Макъруд (Ӏаьр. مقروض‎‎) — Къилба Африкин ламастан мерза печени. Иза схьаяларан мохк лору Тунис, амма чӀогӀа яьржина ю Алжазаирехь, Мароккохь (къаьсттина Уджда а, ТатӀуан а гӀаланашкахь), Ливехь, Мальтехь. Иза юкъаяьккхина аьлла хета Алжазаирера Мзабан оазисашкахь, СатӀийфан аренашкахь, кхечу хьосташца макърудан историн уьйр ю Къайруан гӀаланца, Тунисан синмехаллин коьрта шахьрица. Оцу гӀалахь 2008 шеран 20 майхь дӀаяьхьина хьалхара къоман макърудан фестиваль[1]. Кулинарин оьздангаллин дакъа санна, макъруд иштта яьржина дукха алжазаирхойх а, тунисхойх а бевлла бахархой бехачу мехкашкахь, масала Францехь.

Печени макъруд

МагӀрибехь, тайп-тайпана кепара ю макъруд, цхьадерш царех даттарш ду, церан йукъара кӀезиг хӀума ду ламастан макърудца, кеп дӀаяьккхичхьана[2][3]. Масала, макърут малахӀ (makrout malah, «дуьра макъруд»), йо картолах, чамбечарех (куркума, циц, орегано, тимьян), ткъа юкъаюллург йо саьрмасекх, томат, бурч, зайтдаьттан тоьхна бераме йоьллина котамах. ТӀаккха тӀеюхку керла кунжут. Классикан вариантехь печени юкъаюхку хурманаш, бӀараш я миндалан паста. Ромбан кеп хуьлу — оцу кепахь схьаяьлла цӀе а. Бод кечбо дама а, Ӏов а иэдой, цуо ло печенин башха текстура а, чам а[4]. Макъруд хурманашца а, мозца а алсама лелайо Рамадан баттахь.

Демах а, Ӏевнах а, бецан даьттах а боьллина бод чӀапбо, чуюллу хурман паста. Паста кечйо Дакълат Нур кепара хурманех, кхин а инжирах я миндалах, корицех, апельсинан чкъуьйригах. Бод хьарчабо рулет кепара, охьатаӀабо чӀапо хилийтархьама. ТӀаккха ромб кепара кийсигаш йоху. Цул тӀаьхьа печенин кечам я ботту бецан даьттанахь, я духовкин чохь ботту[5]. Иза яран тӀаьхьара мур бу макъруд хих а, мозах а, апельсинан зезагех а бинчу мерза шатӀ чохь тӀадаяр [6].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Foued Allani, " En couverture ", La Presse Magazine,‎ 27 mai 2008, p. 2-7
  2. "Makrout el louz - Les Joyaux de Sherazade". Les Joyaux de Sherazade(франц.). 2015-07-16. ТӀекхачаран де: 2017 ш. 19 июнехь.
  3. "Recette pour ramadan facile / Makrout salé". Les Joyaux de Sherazade(франц.). 2014-05-29. ТӀекхачаран де: 2017 ш. 19 июнехь.
  4. Desserts from Around the Globe. Dessertsfromaroundtheglobe.wordpress.com. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 апрель.
  5. Gaelle & Patrice Le Franc. Makroudh. La Cuisinede Ma Copine. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 апрель. Архивйина 2012 шеран 8 июлехь Архивйина 2012-07-08 — Wayback Machine
  6. North African Cuisine (инг.). www.foodingredientsonline.com. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 5 февраль.