Алпатово
Алпа́ту — Нохчийн Республикин Невран кӀоштан эвла. Алпатун йуьртан меттиган административан центр йу (цунна чу йогӀу Алпату а, Свободни а).
Эвла | |
Алпатово йа Алпату | |
---|---|
Алпатово | |
43°42′10″ къ. ш. 45°14′42″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Регион | Нохчийчоь |
КӀошт | Невран |
Йуьртан меттиг | Алпатун |
Истори а, географи а | |
Йиллина | 1925 |
Дуьххьара хьахор | 1929 |
Центран локхалла | 95[1] м |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | 5548[2] стаг (2019) |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | 87143[1] |
Поштан индекс | 366130 |
ОКАТО | 96222802001 |
alpatovskoe.ru | |
Картин тӀехь | |
Географи
бӀаьра нисйанЛаьтта Теркан аьрру бердаца, Дон-тӀера-Ростов — Бакох цӀерпоштнекъан тӀех (цӀерпоштнекъан станци Алпатово Къилбаседа-Кавказан цӀерпоштнекъан йукъара). Гергара эвланаш: малхбузехь — Ишоре гӀала, къилбаседа-малхбузехь — Рубежни эвла, Къилба-малхбалехь — Новр-ГӀала а, Чернокозово эвла а, къилба-малхбузехь — ЧӀулга-Юрт[3].
Микротопоними
бӀаьра нисйан- Аьхкина барз – лаьтта эвлан къилбаседа агӀора Алпатун баьрзнийн тобанехь. Барз цхьана хенахь аьхкина хазна лохучара, цунах дуьйцу баьрзан цӀеро.
- Свободни кӀотар (хӀинца эвла) – лаьтта Алпатун къилбаседехьа, йукъаягӀара Алпатун йуьртан советан.
- «Наурский» чагӀаран совхозан № 3 йолчу декъан поселок.
- Степной кӀотар – йукъаягӀара Алпатун йуьртан советан.
- ЦӀерпошнекъан Алпатово станцин цӀерпоштнекъахойн поселок, эвлан къилба декъехь лаьтта[4].
Истори
бӀаьра нисйанЭвла йилина 1925 шарахь цӀерпоштнекъан разъезд Алпатово аьлла. 1926 шарахь кхузахь 8 керт бен ца хилла, коьрта бахархой — великоруссаш. Административан агӀора йукъахь хилла Къилбаседа-Кавказан мехкан Теркан гуонан Невран кӀоштан Новр-ГӀалан йуьртан советан (йукъ — Новр-ГӀала)[5] .
Ислам дин тIеэцна Дмитрий (Яков) Алпатов цӀе йолу гIалагIазакхи хилла Кавказан тIамехь нохчийн агӀора дехьаваьлла, оьрсашна дуьхьала тIом бина. Нохчаша цунах обарг Яшка олуш хилла, нохчийн къоман доттагI лоруш а хилла, 1856 шарахь оьрсашна каравахна[6]. Виеран кхел йина вийна цхьаьна барз тӀехь (тӀаьхьа цӀе йелла Алпатовн барз)[4].
Бахархой
бӀаьра нисйанБахархойн дукхалла | |||
---|---|---|---|
1926[5] | 1990[7] | 2002[8] | 2010[9] |
33 | ↗1963 | ↗5181 | ↘4861 |
- Къоман хӀоттам
2002 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца бахархойн къоман хӀоттам[10]:
Къам | Барам, ст. |
Берриг бахархойх дакъа, % |
---|---|---|
нохчий | 4 491 | 86,68 % |
оьрсий | 294 | 5,67 % |
туркой | 280 | 5,40 % |
жӀайхой | 24 | 0,46 % |
кхин берш | 92 | 1,78 % |
берриш | 5 181 | 100,00 % |
2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца бахархойн къоман хӀоттам[11]:
Къам | Барам, ст. |
Берриг бахархойх дакъа, % |
---|---|---|
нохчий | 4 452 | 91,59 % |
туркой | 186 | 3,83 % |
оьрсий | 161 | 3,31 % |
жӀайхой | 21 | 0,43 % |
кхин берш | 29 | 0,60 % |
ца гайтина | 12 | 0,25 % |
берриш | 4 861 | 100,00 % |
Дин
бӀаьра нисйанЮьртахь доккха рузбан маьждиг а ду, жамаIатан маьждиг а ду.
Инфраструктура
бӀаьра нисйан1929-1931 шерашкахь йуьйгӀира совхозан центран керт. Эвлан йукъахь йуьйгӀира нах беха шала тӀекӀела йина гӀалан кепара хӀусамаш, царна чохь бехара белхалой а, гӀуллакхехь берш а, йира пошт, кинотеатр, оьздангаллин цӀа. Эвлахь йу йуккъера а, йуьхьанцара а ишколаш, йиллина газ, диллина хи[4].
ГӀарабевлла бахархой
бӀаьра нисйанГалерей
бӀаьра нисйан-
Некъан хьаьрк
-
Алпатура некъан маьждиг
-
Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамехь кхелхинчарна йоьгӀна иэс
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Село Алпатово / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ) Архивйина 2013-09-27 — Wayback Machine
- ↑ Письмо Территориального Органа Федеральной службы Государственной статистики по Чеченской Республике от 09.07.2019г., №АМ2009/52-МС
- ↑ Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 2 январь. Архивйина 2012 шеран 18 февралехь Объём 8 МБ.
- ↑ 1 2 3 А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997
- ↑ 1 2 Список населённых мест Терского округа по данным на 1 января 1927 года . ТӀекхочу дата: 2017 шеран 12 июнь.
- ↑ Атаман Дмитрий Алпатов — враг росийских колонизаторов и друг чеченского народа
- ↑ Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013 .
- ↑ Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более . Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
- ↑ Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
- ↑ Этнокавказ. Национальный состав Наурского района по переписи 2002 года
- ↑ Том 4 книга 1 "Национальный состав и владение языками, гражданство"; таблица 1 "Национальный состав населения Чечни по городским округам, муниципальным районам, городским населенным пунктам, сельским населенным пунктам с численностью населения 3000 человек и более" . Архивйина 2015-09-29 — Wayback Machine
- ↑ Малиновский В. Т.
ХӀара Нохчийчоьнан географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |