Кузнецо́ва О́льга Влади́мировна (йина 1972 26 декабрехь, Москохахь) — российн экономист а, экономикин географ а, регионан экономикин а, регионан политикин а, бюджеташна йукъара йукъаметтигийн а областера говзанча. Ӏилманан-талламан а, хьехархойн а белхаш бо.

Кузнецова Ольга Владимировна
оьрс. О́льга Влади́мировна Кузнецо́ва
Йина терахь 1972 шеран 26 декабрь({{padleft:1972|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:26|2|0}}) (51 шо)
Йина меттиг Москох
Пачхьалкх
ГӀуллакхан тайпа экономист, географ
Ӏилманан кхоче экономикин географ, экономист
Белхан меттиг
Альма-матер
Ӏилманан дарж Ӏилманийн доктор
Йоьвзу сана регионан экономикин а, регионан политикин а, бюджеташна йукъара йукъаметтигийн а областера говзанча

1995 шарахь тӀехдика чекхйаьккхира Москохан пачхьалкхан М.В. Ломоносовн цӀарах университетан географин факультетан дозанал арахьарчу мехкийн социалан-экономикин географин кафедра[1]. Экономикин Ӏилманийн кандидат (1997, диссертацин тема — «Бюджетан йукъара са дӀасаекъар, Германин мехкаш кхиоран куьйгаллин пачхьалкхан гӀирс»), Экономикин Ӏилманийн доктор (2002, диссертацин тема — «Российн Федерацин регионийн экономика кхиоран федералан куьйгалла»). РӀА профессор (2015).

1996—2003 шерашкахь болх бира РФ Правительствон экономикин хийцамийн белхан центрехь, 1998 шарахь дуьйна — политикин декъера регионийн экономикин декъан хьаькам[2]. 2003—2005 шерашкахь — РФ Правительствера Халкъан бахаман академин Регионийн талламийн центран директор. 2005 шарахь болх бан дехьайаьлла Российн Ӏилманийн академин Системан анализан институте[3].

Хьехархойн гӀуллакх лелош ду 1995 шарахь дуьйна, Москохан пачхьалкхан М. В. Ломоносовн цӀарах университетехь а, РФ Президент волчура Российн къоман бахаман а, пачхьалкхан гӀуллакхан а академехь, кхечухьа а лекцеш йоьшу. 2005 шарахь дуьйна — Москохан пачхьалкхан М. В. Ломоносовн цӀарах университетан географин факультетан Российн экономикин а, социалан а географин кафедран профессор (кхечу белхаца цхьаьна бо)[4].

2015 шарахь «Росси: социалан-экономикин географи» жайнин авторийн коллектив йукъахь делира Н. Н. Баранскийн цӀарах совгӀат, иза ло Российн географийн-йукъараллаӀаморхойн ассоциацис.

Куьйгалхо а, декъашхо а хилла иттаннашкахь талламийн проектийн, царна йукъахь дуьненайукъара а.

Российн Федерацин Президент волчура Ӏилманех а, дешарех а йолу кхеташон декъашхо[5].

Публикацеш

бӀаьра нисйан

100 сов Ӏилманан публикацийн автор йу, царна йукъахь[6]:

  • Кузнецова О. В. Экономическое развитие регионов: теоретические и практические аспекты государственного регулирования. — М.: Эдиториал УРСС, 2002[7]
  • Кузнецова О. В., Кузнецов А. В. Системная диагностика экономики региона. — М.: КомКнига, 2006
  • Кузнецова О. В., Кузнецов А. В., Туровский Р. Ф., Четверикова А. С. Инвестиционные стратегии крупного бизнеса и экономика регионов / Под ред. О. В. Кузнецовой. — М.: Издательство ЛКИ, 2007
  • Кузнецова О. В. Основы региональной политики: учебное пособие. — М.: Географический факультет МГУ, 2012.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. СЭГЗС — О кафедре. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 3 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 1 июнехь Архивйина 2010-06-01 — Wayback Machine
  2. Проблемы федерализма, местного самоуправления и территориального развития в России: научные исследования, прикладные проекты, библиография за 1990—1999 гг. / Общ. ред.: В. Н. Лексин, А. Н. Швецов. — М.: УРСС, 2000. С. 28, 347—349.
  3. Сайт ИСА РАН — Лаб. 6-2. Информатика и диагностика в управлении социальными и экономическими системами
  4. Кафедра экономической и социальной географии России МГУ :: Кузнецова Ольга Владимировна
  5. Государство
  6. eLIBRARY.RU - Кузнецова Ольга Владимировна - Список публикаций
  7. URSS.ru — Магазин научной книги: Экономическая география. Регионоведение

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан