфе увеличивается, но инфраструктура оставляет желать лучшего(ТӀе цакхочу хьажорг) // ГТРК Башкирийчоь, 5 августа 2016 года
  87. 1 2 Постановление Правительства РБ о внесении изменений в постановление № 185 Архивйина 2016-09-19 — Wayback Machine // 31 декабря 2014 года
  88. Официальный сайт проекта «Открой Республику» Архивйина 2022-04-01 — Wayback Machine
  89. Проект «Открой республику» поможет туристам Башкирии самостоятельно организовать свой отдых // Башинформ, 30 мая 2016 года
  90. Р361 – «Магнитогорск - Сибай - Зилаир – Ира» | Автодороги России | Главная. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 24 февраль. Архивйина 2013 шеран 26 февралехь Архивйина 2014-02-03 — Wayback Machine
  91. Интерфакс. Говорить о притеснении ислама в России кощунственно, считает Талгат Таджуддин
  92. Встречи Президента Республики Башкортостан с руководителями традиционных религиозных конфессий

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан