Дженис Фэй Лоуренс-Брэкстон (инг. Janice Faye Lawrence Braxton; йина 1962 шеран 7 июнехь, Лусдейлехь, Миссисипи штатехь) ― америкин профессионалан баскетболхо, левзина зударийн къоман баскетболан ассоциацехь. За три месяца до 1997 шеран ДКъБА коьрта драфт хилале кхо бутт хьалха хьажийна кхоалгӀа лоьмарца «Кливленд Рокерс» команде. Левзина йайн форвардан позицехь[1].

Дженис Лоуренс-Брэкстон
инг. Janice Lawrence Braxton
Карьера чекхйаьккхина
Позици Йайн форвард
Локхалла 190 см
Йозалла 80 кг
Гражданалла  АЦШ
Йина терахь 1962 шеран 7 июнь({{padleft:1962|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}) (62 шо)
Йина меттиг Лусдейл, Миссисипи, АЦШ
Ишкол Джордж Каунти (Лусдейл)
Колледж Луизиана Тек (1980—1984)
Драфт ДКъБА коьрта драфт хила кхо бутт болуш 3-гӀа, 1997, «Кливленд Рокерс» команде хьажийна

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Лос-Анджелес 1984 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Дети Сан-Паулу 1983
Панамерикин ловзарш
Деши Каракас 1983 баскетбол

Студентийн карьера

бӀаьра нисйан

Брэкстона дийшира Луизианин Технологин университетехь, цигахь левзира «Луизиана Тек Леди Текстерс» командехь, 1981 а, 1982 а шерашкахь NCAA турнире йаьккхира[1].

1982 шарахь, шолгӀа курсехь доьшуш йолуш, къобал йира NCAA турниран уггаре дика бомбардир а, уггаре гӀарайаьлла ловзархо а, ткъа «Луизиана Тек» хилира NCAA чемпион[1].

АЦШ гулйина командин карьера

бӀаьра нисйан

Брэкстон йара АЦШ къоман гулйина къомандин 1983 шеран Венесуэлера Панамерикин ловзарийн декъахо, цигахь дешин мидалш йехира[2].

Брэкстон АЦШ гулйина командин декъахь йара 1983 шеран Бразилин Сан-Паулура дуьненан чемпионатехь. Команда туьйлира йалх матчехь, амма ийшира шина матчехь Советийн Союзан дуьхьала. Хьалхарчу матчехь АЦШ гулйина командин исс очко сов йара хьалхара тайм чекхйаьлча, амма ССРС гулйина командо ловзар шен каралецира, АЦШ командин агӀора тӀаьххьара тӀелатар йухатохаделира, толам баьккхира АЦШ гулйина командин тӀаьхь 85-84 чоьтаца. АЦШ гулйина команда туьйлира дисинчу деа ловзарехь, дешин мидалш йаха дагахь йара ССРС дуьхьалчу матчехь. Толам чӀогӀа герга бара, чот 82 очко йолуш йалх секунда йисинера ловзар чекхдала. ССРС гулйина командин ловзархочуьнга Чаусова Еленега пас кхаьчна, тӀаьххьарчу секундехь толаман буьрка кхоьссира, 84-82 чоьтаца америкахой ийшира ССРС гулйина командел, детин мидалш йехира. Брэкстонан жамӀ хилира йуккъера барам 8,9 очко ловзарехь[3].

1984 шарахь АЦШ йахийтира шайн гулйина команда Уильям Джонсан кедан къийсамашка Тайбэй, Тайвань, олимпийн ловзарийн хьалхарчу практике. Командо атта иэшийра шайца левзина йерриг бархӀ команда, цхьаьна ловзарехь йуккъера барам 50 очкол кӀезиг болуш. Брэкстонан жамӀ хилира йуккъера барам 6.7 очка ловзарехь[4].

Оццу шарахь дешин мидал йаьккхира АЦШ Олимпийн гулйина командин йукъахь[5].

1987 шарахь Луизианин техникин университетан Спортан сийнан зал йукъайахийтира. 2006 шарахь Брэкстон Зударийн баскетболан сийнан зал йукъайахийтира, иза лаьтта Ноксвилл гӀалахь (Теннесси штат)[6].

Профессионалан карьера

бӀаьра нисйан

Брэкстон левзира Нью-Йоркан командехь Зударийн америкин баскетболан ассоциацехь (дукха ца лаьттинчу 80-гӀа шерашна йуккъерачу лигехь: тӀаьхьа хиллачу изза цӀе йолчу ЗАБАх ма тардалийта)[7].

Брэкстон Европехь левзира 13 шарахь Виченца, Мессина, Парма клубашна йукъахь Италин лигехь. Виченцас баьккхира биъ Европин чемпионийн кад, ткъа Брэкстона йуккъера барам кхоьссира 23 очко гергга ловзарехь[7].

Ши шо даьккхира «Кливленд Рокерс» йукъахь Зударийн къоман баскетболан ассоциацехь (ЗКъБА).

2003 шарахь болх бан йолайелира «Кливленд Рокерсан» тренеран ассистентан даржехь[7].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан