КцӀар
ХӀокху йаззамна оьшу кхин хьажоргаш кхечу йаззамашна тӀе энциклопеди интеграци хилийта. |
Кцӏар (хьалха Кусары́, азерб. Qusar; лаьзг. Кцӏар) — Азербайджанан къилбаседехьара гӀала, КцӀаран кӀоштан административан йукъ. Лаьтта Шахдаг ломан къилбаседа-малхбален басешкахь.
ГӀала | |
КцӀар | |
---|---|
азерб. Qusar, лаьзг. Кцӏар | |
41°25′19″ къ. ш. 48°25′17″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Азербайджан |
КӀошт | КцӀаран |
Куьйгалхо | Q12849449? |
Истори а, географи а | |
Центран локхалла | 680 м |
Сахьтан аса | UTC+4, аьхке UTC+5 |
Бахархой | |
Бахархой | ▲18 534[1] стаг (2019) |
Къаьмнийн хӀоттам | лаьзгий, азербайджанаш |
Динан хӀоттам | Ислам |
Официалан мотт | азербайджанийн |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | +9942338 |
Поштан индекс | AZ 3800 |
qusar-ih.gov.az | |
Картин тӀехь | |
Этимологи
бӀаьра нисйанМеттигах йуьхьанца олура «Ксар», тӀаьхьа «КцIар»; Оксфордан дуьненан топонимийн йоцу дошамца, и дош схьадолу лаьзгийн «кас» («стаг») дашах[2].
Ган Карлан (1909) хетарехь, азербайджанийн «Кхусар» цӀе схьайолу гӀажарийн «кюх» — «лам», суффиксах «сар», ткъа «Кюхсар» дашо билгалдоккху «ламанан» боху дош[3].
Истори
бӀаьра нисйанКавказан тӀом
бӀаьра нисйан1837—1839 шерашкахь Къубин провинцин махкахь а, ДегӀастанан къилбехахь а коьртехь имам Хьаджи-Мухьаммад Хулухо а, обарг Хилара ЯрӀали[4][5] а болуш гӀовттамаш хилира[6][7].
ГӀовттамийн коьрта бахьна дара лаьзгийн бахархой Къубера, КцӀарера, Худатера жигара арататтар. Схьадаьккхина латта дӀалора схьакхелхинчу оьрсашна а, тӀеман гарнизонашна[8] а.
ГӀаттамехь дакъа лоцуш дара дерриг тайпанаш хӀинцалерачу КцӀаран кӀоштара[9][7], провинцехь берриш гӀевттинарш бара 12000 стаг гергга[10], кхин а дакъа лецира провинцин тӀелетта йолу Къилба ДегӀастанера лаьзгийн тайпанаш[9]. 1839 шарахь гӀовттамхойн йерриг дуьхьало охьатаӀийра.
1820-гӀа шераш дуьйлалуш КцӀарехь йара Ша йолу Кавказан корпусан цхьа долчу дакъойн штаб-квартираш, масала, Абшеронан полкан. Иза харжаран цхьа бахьна хилира, 70 чаккхарма къилбаседехьа ладаме чӀагӀйина меттиг йолу АхцахӀ хилар. АхцахӀан йисташкахь аьхка оьрсийн тобанаш хилар йехачу хенахь ца хилча ца долуш хӀума дара. Самур тӀехь кечдина хилла дехьа-сехьаволийлийн гӀоьнца, эскарш сихха дехьадовлалора оцу эркана. Гонагкаьнд эвла боьду ламанан некъ боцург, до села Аьниг эвла кхаччалц кечбинера шера ворданийн некъ а, цунна тӀаьххье гӀуо некъ — Мурукх эвла, цигахь иза меттиган рельеф бахьнехь ламанан тача хуьлура, иза кхочура Лаза эвла[11].
Иштта, В.А. Поттос билгалдаьккхина:
1822 шо ДегӀастанахь машаре чекхделира, иза бахьнехь Ермоловн аьтту белира цхьацца административан хийцамаш бан. ДегӀастанахь эскаран баьчча а, тӀеман-гуонан хьаькам а барона Вреден меттана хӀоттийра инарла-майор Краббе. Цуьнан урхалла Къубера дехьайаьккхира КцӀаран уллерачу меттиге, цигахь хӀоттийра шайн штаб-квартира Апшеронан полко
1836 шарахь КцӀарехь хилира М. Ю. Лермонтов (и хаамаш Ӏилман хьосташа бакъ ца до (хьажа: Лермонтовн энциклопеди. М., 1981))., цигахь иза кхийтира Ӏилманчаца-философца Хьаджи Ӏали-эфендица, циггахь цунна хезира гӀараваьллачу илланчера Лаьзги Ахьмадера «Ашик-ГӀарип» дийцар, цул тӀаьхьа цуьнан мукъмашца цуо йазбина «Ашик-кериб» кхоллам. ГӀалахь дисина поэтан мемориалан у тоьхна музей-цӀа, цунна тӀаьхь йаздина Лермонтовн гӀарадевлла могӀанаш:
Маршалла ду хьоьга, сира Кавказ! Хьан лаьмнашна хира новкъахо вац со. Мел йезара сунна сийлахь Кавказ, Хьан кӀентий а тӀемлойн амалашца[13]. |
Паччахьан заманахь КцӀар 1840 шарахь йиллинчу Къубин уездан йукъахь йара, иза йуьхьанца Каспийн областан административан дакъа дара, ткъа цул тӀаьхьа 1846 шарахь — уезд хиллачу Дербентан, ткъа 1860 шарахь дуьйна — Бакохан губернин.
1844 шарахь дуьйна кхуза хиинера Ширванан гӀашлойн полк, цунах 1864 шарахь хилира Ширванан 84-гӀа гӀашлойн полк. Цуьнан доккхаха долу дакъа аьхка дукха хьолехь хуьлура штаб-квартирин къилбаседехьа, ламанхошна дуьхьала экспедицешкахь[11]. 1848 – 1853 шерашкахь полкан коьрте инарла-майор З. С. Манюкин хӀоьттинчул тӀаьхьа, КцӀарера штаб-квартира чаккхенца тойина йелира; йуьгӀира йаккхий казармаш, полкан килса[14].
1877 шеран апрелехь Нохчийчохь оьрсийн Ӏедална дуьхьала гӀаттам белира, иза дехьабелира ДегӀастане. 12 сентябрехь гӀаттам кхечира Кюрин гуонан лазгашка, уьш 15 сентябрехь Самур дехьа а бевлла Къубин уездан чубахара. Оцу уездан бахархой, цаьрца берта бахана, гӀаттам болийра, хан хаьржира подпоручик Хьасан-бек. Октябрехь гӀаттаман тӀекхийтира АхцахӀхой, цара Самуран хан кхайкхийра милицин капитан волу ГӀеза Ахьмад. АхцахӀхой гӀертара гӀаттаман мохк шорбан, гӀоьртира Къубин уездехьа, тӀелетира КцӀар чӀагӀонна. Схьайаккха кхузза аьтту ца баьлла, гӀовттамхойн цхьа дакъа КцӀаран чӀагӀоне деина карадахара, ткъа коьртехь ГӀеза Ахьмад волу бисинарш йухабевлира[15].
Бахархой
бӀаьра нисйан1926[16] | 1939[17] | 1959[18] | 1970[19] | 1979[20] | 1989[21] | 2009[22] |
---|---|---|---|---|---|---|
1994 | ↗4329 | ↗7366 | ↗11 144 | ↗12 225 | ↗14 230 | ↗16 500 |
Оьздангалла а, дешар а
бӀаьра нисйан1998 шарахь КцӀарехь дӀайиллина Пачхьалкхан Лаьзгийн драмин театр[23].
Транспорт
бӀаьра нисйанГӀалин чоьхьара масех маршрут йу дийнахь лелаш. ГӀалахь автовокзал йу, цигара автобусаш лела Къубе, Хачмазе, Бакоха, кӀоштахула а.
