Явус Зайнди́евич Ахма́дов (1945 шеран 3 октябрь, Потапенко йурт, Семипалатинскан область, Кхазакхстан, СССР) — нохчийн историк а, политикин гӀуллакххо а.

Явус Зайндиевич Ахмадов
ГӀуллакхан тайпа историк, пачхьалкхан гӀуллакххо, йукъараллин гӀуллакххо, университетан профессор
Вина терахь 1949 шеран 3 октябрь({{padleft:1949|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:3|2|0}}) (75 шо)
Вина меттиг Потапенко йурт, Новошульбинскан кӀошт, Семипалатинскан область, Кхазакхийн ССР, СССР
Корматалла истори
Гражданалла

ССРС СССР

Росси Росси
Да Зайнди

Цо дишира Джамбулехь (Кхазакхстан). ЦӀа вирзинчул тӀехь цо йуккъера школа чекхйаьккхира 1966 шарахь.

1970 шарахь цо чекхйаьккхира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн факультет.

2006 шарахь цо йаьккхира шозлугӀа говзалла Российн президентан пачхьалкхан гӀуллакхан академехь.

Цо чекхйаьккхира Махачкалахь йолу СССР Ӏилманийн академин ДегӀастанан филиалан Историн а, археологин а, меттанийн а институтан аспирантура. 1978 шарахь цо чекхйаьккхира кандидатан диссертаци «Нохч-ГӀалгӀайн къамнийн а, Российн а йукъаметтиг XVIII бӀешерахь».

1990 шарахь Ростов-Донехь цо чекхйаьккхира диссертаци «Къилбаседера Кавказан къаьмний Российн а, Иранан а, Османан империн а полититкехь XVI бӀешо дуьйна XVIII бӀешеран хьалхара дакъехь». Историн Ӏилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин академик.

Ӏилманан а, хьехоран а болх

бӀаьра нисйан

19701971 шерашкахь цо ГӀойтара йуккъера школехь хьехархон болх бира. 1971 шо дуьйна иза вара Нохч-ГӀалгӀайн республикин музейн белхало. 1970-гӀа шерашкахь цо шен Ӏилманан болх дӀакхоьхьура ЧИАССР Министрийн Советан йукъайогӀуш йолу Нохч-ГӀалгӀайн НИИ.

Институтехь 12 шарахь болх беш цо йазйира дукха статьяш а, «Нохчичоьн истори» хьалхара том а, «Нохч-ГӀалгӀайн истори» цӀе йолу шиъ школан учебник а, «XVIII бӀешарахь Российн а, Нохчичоьн а хилла йукъаметтиг» цӀе йолу документийн гулам а.

1990 шо дуьйна иза вара Нохчийн пачхьалкхан университетан профессор. 2001 шарахь иза хаьржира Нохчийн Республикин Ӏилманийн Академин академик. 2004 шо дуьйна иза вара Нохчийн пачхьалкхан университетан диссертацин советан декъашхо.

Цо толлуш йу: XVIXIX бӀешерашкахь Кавказехь хилла йолу йаккхий пачхьалкхий политика; Къилбаседера Кавказан этнополитикин истори; Нохчичоьнан истори; таханлера Кавказан геополитикин а, йукъараллин а, политикин а процессаш.

1990 шарахь цо йира доклад конференцехь Оксфордехь (Йоккха Британи). Иза йара XIX бӀешарахь Ӏийна волу гӀарваьлла нохчийн динан гӀуллакххо Кунта Хаджи Кишиеван дахарах а, гӀуллакхах а лаьцна.

Цо йазйина 100 сов Ӏилманан болх, царна йуккъехь 12 монографи а, дешеран пособи а. Цхьаболу цуьнан белхаш арахецна кхоьчу пачхьалкхашахь: СНГ, Туркойчоь, США. Цо дакъа лаьцна дукха йерригсоюзан а, йерригроссийн а, халкъашна йуккъера а конференцишкахь.

Политикин болх

бӀаьра нисйан

1993 шарахь иза вара Нохчийн Республикин къоман а, гражданийн а бертан Советан декъашхо. Оцу Советан йукъбохуш бара Дудаеван оппозицехь болуш болу партийн куьйглахой а, цхьайолу Дудаеван дуьхьала йолу интеллигенци а.

19941996 шерашкахь иза вара Нохчийн Республикин информацин а, зорбанан а министр. 20002002 шерашкахь иза вара Нохчийн Республикин зорбанан гӀуллакхийн Российн министерстван Мехкан урхаллан куьйгалхо.

20022003 шерашкахь иза вара Российн Думин Нохчийн Республикехь политикин дӀадерзоран а, адамийн бакъонаш Ӏалашйаран а Комиссин аппаратан куьйгалхо. 20042010 шерашкахь иза вара Российн президентан администрацин хьехамчийн болх латторан департаментан куьйгалхон когаметтаниг а, коьрта хьехамча а.

  • Очерки политической истории народов Северного Кавказа в XVII в. Грозный, 1988;
  • Взаимоотношения народов Чечено-Ингушетии с Россией в XVIII в. Грозный, 1992;
  • История Чечено-Ингушетии. Учебное пособие. (9 кл.). Грозный, 1992 (в соавторстве).
  • История Чечни с древнейших времен до конца XVIII в. Пособие для изучающих историю родного края. М.: Мир дому твоему, 2001
  • История Чечни в XIX—XX веках. — М.: Пульс, 2005 (в соавторстве).
  • Очерк исторической географии и этнополитического развития Чечни в XVI—XVIII веках. М., 2009.
  • Судьба народов Чечено-Ингушетии: депортация и возвращение Архивйина 2007-03-12 — Wayback Machine

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан