Магомаев, Муслим Магометович (воккха)
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Магома́ев Ӏабду́л Мусли́м Магоме́т оглы (азерб. Abdul Müslüm Məhəmməd oğlu Maqomayev, Муслим Магометович Магомаев; 1885 шеран 18 сентябрь, Соьлжа-ГӀала[1], Теркан область, Российн импери — 1937 шеран 28 июль, Нальчик, СССР) — Азербайджанан Советан пачхьалкхан композитор а, дирижёр а, Азербайджанан ССР-н исбаьхьаллин сийлахь гӀуллакххо (1935), азербайджанийн классикан музыкин бухбиллархойх цхьаъ[1]. Йишлакхархочун Магомаев Муслиман ден да.
Муслим Магомаев Müslüm Maqomayev | |
---|---|
Коьрта хаам | |
Йуьззина цӀе | Ӏабдул Муслим Магомет оглы Магомаев |
Вина терахь | 1885 шеран 18 сентябрь |
Вина меттиг |
Соьлжа-ГӀала[1], Теркан область, Российн импери |
Кхелхина терахь | 1937 шеран 28 июль (51 шо) |
Кхелхина меттиг | Нальчик, ГӀебартойн-Балкхаройн АССР, РСФСР, ССРС |
Пачхьалкх |
Российн импери → Азербайджан → ССРС |
Говзаллаш | композитор, дирижёр |
Автограф | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Жимчахь дуьйна музыке гӀерташ вара, ишколан музыкин кхолламаллехь дакъа лоцуш вараТIехьарчу Кавказан хьехархойн семинарин оркестрехь вара, цигахь вевзира Гаджибеков Ӏузеир, валлалц доттагӀалла лелийра цуьнца. Семинари чекхйаьккхича болх бира хьехархо, хьалха Къилбаседа Кавказехь, тӀехьа Азербайджанехь, цигахь ша экстернца Тифлисан хьехархойн институте экзаменаш дӀаелча охьахиира Бакохахь . Цигахь иза йукъавахара Гаджибековн куьйгаллехь йолу меттигерчу операн тобана, хьалха музыкант санна, тӀехьа — дирижёр а, театран куьйгалхо а. Кхин дӀа Азербайджанийн ССР серлонан Халкъан комиссариатехь даржашкахь лаьттира .
,Ши опера а йазйина — «Шах ИсмаӀил» а, «Наргиз» а, тӀеххьарниг йу советийн тематикера дуьххьара азербайджанийн опера. Магомаевн кхоллараллехь Ӏаткъаман лар йуьсу, хьалххарчу шерашкахь дуьйна шена езначу, Азербайджанийн къоман исбаьхьаллин. Кхин а иза ву автор кхо бӀе гергга азербайджанийн халкъан хелхарийн, эшарийн, кхин мелодийн симфонийн кечамийн .
Велла йовхарийн цамгарх 1937 шарахь 28 июлехь Нальчикехь.
Биографи
бӀаьра нисйанБералла
бӀаьра нисйанМагомаев Ӏабдул-Муслим Мохьмад охлы вина 1885 6 (18) сентябрехь Соьлжа-ГӀалахь[2][3][1][4][5]. Да — Магомаев Мохьмад Соьлжа-ГӀала кхелхина герзан пхьар вара. Магомаевн доьзало дийцарехь, жима Мохьмад Соьлжа-ГӀала валийна имам Шемала[6][7]. Цхьаболчара чIагIдо, Мохьмад вина Йоккхачу АтагIехь[8][9], дукхахболчара боху, вина меттиг билгалйаккха аьтту бац[6][7].
МагомаевгӀеран доьзалехь музыка дукха йезара[7]. Ӏабдул-Муслиман дуьххьара хьехархо хилира цуьнан воккхаха волу ваша Мохьмад, иза сурт дуьллуш а, сурт доккхуш а, шедаг, Кехат пондур дика локхуш вара[5][9]. Кехат пондур лакха цуо Ӏабдул-Муслим а Ӏамийра. ТӀехьа, Соьлжа-ГӀалин ишколехь доьшучу хенахь, Мохьмад хилира ишколан оркестран куьйгалхо[6][10], хьийхира хелхарш. Сурт дилларехь болчу кхиамаш бахьнехь ишколан куьйгалло жима стаг исбаьхьаллин училище хьажо гӀертара, амма доьзалан иза дан таро ца хилира[5]. Хирволу композитор шен вешера масал эцна Соьлжа-ГӀалин ишколе вахара[6][10], иза 1900 шарахь чекхйаьккхира[11].
Хьехархочун карьера
бӀаьра нисйан1900 шарахь Ӏабдул-Муслим Гориехь йолчу ТIехьарчу Кавказан хьехархойн семинарин ладогӀархо хӀоьттира[11]. Цигахь доттагӀалла тасаделира Гаджибеков Ӏузеирца, цу шинан дукха хӀумнаш тера дара, ший а цхьаьна дийнахь вина а вара[10]. Гобой лакха а Ӏамийна, Магомаевх семинарийн оркестран солист хилира[6][10][12], цуьнан репертуарехь оьрсийн а, европийн а композиторийн кхолламаш бара[13]. 18 шо долуш Магомаевх хилира оркестрехь лакхара музыкант, сих-сиха дирижер меттана болх а бора цуо[6][10][12]. Кхин а Магомаевс ишколан хорехь йиш а лакхара[14].
Семинарехь Ӏабдул-Муслиман йезайелира кавказан халкъан музыка. Цуо музыкин фольклорех болу хаамаш дукха сиха гулбира, 1900 шарахь цуьнан йаззамаш Парижехь Дуьненайукъара гайтамехь дӀахиттийра. Кхуззахь йазбира цуо музыкин кхолламаш: вальс «Сатийсар», мазурка «Семинархо», кхин цхьа могӀа кхолламаш а[15].
1902 шарахь семинарин студенташ болуш, Магомаев Муслим а, Гаджибеков Ӏузеир а баьхкира Кахе Муслиман да Магомаев Мохьмад волчу, иза эчиг пхьола деш вара Ичери-базар куьпахь[16] (иза диц ца далийтархьама Магомаевн да ваьхна а, болхбина а волчу цӀийнан пена тӀехь, хӀоттийна мемориалан у). 1904 шарахь семинари чекхйоккхуш[3] дешарехь тӀех сов кхиамаш хиларна Ӏабдул-Муслиман совгӀатна Ӏад хьокху пондур белира[17] ахчан совгӀат а дира[18].
Семинари чекхйаьккхича, Магомаев декхарехь вара масех шарахь халкъан ишколехь болх бан[18]. Иза хьажийра ишттачу ишколе[10] Бековичи юрта[12]. Цигахь цуо кхоьллира ишколан хор, церан гайтарш хазахетара меттигерчу бахархошна[18]. 1905 шеран сентябрехь[19], Соьлжа-ГӀалахь болх кара а ца бина[9], Магомаев кхелхира Ленкоране[20]. Цигахь иза хьеха волавелира оьрсийн мотт, истори, хими[17] меттигерчу училищехь[4], цхьана моггӀара кхоьллира музыкин гуо[12], цуо йора музыкин суьйренаш а, театран гайтамаш а[17]. Цуьнан хенарчара тешалла дарехь, Ӏабдул-Муслиман белхо дикка айира оцу жимачу гӀалара оьздангалла[19], ткъа ленкоранан театран гуо билгалбаьккхира «Бакох» газетан лоьмаран «Бусулбачеран дахар» бӀогӀамехь [21].
1911 шарахь, декхаран белхаш чекхдевлча, Магомаевс Тифлисан хьехархойн институтехь экстернца экзаменаш дӀа а йелла[12][17][22] Бакох дехьавелира, цигахь Сабунчехь[14] йолчу гӀалин училище балха вахара[4]. Кхузахь хьехна ца Ӏаш дӀайиллира меттигера белхалошна йоза Ӏамо суьйренан курсаш[22]. 1918 шарахь Гражданийн тӀом баьлча, цуо дитира и дарж[4].
Музыкин карьера
бӀаьра нисйанБакохь хьоьхучу хенахь Магомаев Ӏабдул-Муслим болх бан волавелира куьйгаллехь Гаджибеков Ӏузеира волу меттигерчу бусулбанийн операн тобанца. 1911 шарахь, ша дӀакхелххинчу хенахь, Азербайджанийн музыкин театран оркестрехь иза Ӏад хьокху пондур лакха волавелира[23][24]. Оцу шарахь Гаджибеков Москвоха деша вахара, ткъа 1912 шарахь — Петарбухе, тӀаккха Магомаевс шена тӀелецира шен доттагӀ дешна валлалц цунна рицкъ латтор[25]. Магомаевс схьаийцира театр шен куьйгалле Сарабски Хьусейнкулица а, Терегулов Мамед-Хьанафица а цхьаьна. 1912 шарахь иза дирижер вара оркестрехь[23].
1913 шарахь Магомаев волавелира «Безам» а, «Шах ИсмаӀил» операш йазйан. «Безам» чекх ца йаьккхира, кхолламан йазйина ари бен ца йисна[26]. «Шах ИсмаӀилан» тӀехь бен болх чекхбаьккхира 1916 шарахь[6][24]. Операн хьалхарчу редакцехь шорта къамелийн эпизодаш йара, ткъа музыка импровизацин а, мукъаман а принципаш тӀехь йара[14], шолгӀачу а, кхоалгӀачу а редакцешкахь, диалогаш хийцира речитативашца, ткъа импровизацино дӀабелира шен меттиг хорашна а, аришна а[12]. Халкъан музыкин ойланаш кхианайаьллачу операн кепан гурачохь кхочушйина, «Шах ИсмаӀил» хилира Азербайджан музыкин исбаьхьалла кхиоран ладаме мур[14]. Кхин тӀе опера туойаран процессехь Магомаевс кхоьллира уггар хьалхачарех азербайджанан халкъан музыкин нотийн йаззамаш[12]. Кхолламан премьера леринера 1916 шаран, амма хан тӀекхачале чохь опера хӀотто йеза Тагиевн драман театран гӀишло егира[27]. ШолгӀа премьера леринера 1919 шеран 7 мартана[6]. Ши де дисинчу хенахь вийра хӀоттамехь режиссёр даржехь дакъалаца дезаш волу Араблински Хьусейн[27], амма премьера хилира, къегина а хилира: опера арайалар билгалдаьккхира боккхачу аьттонца[6]. 1938 шарахь Глиэр Рейнгольдан редакцехь «Шах ИсмаӀил» опера гайтира Москвохахь Азербайджанин исбаьхьаллин декадийн деношкахь[28].
1920 шарахь Магомаев Ӏабдул-Муслима халкъан серлонехь бина белхийн мах хадийра — иза Азербайджанийн ССР серлонан белхалойн бертан председатель хаьржира[4]. 1921 шарахь Магомаев Азербайджанан серлонан халкъан комиссариатан исбаьхьаллин декъан куьйгалле хӀоттийра, тӀехьа Азербайджанан драман театран исбаьхьаллин куьйгалхочун даржехь, М. Ф. Ахундовн цIарахчу Азербайджанан операн а, балетан а театран коьрта дирижёр даржехь белхаш бира[4]. 1929 шарахь Магомаев Азербайджанан радиоцентран музыкин декъан куьйгалхо вара[24], оцу даржехь иза лаьттира 1931 шо кхаччалц[4].
1932 шарахь волавелира опера йазйан Кёрохлых лаьцна эпосан дийцаран сюжетехь, амма шена Гаджибеков изза теман кхоллам йазбеш вуй хиича, хӀаллак дира шен тептар, доттагӀчо кхин а дика йазйийр йу опера аьлла[17]. Цул тӀехьа иза волавелира «Наргиз» йазйан, цуо дуьйцура Азербайджанан ахархоша XX бӀешарахь советан Ӏедал хӀотто гӀерташ бинчу къийсамех лаьцна[14][24]. Премьера 1935 шеран 24 декабрехь Бакохахь хилла болу и кхоллам[6], азербайджанан советан тематикан хьалхара опера хилира[12][14].
1937 шарахь композитор цомгаш хилира йовхарийн лазарца. Доьзалехь дийцарехь, цамгаран бахьана хилира Кура хин чу йоьжна шен зуда хьалайоккхуш шелвалар[29][30]. Цамгар чӀагӀлуш йара, тӀаккха иза дарбана Нальчике вахара, цигахь иза кхелхира 1937 шеран 28 июнехь[4][12][14]. ДӀавоьллина композитор Бакохара сийлаллин дIабухку аллейхь[31].
Доьзал
бӀаьра нисйанАрахьара суьрташ | |
---|---|
Магомаев Iабдул-Муслим кIантаца Джамалца, хууш долу т1еххьара композиторан сурт[6]. |
Муслиман ши ваша а, кхо йиша а йара[6]. Цуьнан зуда Терегулова Байдигюль йара[32], иза йиша йара операн йишлакхархочун Терегулов Хьанафин а, Гаджибекова Малейкен а[10] (Гаджибеков Ӏузеиран стунйиша[27]). Церан ши кӀант вара[32]: Джамал-Эддин а, Мохьмад а[30]. Хьалхарниг 1953—1957 шерашкахь Азербайджанийн ССР-ан промышленностан министр даржехь лаьттира[33], шолгӀаниг театран суртдиллархо а, мультипликатор а вара, шен бронь йоллушехь Сийлахь Даймехкан тӀаме вахара, кхелхира 1945 шеран 24 апрелехь Берлин йоккхуш[32]. Цуьнгахь марехь йолчу актрисас Кинжалова Ӏайшета кӀант Муслим вира[30], тӀехьуо эстрадан а, операн а йишлакхархо хилла волу[6].
Музыкин кхолламаш
бӀаьра нисйан"Музыкин энциклопеди"но (1976) балабо Магомаевн лахара кхолламаш[28]:
- Операш
- Шах ИсмаӀил (1916, хӀоттийна 1919 шарахь Бакохахь);
- Наргиз (йазйина, хӀоттийна 1935 шарахь Бакохахь).
- Музыкин комеди
- Хоруз бей (Эла боргӀал, чекх ца йаьккхина).
- Оркестран
- «Миска» фантази
- XVII партийн гуламан лерина марш;
- РВ-8 марш, кхин а.
- Спектаклашна йаьккхина музыка
- «Белларш» Мамедкулизаде Джалилан
- «1905 шарахь» Джаббарлы Джафаран
- Фильмашна йаьккхина музыка
- «Азербайджанан исбаьхьалла»;
- «Тхан рапорт», кхин а.
Музыке диллина дакъа
бӀаьра нисйанМагомаев Ӏабдул-Муслим ву 15 симфонийн кхолламан автор, царна йукъахь ши опера, маршаш, масех рапсоди. Кхин а цуьнан бу итт гергга азербайджанийн поэтийн байтийн вокалан кхоллам. Хууш ду цуьнан кхаа чекхбаккханза болчу кхолламех: опера «Безам», балет «Дэли Мухтар», музыкин комеди «Хоруз бей»[4][12][24][26]. Цул сов, Магомаев ву театран хӀоттамашна («Белларш», «1905 шарахь»[4] а, кинофильмашна а музыка йазйинарг[6] («Азербайджанан исбаьхьалла» а, «Тхан рапорт» а[14]).
Магомаевн «Наргиз» опера лору азербайджанан классикан музыкин-сценийн кепера хьалхара опера. Магомаевн а, Гаджибековн а хьалхара операш йу мукъамийн[34]. Кхин а Магомаев ву хьалхарчарех цхьа автор азербайджанийн массийн эшарийн[28].
Магомаевс болх бира гулйеш, систематизаци йеш нохчийн[8] а, азербайджанийн а, кхечу кавказан фольклор[15]. Азербайджаначун цуо алсама терго йора, иза автор волуш бина бу симфонийн белхаш кхобӀе гергга азербайджанийн халкъан эшарш а, хелхарш а тӀехь, цхьа дакъа царех арахийцира «Азербайджанан халкъан эшарш» цӀе йолчу гулам чохь 1927 шарахь[14]. Гулам чу бахара Магомаевн а, Гаджибековн а халкъан кхолламаш тӀехь бина белхаш[24][2][20][35].
Магомаевн кхоллараллан бух бу Азербайджанан къаьмнийн исбаьхьалла[12], иза Ӏамош вара иза ишколера дуьйна[6]. Композитор ца ведира Европин а, хьалхарчу рогӀехь, оьрсийн а композиторийн зеделлачух, иза доьхкура цуо халкъан музыкца[12], иштта арайоккхура тӀеххьарниг дуьненан тӀегӀане[27]. Цуьнца цхьаьна билгалйаха мегар ду цуьнан кхолламийн лакхара ойланаш[14]: царна чохь гойту азербайджанхойн къоман хьекъал а, буржуазин дуьхьала болу халкъан массин къийсамаш а[12].
СовгӀаташ а, иэс а
бӀаьра нисйан1935 шарахь Магомаев Ӏабдул-Муслиман Азербайджанийн ССР исбаьхьаллин хьакъ долу гӀуллакххо дарж делла[12][24]. Магомаевн цӀе йелла:
- Азербайджанийн пачхьалкхан филармонин[6][12][14];
- Бакохара историн центрера урамна[6].
Филармонин гӀишлон хьалха Магомаев Ӏабдул-Муслиман 1987 шарахь боьгӀна хӀоллам бу. Иза бина скульптора Эльдаров Ӏумара а, архитектора Салехов Арифа а[36]. Бакохахь Низамин урамера лоьмар 41 йолчу цӀийнан пена тӀехь, композитор ваьхначохь, хӀоттийна мемориалан у.
-
Магомаевн чурт
-
Бакохара Магомаев ваьхна цӀа
-
Мемориалан у
-
Бакохара Магомаевн хӀоллам (цуьнан цӀарахчу филармонин гӀишлон хьалха)
-
Бакохара Магомаев Муслиман урам (Ичери-шехерехь)
-
Цуьнан дех болу хаам Ичери-базарехь
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 Магомаев, Муслим Магометович (воккха) — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу.
- ↑ 1 2 Музыкальная энциклопедия, 1976.
- ↑ 1 2 Советские оперы, 1982, с. 411.
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 Магомаев Абдул-Муслим Магометович . Международный Объединенный Биографический Центр. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 12 сентябрь. Архивйина 2016 шеран 12 сентябрехь
- ↑ 1 2 3 Исмаилова, 1975, с. 4.
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 Светлой памяти великого композитора посвящается . Муслим (интернет-журнал). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 12 сентябрь. Архивйина 2016 шеран 12 сентябрехь
- ↑ 1 2 3 Мешаненкова, 2013, с. 10.
- ↑ 1 2 Хаджимуратова, Арсалиев, 2014, с. 206.
- ↑ 1 2 3 История Чечни, 2013, § 2. Новые явления в культуре чеченского общества, с. 541.
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 Магомаев, 1999, с. 10.
- ↑ 1 2 Исмаилова, 1975, с. 5.
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 Гаджибеков, 1938.
- ↑ Исмаилова, 1975, с. 8—9.
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 Аббасов, 1952.
- ↑ 1 2 Исмаилова, 1975, с. 10.
- ↑ Hüseynzadə F. Tanıdığımız və tanımadığımız Qax (az) // Palitra. — 2015. — 29 sentyabr.
- ↑ 1 2 3 4 5 Магомаев, 1999, с. 11.
- ↑ 1 2 3 Исмаилова, 1975, с. 11.
- ↑ 1 2 Исмаилова, 1975, с. 12.
- ↑ 1 2 Советские оперы, 1982, с. 412.
- ↑ Исмаилова, 1975, с. 13.
- ↑ 1 2 Исмаилова, 1975, с. 13—14.
- ↑ 1 2 Исмаилова, 1975, с. 14.
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 Абасова Э. Г. Муслим Магомаев-старший . Belcanto.ru (2011 шеран 6 январь). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 13 сентябрь. Архивйина 2016 шеран 12 сентябрехь
- ↑ Узеир Гаджибеков . Телекомпания МИР. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 18 июнь.
- ↑ 1 2 Исмаилова, 1975, с. 17.
- ↑ 1 2 3 4 Гусейнова, 1998.
- ↑ 1 2 3 Музыкальная энциклопедия, 1976.
- ↑ Мешаненкова, 2013, с. 11.
- ↑ 1 2 3 Магомаев, 1999, с. 12.
- ↑ Выдающийся певец, народный артист СССР Муслим Магомаев похоронен в Аллее почетного захоронения . ИА АПА (2008 шеран 29 октябрь). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 26 сентябрь.
- ↑ 1 2 3 Мешаненкова, 2013, с. 13.
- ↑ Депутаты ВС СССР, 1970, с. 265.
- ↑ Музыкальный энциклопедический словарь, 1990, Азербайджанская музыка.
- ↑ Григорьев, Платек, 1981, с. 181.
- ↑ Азеринформ, 1987.
Литература
бӀаьра нисйанЖайнаш
бӀаьра нисйан- Карагичева Л. В. Азербайжданская ССР. — 2-е изд.. — М.: Государственное музыкальное издательство, 1956. — 100 с. — (Музыкальная культура союзных республик).
- Союз композиторов СССР. Советские композиторы: краткий биографический справочник / сост. Г. Б. Бернандт, А. Н. Должанский. — М.: Советский композитор, 1957. — 695 с.
- Депутаты Верховного Совета СССР. — Известия Советов депутатов трудящихся СССР, 1970. — Т. VIII.
- Исмаилова Г. А. Муслим Магомаев / под ред. Л. В. Карагичевой. — 1-е изд.. — Б.: Азербайджанское государственное издательство, 1975. — 64 с.
- Григорьев Л. Г., Платек Я. М. Советские композиторы и музыковеды: справочник в трёх томах. — М.: Советский композитор, 1981. — Т. 2: К — Р. — 416 с.
- Абдул Муслим Магометович Магомаев // Советские оперы: краткое содержание / сост. А. М. Гольцман. — М.: Советский композитор, 1982. — 672 с.
- Музыкальный энциклопедический словарь / Гл. ред. Г. В. Келдыш. — М.: Советская энциклопедия, 1990. — 672 с. — 150 000 экз. — ISBN 5-85270-033-9.
- Магомаев М. М. Мотивы детства // Любовь — моя мелодия. — М.: ВАГРИУС, 1999. — (Мой 20 век). — ISBN 5-264-00001-8.
- Гешаев М. Б. Знаменитые чеченцы. — Гр.: Седа, 1999. — Т. 1. — С. 296—319. — 644 с. — 2000 экз.
- Эстрада России, XX век: энциклопедия / отв. ред. Е. Д. Уварова. — М.: ОЛМА Медиа Групп, 2004. — 861 с. — ISBN 5-224-04462-6.
- Мешаненкова Е. Муслим Магомаев. Биография. — М.: Издательство АСТ, 2013. — 431 с. — ISBN 978-5-457-40567-7.
- Академия наук Чеченской республики. История Чечни с древнейших времён до наших дней в четырёх томах / отв. ред. Я. З. Ахматов. — Гр.: Грозненский рабочий, 2013. — Т. III. История Чечни XIX в. — 654 с. — 5 000 экз.
Йаззамаш
бӀаьра нисйан- Гаджибеков У. А. Муслим Магомаев // Бакинский рабочий. — Б., 1938. — 28 июлехь (№ 173).
- Аббасов А. Д. Выдающийся композитор (К 15-летию со дня смерти М.Магомаева) // Бакинский рабочий. — Б., 1952. — 27 июлехь.
- Магомаев Абдул Муслим Магометович / Абасова Э. Г. // Корто — Октоль. — М. : Советская энциклопедия : Советский композитор, 1976. — Стб. 380. — (Энциклопедии. Словари. Справочники : Музыкальная энциклопедия : [в 6 т.] / гл. ред. Ю. В. Келдыш ; 1973—1982, т. 3).
- Вечно живая, одухотворенная музыка: Открытие памятника Муслиму Магомаеву // Бакинский рабочий / Азеринформ. — Б., 1987. — 19 сентябрехь.
- Гусейнова Н. Грустное великолепие Муслима Магомаева // Неделя. — М.: Известия, 1998. — 18 сентябрехь.
- Хаджимуратова А. С., Арсалиев Ш. М. Национально-художественная культура Чеченской республики в аспекте эстетического воспитания школьников // Вестник ЧГПУ. — 2014. — № 5. — С. 202—210.