КӀади
КӀади — текстилан киса, кечдина кӀадин чархан тӀехь дуцарца вовшен перпендикуляран тайнин сиситемашца.
КӀади лаьтта шина вовшен дуцалуш долчу тайнин системех, уьш вовшен перпендикуляран ду. КӀадин дохаллехь лаьтта тайнин системех олу бух, ткъа тайнин системех, пурхнехьа лаьттачу тайнех, — шоралха-тай. Тайнех олу коьртаниш а, шоралха-тай а. КӀадин тайнаш кӀадин хоттаман коьрта гайтам бу. Бухан а, шоралха а тайнаш дуцало цхьаьна билгалчу низамехь (иза дозу минимум тайн барамех — раппортах, — оьшучу чекхдаьлла кӀадий дуцаран суьртах). Цуо кӀади дарна Ӏаткъам бо билгалчу дуцаран структурехь, кепаца, хьолаца.Атта дуцар (шера йа коьрта) хуьлу полотнон, саржан, сатинан, атласан йа иэйна.
Къасто оьшу кӀадеш кхечу хьесапца дина текстилан полотнох: трикотажан полотнох, до дуцарца , аьлча а вовшех уьйр йолу шеддийн могӀанца, дуьцина доцу материалех (царна йукъатоха мегар ду иштта датийна-истангийн а, гататегаран материалаш).
Дар
бӀаьра нисйанКӀадешдар, олу текстилан полотнош дарх, уьш до ши перпендикуляран тайнин система дуцаран новкъахь.
КӀадеш даран хьесап ду дуккха а дехьадолуш, шена чу лоцу: дуца кечдан (Тайнаш дастар, дӀасакхерстар а, баххийн шлихтовка а, дастар а, шлихтовка а йа даьтта хьакхар (эшахь) шоралха-тайн), асар дар йа бух чархан тӀебехкар, шеш кӀадеш дар а, брак ларар а.
ТӀаьххьара кӀадеш кечдарах олу куц даккхар, цунна йукъадоьду химин областера кечдаран технологеш. Шена чу догӀу (опцица): дилар, шлихтовка, кхехкор, кӀайдар, мерсеризаци, басар дар (муьран йа хадданза хьесапца), зорба, ларгар, чоьш дахар, дагар дар.
Классификаци
бӀаьра нисйанКӀадеш къастадо уьш дина аьргаллица, бесца, куьг Ӏоттарца, фактурица, кечдарца.
Аьргаллин тайпанца
бӀаьра нисйан- натуралан, кхин а цунах олу классикин. Уьш хуьлу:
- химин, декъало:
- искусственни:
- синтетикийн: синтетикийн полимерех, царна йукъахь:
- полиамидан кӀадеш (дедерон, хемлон, силон),
- полиэстерш (диолен, слотера, тесил),
- полипропиленан кӀадеш,
- поливинилан кӀадеш (кашмилон, дралон).
Промышленностехь а, махлелорехь а лелайо тайп-тайпана билгалонаш синтетикийн кӀадешна. Масала, РЕРs — полиэстерн материал чоца, РАОН — полиамидан дарин кӀади, РОРс — полипропиленан кабель.
КӀадин йукъа дан тарло цъаьна тайпана тайнаш (100 %) йа тайп-тайпана структураш, иза аьлла ду дӀайохьуьту кехатан тӀехь.
Басца
бӀаьра нисйан- шера басар дина цхьаьна беса (луьра полотно, кӀайн кӀади, бесар кӀади);
- дукха бесара (меланжан кӀадеш, мулированни, тӀетуху, къорза дуьцина кӀади).
КӀадин цӀераш фактурица
бӀаьра нисйанЭстергаз — даккхийра шина бесара йа дуккха а бесара йеакӀовниш долу кӀадин сурт, йеакӀовниш лаьтта шахматийн низамехь, оханехьа а, пурзнехьа а асанаш йолуш. Иштта сурт кхочу бесара тай бух тӀехь а, шоралха-тай тӀехь а лелош.
Филь-а-филь (Ш-а-Ш — гӀезах, могӀарш, тӀегӀанашца) — и кӀадин сурт разнехьа, дика гуш долу тӀегӀанан диагоналашца йа асанашца. Иштта сурт кхуллу комбинацино саржан дйцаро шина бесца къасталучу тайнех бух тӀехь а, шоралха-тайн тӀехь а. Коьрта а, шоралха-тайнин а къовларан йукъаметтиг раппортехь 1:1.
КӀади тӀеданашца, тӀадамашца — сурт амалера сирла тӀадамашца Ӏаьржачу бос тӀехь. Иштта сурт хуьлу чолхе саржан дуцарехь (8 тай), леладо контрастан бесара тайнаш. Коьрта а, шоралха а тайнин раппортера къовламан йукъаметтиг 2 : 2.
КӀадин тайпанаш
бӀаьра нисйанХьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйанЛитература
бӀаьра нисйан- Ткани // Товарный словарь. Том 8 / Гл. ред. И.А. Пугачёв. — М.: Госторгиздат, 1960. — Стб. 815—845
- Терешкович Т.А. Ткань // Мода в одежде и аксессуарах. — Кеп:Р. н/Д.: Феникс, 2008. — С. 328—336. — 445 с.
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |