Малиновский, Василий Тимофеевич

ХӀокху версин 3 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2021, 6 ноябрь).

Василий Тимофеевич Малиновский (1920 шеран 11 июль, Дубовая Роща (Александровскан кӀошт), Ставрополан мохк — 1997 шеран 13 июнь, Петарбух) — танкхо, полковник, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Василий Тимофеевич Малиновский
Вина терахь 1920 шеран 11 июль({{padleft:1920|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:11|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1997 шеран 13 июнь({{padleft:1997|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:13|2|0}}) (76 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа танковые войска
Дарж полковник
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Отечественной войны I степени орден Красной Звезды

Вина 1920 шеран 11 июлехь Дубовая Роща юртахь (хӀинца Ставрополан махкан Александровски кӀошт) ахархон доьзаллехь. 1930-гӀа шерашкахь шен деца-ненца иза Алпатово юрта схьавеара. 1938 шарахь цо оцу юртахь йолу йуккъара школа чекхйаьккхира. Цул тӀаьхьа иза Соьлжа-ГӀалан мехкдаьттан институте деша вахара. Цо кхо курс чекхйаьккхинчул тӀаьхьа тӀом болабелира[1].

1941 шеран июлехь иза ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. Цигахь Малиновский тӀеман училище хьажийра. 1942 шеран аьхкехь цо чекхйаьккхира Сталинградан танкийн училищен сихйина курс. Цунна делира техникан-лейтенантан дарж. Амма иза танкан заводе контролёран болх бан хьажийра. Кхиъ цхьа шо даьлча Казанера лакхара техникан школа чекхйаьккхича иза тӀамтӀе хьажийра[1].

Фастов (Киеван область) гӀалан тӀелеташ хенахь цхьана ша лела йоккха тоьпан куьйгалхо винера. Малиновский оцу САУ экипажан коьрте хӀоьттира. 1943 шеран 6 ноябрехь цуьнан САУ хьалхарчарна йукъахь Фастов гӀале чуиккхира. И гӀала схьайоккхуш хенахь Малиновскин экипажас хӀаллакйира массийта танк а, дукха немцойн салтий а, эпсараш а[1].

СССР Лакхара Советан Президиуман омраца Малиновскийс гайтина майралла бахьнехь цунна йелира Советски Союзан Турпалан цӀе[1][2].

ТӀом чекхболуш хенахь иза Чехословакехь вара. Малиновский Толаман Парадан декъашхо вара. ТӀом чекхбаьлча иза эскаран болх беш вара. 1949 шарахь цо Казанин эпсарийн техникан танкин лакхара школа чекхйаьккхира. 1955 шарахь цо дашо мидалца чекхйаьккхира Бронетанкийн эскарийн академи. 1974 шарахь цо и болх битира полковникан даржехь волуш. Иза Санкт-Петербургехь Ӏаш вара. Велира 1997 шеран 13 июнехь. Малиновский дӀавоьллира Серафимовски кешнашкахь[1].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1988. — Т. 2 /Любов — Ящук/. — 863 с. — 100 000 экз. — ISBN 5-203-00536-2.
  • Нерсесян Н. Г. Киевско-Берлинский. ВИМО. Москва. 1974.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан