КӀотар

(КIотар тӀера хьажжина кхуза)

КӀо́тар (укр. хутір, оьрс. хутор; дукх. терахь кӀотарш) — жима нах беха меттиг, лаьтта цхьаьна[1], йа масех хӀусаман бахамах; къаьстина бахам а болуш ша лаьтта ахархойн кертах[2][3][4]. КӀотаран вахархочух олу кӀотархо[5].

К. Я. Крыжицкий. КӀотар Малороссехь, 1884

Историн кӀотарш йаьржира дукха хьолахь Малороссехь. XVIII бӀешарахь йукъевлира гӀазакхийн кӀотарш иштта Дон а, Кубань[6] а тӀехь. КӀотар чохь хуьлура цӀенош (латта тесна а, эрз биллина а поппар хьаьхна цӀа[7]), тоьла, гӀунаш, божалш, хасбошмаш, бошмаш[8].

Шор мел ло эвла, йурт хуьлу кӀотарх, амма нах бехачу меттиган цӀеран йукъахь «кӀотар» дош диса а тарло (масала, ӀамтӀе-КӀотар. Иштта, Ростовн областехь йара кӀотарш 250 гергга цӀа а долуш, коьртехь хоржу атаманаш[9] а болуш. Шолоховс Тийна Дон романехь йаздо 211 сурхо вала таро йолу Татарски кӀотарах лаьцна[10].

Российн имперехь донан а, кубанан а гӀазакхийн кӀотар — гӀалан махка йукъара нах хевшина, шен административан урхалла доцу меттиг. Цхьацца гӀаланийн (масала, Елизаветински гӀала) кӀотарш бахархой алсама болуш йара шеш схьайевллачу гӀаланел. Йаккхий хилла кӀотарех шеш лаьтта гӀаланаш хуьлура, аьлча а хилла ша лаьтта йукъараллин йуьрт, цунна тӀейазбина гӀазакхийн бахархой а. Малхбален гӀазакхийн эскаршкахь кӀотаран аналог хилла гӀалан посёлок.

КӀотарийн бахархойн коьрта болх хилла — йуьртабахам. КӀотархоша кхиайора котамаш, гӀезаш, гезарий, дара цицигаш, жӀалеш[11].

Столыпинан йуьртабахаман хийцамаш бечу муьрехь, 20 бӀешо долалуш, кӀотарш чӀогӀа йаьржира Россехь. Дакъойн кӀотарш йахкар къобал дора Ахархойн банкан ссудан политико, ткъа кхин а Ӏедалан агрономин гӀоьнан системо а. Дакъойн латта лелоро гӀелйира гӀопаллин тӀаьхьало. Октябран революци хиллачул тӀаьхьа, латта Ӏедалан доладоккхучу хенахь ахархоша дӀаехира дукхаха йолу кӀотарш, алсама центран-Ӏаьржалаьттан а, ийдалйисташкарчу а губернешкахь. КӀотарш йиса а йисина, кхин дӀа кхиира нэпан шерашкахь малхбузехь а, къилбаседа-малхбузехь а. Массанхьа колхозаш йохкучу хенахь, йуьртабахаман дакъойн кепах тормоз хилира колхозаш яхкарна. КӀотарш дӀаяхар чекхдаьккхира 1941-45 шш. Сийлахь-Боккха Даймохкан тӀом болабалале.

Кхечу меттанашкахь кӀотаран аналог хила тарлора: хутор (Россехь), ферма (Британехь), ранчо (Америкехь), фольварк (Польшехь), мыза (Финляндехь, Эстонехь, Ингерманландехь), вилла (Италехь). КӀотар кхин а олу гӀазакхийн взводан барамера эскаран декъах.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Хутор Нуки. Эстонский музей под открытым небом. ТӀекхочу дата: 4 декабрехь 2018.
  2. Хутор. Значение слова хутор, смысл слова хутор, что означает слово хутор, толкование слова хутор, что такое хутор. Толковый словарь Ожегова. Архивировано 15 сентябрехь 2012 года.
  3. хутор. Грамота.ру. ТӀекхочу дата: 4 декабрехь 2018.
  4. ХУЛЬДРЫ НА ХУТОРЕ Норвежская сказка Перевод А.Нестеров Художник О.Романова. Niworld. ОБРАЗЫ МИРА. ТӀекхочу дата: 4 декабрехь 2018.
  5. Владимир Абрамович (Ленский). Рассказ «Ты?!» Фонарь. ТӀекхочу дата: 4 декабрехь 2018.
  6. Старейшему хутору Кубани – 220 лет. Кубанское казачье войско. ТӀекхочу дата: 4 декабрехь 2018.
  7. "Украинская хата, Илья Ефимович Репин - описание картины". Музеи мира и картины известных художников. Дата обращения: 2018 ш. 04 декабрехь.
  8. Детство на хуторе в годы войны. Вторая Мировая Война. ТӀекхочу дата: 4 декабрехь 2018.
  9. Историческая справка. Официальный сайт Администрации Тацинского района. ТӀекхочу дата: 4 декабрехь 2018.
  10. Шолохов М. А. Тихий Дон. Книга третья. Поэты и писатели. ТӀекхочу дата: 4 декабрехь 2018.
  11. На дальнем хуторе – Мистическая история из реальной жизни людей. Загадочные места планеты. ТӀекхочу дата: 4 декабрехь 2018.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра