Луьсталла
Ба́хархойн лу́ьсталла — 1 км² мехкан кхочу бахархойн барам. Бахархойн лусталлин чот йеш таро йун ах ца беха меттигаш а, даккхийра чоьхьара хин аренаш а йукъара йаха. Бахархой йуккъера луьсталла йоцуш, лелабо цхьацца лусталлин гайтамаш йартийн а, гӀалийн а бахархошна.[1]
Дуьненан бахархойн йуккъера луьсталла 2013 шеран хьолан йара 52 стаг км² тӀехь[2], ткъа Антарктидан а чот йича 48 стаг км² тӀехь. Бахархойн барам тӀекхетчи, тӀекхета цуьнан луьсталла а. 1890 шарахь дуьненан бахархойн йуккъера луьсталла йара 12 стаг цхьаьна км², 1950 шарахь хилира 18 стаг, ткъа 1992 шарахь — 40 стаг[3].
Стен бо бахархойн луьсталлин Ӏаткъам
бӀаьра нисйанАдамаш цхьатерра декъаделла дац дуьненан эхигашна тӀехь. Дукхаха берш беха Къилбаседа (90 %) а, Малхбален (85 %) а дуьненан эхигашкахь. Бахархойн луьсталла чӀогӀа, иттаза сов а, къаьста материкашна йукъахь. Кхин а чӀогӀа йу башхаллаш бахархойн луьсталлехь дуьненан тайп-тайпанчу мехкашкахь.
Адамаш охьаховшаран, цигара схьа бахархой луьсталлин Ӏаткъам бен факторш йу[3]:
- ХӀордан генахь-гергахь хилар
- Меттиган абсолютан локхалла
- Меттиган рельеф
- Мохк караберзийна хан
- Климат
Бахархойн тайп-тайпана луьсталла йолу латтанийн масалаш
бӀаьра нисйанХаамаш терхьашкахь: стаг квадратан километрна
- Дакка — 44 000 (мах хадийна 2014 шарахь[4])
- Манила — 42 858 (агломераци Метро-Манила — 18 246 (2007 шо[5])
- Монако — 37 172[2]
- Мумбаи — 32 300 (мах хадийна 2014 шарахь[4])
- Макао — 22 885[2]
- Париж — 21 196 (мах хадийна 2014 шарахь агломерацехь «Йоккха Париж» — 3900[4])
- Токио — 14 061 (23 башха гуонашкахь, йерриг гӀалин префектурин чоьтаца – 5963)
- Солигорск — 11 173
- Сингапур — 7971[2]
- Минск — 5509 (мах хадийна 2014 шарахь)
- ГӀазатан сектор — 5044 (мах хадийна 2014 шарахь[6])
- Москох — 4822 (Керла Москохца) (мах хадийна 2014 шарахь Москохан агломерацина — 3400[4])
- Малта — 1418[2]
- Мальдиваш — 1208[2]
- Европин Барт — 115[2]
- Австрали — 3[2]
- Монголи — 2[2]
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Плотность населения // Плата — Проб. — М. : Советская энциклопедия, 1975. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 20).
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 Основные демографические показатели по всем странам мира в 2013 году . Институт демографии Национального исследовательского университета «Высшая школа экономики». ТӀекхочу дата: 2014 шеран 1 апрель.
- ↑ 1 2 Кузнецов, 2008, с. 42-43.
- ↑ 1 2 3 4 Demographia World Urban Areas(ингалс.)
- ↑ Metro Manila at a Glance
- ↑ CIA Factbook Архивйина 2014-06-08 — Wayback Machine
Литература
бӀаьра нисйан- А. П. Кузнецов, Л. Е Савельева, В. П. Дронов. География.Земля и люди.7 класс. — М.: Просвещение, 2008. — С. 42-43. — 175 с. — ISBN 978-5-09=020084-4.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Плотность населения — Статья из Демографического энциклопедического словаря. — М.: Советская энциклопедия. Главный редактор Д. И. Валентей. 1985.
- Счётчик мирового населения (экстраполяция)(ингалс.) — Центра демографии США
- Карта плотности населения Земли (1994)
- Карта плотности населения Google Maps KMZ (файл меток KMZ для Google Earth) (ТӀе цакхочу хьажорг), зеркало на archive.org