ТӀайнаш
бӀаьра нисйанСпорт
бӀаьра нисйан- Олимпийн комплекс
- Латархойн клуб «Кавказ»
- ПаргӀата кепара охьатохарх латаран А.Наджаровн цӀарах зал.
- ГӀалахь альпинизман клуб йу.
Сийлаллаш
бӀаьра нисйан- Каздал Мустафан маьждиг
- Нариманов Нариманан цӀарах парк
- Лермонтовн цӀа
- Инарла Абилов Махьмудан майда
- 1982 шарахь йиллина историн-мохкӀаморан музей. Музейхь 3000 экспонат йу.
- Спортан дуккха а тайпанаш долу, спортан олимпийн комплекс.
Галерей
бӀаьра нисйан-
Шира тӀай КцӀарехь
-
Керла тӀай
-
Маьждиг
-
КцӀарчай эрк
-
КцӀаран урамаш
-
КцӀаран урамаш
-
КцӀаран урамаш
-
Азербайджанийн эскарера салтий
-
Наримановн цӀарах паркан чувоьдийла
-
Автовокзал
-
Шахдаган Ӏаьнан-аьхкенан туристийн комплексера муьшан некъ
-
Шахдаган Ӏаьнан-аьхкенан туристийн комплексера хьешийн цӀенош
-
Спортан олимпийн тайпанийн КцӀаран комплекс
-
Лермонтовн цӀа
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Azərbaycan Respublikasının Dövlət Statistika Komitəsi: Regions .
- ↑ Кеп:Cite encyclopedia
- ↑ Ган К. Ф. Опыт объяснения кавказских географических названий. — Типография канцелярии Наместника его Императорского Величества на Кавказе., 1909. — С. 91.
- ↑ Куба: апрель-май 1918 г. мусульманские погромы в документах — Солмаз Рустамова-Тогиди — Google Книги
- ↑ http://xn--80attcj5c.com/49-narodngeroi/amirtagirjal.html Архивйина 2020-02-24 — Wayback Machine
- ↑ Сумбатзаде, 1961, с. 5.
- ↑ 1 2 АСЭ, 1979, с. 253.
- ↑ М. М. Ихилов. Народы лезгинской группы. 197 г. Архивйина 2015-04-02 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 Сумбатзаде, 1961, с. 72.
- ↑ Сумбатзаде, 1961, с. 76.
- ↑ 1 2 Королёв, 1999, с. 24.
- ↑ Потта В.А. Кавказская война. Том 2. Ермоловское время
- ↑ Кусары 60. — Баку: Коммунист, 1990. — С. 7. — 48 с.
- ↑ Королёв, 1999, с. 25.
- ↑ Рамазанов Х. Х., Шихсаидов А. Р. Очерки истории Южного Дагестана. — Махачкала: Дагестанский филиал Академии наук СССР, 1964. — С. 244—245.
- ↑ Перепись населения СССР 1926 года
- ↑ перепись населения СССР 1939 года
- ↑ перепись населения СССР 1959 года
- ↑ перепись населения СССР 1970 года
- ↑ перепись населения СССР 1979 года
- ↑ перепись населения СССР 1989 года
- ↑ http://www.azstat.org/region/az/007_4.xls
- ↑ Расим МУСАБЕКОВ. Становление независимого азербайджанского государства и этнические меньшинства . sakharov-center.ru. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 3 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 2 мартехь Архивйина 2012-03-02 — Wayback Machine
Литература
бӀаьра нисйан- Королёв С. В. На задворках Кавказской войны: русский гарнизон в Кусарах // Новый Часовой. — 1999. — № 8—9. — С. 23—26.
- Али Сойбат Сумбат оглы Сумбатзаде. Кубинское восстание 1837 г.. — Баку: Издательство Академии Наук Азербайджанской ССР, 1961.
- Губа үсјаны (1837) (az) // Азербайджанская советская энциклопедия / Под ред. Дж. Кулиева. — Баку: Главная редакция Азербайджанской советской энциклопедии, 1979. — C. III.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- КцӀар — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу.
- расписание времен намазов для города КцӀар
- Новости города КцӀар