Рамадан
Исламан рузма |
---|
Тахана: йеара 13 Рабиуль-Аввал 1445 г. х.
|
Рамадан (Ӏаьр. رمضان), Рамазан (туркойн маттахь Ramazan)— бусалбан рузманан уьссалгӀа бутт бу. Сийлахьчу КъурӀанахь «Етт» (Аль Бакъара) цӀе йолчу суратехь аьлла ду: «Шуна кхаба тӀебиллина болу Рамзана бутт бу, шена чохь КъурӀан доссийна болу — ша нахана куьйгалла а долу‚ шена чохь нийсачу некъан, бакъдерг-харцдерг а, хьанал-хьарам къасторан а билгалонаш йолу. Шух цхьанна и бутт тӀехӀоттахь, цо кхобийла иза»[1].
Рамадан бутт болабелча наха марханаш кхобу, чекхбаьлча марханаш досту (Аль-Фитр Ӏийд). Оцу берриг баттахь, йуучух сарахь бен ца кхеташ, марханаш кхаба декхаре ву могуш-маьрша волу хӀора бусалба. Цул сов, цу баттахь бусалба наха дийнахь цигаьрк а ца узу, иштта царна магош дац дагара гергарло а.
Рамаданан йохалла- ткъе исс йа ткъе итт де- беттан рузме хьажжина къастайо. Марха кхабар садаржарца доладо (Ӏуьйренан азан кхайкхарца), чекхдолу малх бузчу хенахь (суьйренан азан кхайкхарца).
Марха кхабар садаржарца долало (Ӏуьйренан молла кхойкхучу заманчохь), чекхдолу малх чубузуш хенахь (суьйренан молла кхайкхарца). ХӀора дийнахь бусалба наха Делан дуьхьа марха лаца ният до. Марха дастаран (Ӏаьрбойн маттахь إفطار /ифтар/) хан тӀекхаьчначул тӀаьхьа марх даста деза. Бакъхьа (суннат) ду хица а, шурица а, хурмица а марха дастар.
ХӀора дийнахь пхьуйра ламаз (Ӏиша) динчул тӀаьхьа бусалбачара жамаӀатехь шайн лааме ламаз до, цунах таравихь олу (Ӏаьрбойн маттера "تراويح " /таравихь/ "садаӀар" маьӀна ду цуьнан). Иза 8-гӀа йа 20-гӀа ракаӀатехь лаьтта. Т1аьххьарчу иттолг1ачу деношкахь Билгалдаккхаран буьйсе (Лайлатуль-къадр буьйса) т1ейог1у.
Шавваль-беттан хьалхарчу дийнахь, Рамадан чекхбаларан сийнна мархаш досту. Цу дийнахь бусалбачара дезачу дийнан ламаз до, цунах Ӏийда олу, Ӏаьрбойн маттера схьадеъна дош ду иза, цуьнан маьӀна «дезде» ду. Иштта цара халачу хьолехь бохкучу нахана тӀедожийна сагӀа (закят) дӀало. Марха достучу дийнахь керланиг, хазаниг йуху бедар, мерзаниг кечдо даар.
Къуръанехь мархийн баттах лаьцна Нисйе
Сийлахьчу Къуръанехь «Етт» (Аль Бакъара) цӀе йолчу суратехь аьлла ду:
183.ХӀай шаьш [Делах] тешнарш ! [Дала] Шуна [йаздина] тӀедиллина марха кхáбар, шоьл хьалхарчáрна [Шá] тӀедилларх терра . Шу кхéра тарло [Ӏáсаллех] .
184.[мáрханаш кхáба] Лéрина [долчу] деношкахь . Ткъа шоьх шá цомгуш, йа нéкъаца хилларг [милла велахь], тӀаккха [цунна тӀехь] кхéчу дéношха масех [кхáбар] ду . И ца кхáбалочáрна тӀехь [цáра балабéзаш] мáх бу — мискачунна [цхьаъ] кхáча балар . Шен лаамца [шеггара] дика динарг [милла велахь], иза цунна дика ду . Аша мáрхакхáбар шуна дика ду, шуна [и] хууш делахь .
185.Мáрхин бутт, шéна чохь Къуръáн доссийна [бутт] бу, нáхана нийса некъ а, нийсачу новкъах [йолу] билгалóнаш а хилла [долу] . Шоьх [цу] баттана шá тӀекхаьчначó кхóбийла и . Ткъа шá цомгуш, йа нéкъаца хилларг [милла велахь], тӀаккха [цунна тӀехь] кхéчу дéношха масех [кхáбар] ду . АллахӀана шуна атталла лаьа, шуна халó [ян] ца лаьа . Аша кхóчуш дойла [и] масех [де , АллахӀу акбар áларца] вазвойла АллахӀ , Цó шаьш [бакъонна тӀе] нисдарна . Шу баркаллé хила тарло .
187.[Дáла] Шуна магийна мархин [беттан] буьйсанна [шу] шайн зударшна [эвхьаза] тӀегӀортар . Уьш шун дýхар ду, шу цéран дýхар ду . АллахӀана хиъна, баккъалла а аша шайн догӀмаш лéдеш хиллий, тӀаккха шуна гечдина Цó , шуна къинтӀéра ваьлла . ХӀинца [эвхьаза] хьакхалó шу цáрех [меттахь], аша лаха [цáрца] АллахӀа шайна йаздинарг . Йаа, мала Ӏуьйранна кӀай тай Ӏаьржачу тайх [сá-бóда] къáстталц, тӀаккха кхóчуш де [шайн] марха буьйса йоллалц . Шу цáрех [шайн зударех эвхьаза] хьакха ма лó шаьш маьждигехь [Ӏибáдат деш] Ӏеш долуш . Уьш АллахӀан [шарӀа] дóзанаш ду . Шу герга ма гӀó цáрна . Иштта, билгалдо АллахӀа нáхана Шен áяташ . Уьш [хьáрамчух] кхера тарло .
(Аль Бакъара 2:183-185;187)