«Къинхетамаллин йижарий» (ингалсан маттахь The Religious Order of the Sisters of Mercy, RSM[1]) — католикийн зударийн монахийн конгрегаци ю. Йиллина Дублинехь 1831-чу шарахь гӀуран-беттан (декабран) 12-чу дийнахь Маколи Кэтрин Элизабетс.

Къинхетамаллин йижарий
Организацин тайпа католический орден[d], некоммерческая организация[d]
Кхоьллар
Кхоьллина терахь 1831
Хьовзор
  • 6,34 млн £ (2021)
Белхалойн барам
  • 122 стаг (2021)
СовгӀаташ
mercyworld.org
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Хабар нисйе бӀаьра

«Къинхетамаллин йижарий» конгреци кхоьллинарг ю Маколи Кэтрин Элизабет. Цо шен дайх дисина даьхни Дублинера «Къинхетаман цӀенна» хьажийра.

Оцу цӀено чохь Маколи Кэтрин Элизабетан лархоша тайп-тайпана дешаран а, динан а, йукъараллин а гӀуллакхаш кхочушдора.

«Къинхетаман цӀа» хӀинцале долуш ду. Таханлерачу дийнахь цу чохь «Халкъашна юккъера къинхетаман йукъ» ю.

Хьалхарчу муьрехь килсан векалш реза бацар «Къинхетаман цӀа» чохь зударийн йукъаралло дӀахьуш долчу динехьдоцучу белхашна. Килсан Ӏедалца халонаш ца хилита, шен динан дас хьехар динчул тӀаьхьа, Маколи Кэтрин Элизабет монахийн конгрегаци кхолла йолаелира.

Маколи Кэтрин Элизабет дийна йолуш бӀе шовзткъе итт зуда яра монахийн жамӀате йукъайогӀуш.

Ирландехь кхоьллира хьалхара шийтта йижарийн цӀа, Ингалсехь диллира ши цӀа.

1841-чу шарахь лахьанан-беттан (ноябран) 11-чу дийнахь Маколи Кэтрин Элизабет кхелхира. Цул тӀаьхьа «Къинхетамаллин йижарий» монахийн конгрегацин гӀуллакхаш даьржира Америкин Цхьанатоьхначу Штаташкахь а, Австралехь а, Керлачу Зеландехь а, Аргентинехь а.

1992-чу шарахь «Къинхетамаллин йижарий» конгрегацино йиллира Дуьненайукъара Къинхетамаллин Ассоциаци (Mercy International Association). 2006-чу шарахь цуьнан берриг пайда герга 5,5 миллион фунт стерлингаш дара.

2009-чу шарахь хӀутосург-беттан (майан) 20-чу дийнахь Ирландин урхалло конгрегацин белхан талламаш бира. «Берашца къизалла лелаяр толлуш йолчу Комиссин» хабаро конгрегацин берийн цӀенош чохь Ӏаш долчу берашна тайп-тайпана гӀело ярна монахаш бехкебира[2].


Хьостанаш нисйе бӀаьра

  1. Аббревиатуры католических женских монашеских орденов и конгрегаций
  2. 'Endemic' rape and abuse of Irish children in Catholic care, inquiry finds