Малаев, Джалвади Баймутдинович
Джалвади Малаев Баймутдинович (вина 1953 шеран 8 ноябрь, Кок-Янгак ГӀиргӀазойн ССР) — Нохчийн Республикин Парламентан депутат. Оьрсийн а, ингалсан а нохчийн меттанашкахь долу физизикин географин терминийн дошаман автор[1][2]. Нохчийн Республикин сийлахь эколог[3].
Джалвади Малаев Баймутдинович | |
---|---|
Вина терахь | 1953 шеран 8 ноябрь (71 шо) |
Вина меттиг | Кок-Янгак, ГӀиргӀазойн ССР |
Да | Баймутдин |
Нана | Румисат |
Зуда | Кесира |
Бераш | кӀант Руслан. йоьӀарий Лайла а Хеда а |
СовгӀаташ |
Биографи
бӀаьра нисйанДжалвади вина 1953 шеран 8 ноябрехь ГӀиргӀазойн ССР-н Кок-Янгакехь нохчий а, гӀалгӀай а махках бохуш цуна да-нана оцу эвлахь охьабиссина хилла. Реабилитаци йинчул тӀехьа доьзал шай дай бехначу Бена-Ведана цӀа бехкина.
1977 шарахь Джалвадис чекхйаьккхина Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет цуна говзалла хилла «Географ. Географин хьехархо».
Джалвадис шен белхан гӀуллакх долийра 1977 шеран августехь Бена-Веданан школехь хьехархо хилла.
1977 шеран ноябрь тӀера 1983 шеран ноябрь кхаччалц цуо секретарь болх бира, Нажи-Йуьртан РК ВЛКСМ шолгӀа секретарь.
1983 шеран декабрь тӀера 1989 шо кхаччалц Нажи-Йуьртан ЮШ № 1 директор болх бира.
1989 тӀера 1998 шо кхаччалц Нажи-Йуьртан кӀоштан экологин комитетан председатель болх бира.
Нохчийн Республикин пачхьалкхан экологин Росприроднодзоран экспертизин декъан начальник.
2005 шеран ноябрь тӀера 2008 шеран июнь кхаччалц Нохчийн Республикин Халкъан Парламентан гулламан депутат вара, Агарнин политикин, Ӏаламан ресурсийн а, экологин а гӀуллакхийн Комитетан председателан заместитель вара.
2008 шеран 12 октябрехь Нохчийн Республикин Парламентан депутат хаьржина, иза ву Нохчийчохь КТО йолуш лар йоцуш байна нах лоьхуш йолу Комитетан председателан заместитель, цул совнах Нохчийчоьнан экологин а, Ӏаламийн ресурсийн а АПК гӀулакхийн Комитетан декъашхо ву[4].
СовгӀаташ
бӀаьра нисйанДжалвадин йелла мидалаш «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал а, «Нохчийн Республикин парламентаризм кхиорна» орден а, Российн Ӏаламан ресурсийн министерствн сийлахь знак «Лардойлин гӀуллакхаш кхиорна» а[4].
Доьзал
бӀаьра нисйанДжалвадин кхо бер ду кӀант Руслан. йоьӀарий Лайла а Хеда а.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Парламент Чеченской Республики представлен интересными людьми, имеющими определенный опыт работы и достижения в той или иной сфере жизнедеятельности республики. Архивйина 2016-12-20 — Wayback Machine
- ↑ Вышел в свет словарь терминов по физической географии
- ↑ Вода — источник жизни
- ↑ 1 2 Малаев Джалвади Баймутдинович Архивйина 2016-12-20 — Wayback Machine