Лергюхан даьӀахк
Лергюухан даьӀахк[1] (йу) — (лат. Temporale os, оьрс. Височная кость) — адаман туьтан дакъа ду. Уьш шиъ хуьлу. Чуьра а, арахьара а, хӀора а дакъа а, йист а, шен-шен цӀераш йолуш йу.
Дакъош
бӀаьра нисйанАрахьара агӀора йистийн а, дакъошшийн а, цӀераш:
1 — пелаган дакъа (оьрс. чешуйчатая часть);
2 — бӀаьрдаьӀахкан га (оьрс. скуловой отросток);
3 — салазан кӀаг (оьрс. нижнечелюстная ямка);
4 — хоттарган сунк (оьрс. суставной бугорок);
5 —лерсин арахьара харш (оьрс. наружное слуховое отверстие);
6 — тӀулгйоьлла пелаган херо (оьрс. каменисто-чешуйчатая щель);
7 — лергпхьалгӀин дакъа (оьрс. барабанная часть);
8 — лергагу (оьрс. сосцевидный отросток);
9 — ютера га (оьрс. шиловидный отросток).
Чуьра агӀонан истин а, дакъошшийн а, цӀераш:
1 — пелаган дакъа (оьрс. чешуйчатая часть);
2 — бӀаьрдаьӀахкан га (оьрс. скуловой отросток);
3 — Ӏадтера айадалар (оьрс. дугообразное возвышение);
4 — лергпхьалгӀин негӀар (оьрс. барабанная крыша);
5 — Ӏода кӀелара кӀаг (оьрс. поддуговая ямка);
6 — лерсин чоьхьара харш (оьрс. внутреннее слуховое отверстие);
7 — сеттина чоьнан харш (оьрс. борозда сигмовидной пазухи);
8 — лергагун Ӏуьрг (оьрс. сосцевидное отверстие);
9 — тӀулгдоьлла дакъа (оьрс. каменистая часть);
10 — лергбертиган хитоттурган арахьара Ӏуьрг (оьрс. наружное отверстие водопровода преддверия);
11 — ютера га (оьрс. шиловидный отросток).
Суьрташ
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Берсанов Р. У. Адаман анатоми(нох.). — Грозненский рабочий. — Соьлжа-ГIала (Грозный), 2010. — (нохчийн-оьрсийн атлас : латинийн-оьрсийн-нохчийн терминийн дошам). — ISBN 978-5-900231-94-5.
Литература
бӀаьра нисйанБерсанов Р. У. Адаман анатоми(нох.). — Грозненский рабочий. — Соьлжа-ГIала (Грозный), 2010. — (нохчийн-оьрсийн атлас : латинийн-оьрсийн-нохчийн терминийн дошам). — ISBN 978-5-900231-94-5.