Мамакаев, Ӏаьрби Шамсуддинович
Ӏаьрби́ Шамсудди́нович Мамака́ев (Мамакаев Ӏаьрби Шамсуддин-кӀант; 1918 шеран 2 декабрь, Лаха Нёвре, Терски область — 1958 шеран 24 август[1], Мескита, Нохч-ГӀалгӀайн Автономин Советийн Социалистийн Республика) — нохчийн йаздархо, поэт, гочдархо а, нохчийн литература кхоьллинчарех а цхьаъ ву, нохчийн литературин классик а.
Ӏаьрби Мамакаев | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | поэт, драматург, переводчик |
Вина терахь | 1918 шеран 2 декабрь |
Вина меттиг |
|
Кхелхина терахь | 1958 шеран 24 август[1] (39 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Корматалла | поэт, йаздархо, драматург, гочдархо |
Гражданалла | ССРС |
Бераш | Эдуард |
Мамакаев Ӏаьрби кхоллараллех лаьцначу шен цхьана статья тӀехь кхечу нохчийн воккхачу поэто Мамакаев Мохьмада йаздина: «Мамакаев Ӏаьрби шен кхоллам нохчийн литературех къасталур боцуш дӀабоьзна, иза Нохч-ГӀалгӀайчохь уггар дукхабезаш болчу поэтех ву». Дукха хан йу и могӀанаш йаздина.
ХӀетахь дуьйна схьа нохчийн литературехь говзачу поэтийн а, йаздархойн а дуккха а керла цӀераш гучуйевлла. Хьалха дуьйна цӀейаххана болчу а, керла тӀекхиъначу а поэташа йазйинчу дикачу произведенешца кхуьуш, алсамйаьлла нохчийн поэзин исбаьхьаллин хазна. Амма тахана а йу нахана дукха езачарна йуккъехь Мамакаев Ӏаьрбин произведенеш.
Биографи
бӀаьра нисйанӀаьрби Мамакаев вина 1918 шеран 2 декабрехь Лаха Неврехь. Иза да-нана доцуш хьалхе висира. Цундела иза детдомехь хьала кхиина Серноводскехь, цул тӀаьхьа рабфакехь дийшира цо.
1930-гӀа шерашкахь «Ленинан некъ» газетехь а, радиохь а болх бан волавелира иза, драматургийн курсашка а вахара.
Цуьнан хьалхара байташ арахийцира 1934 шарахь. Хьалхара байтан гулам «Волны Терека» арайелира 1940 шарахь. Цуьнан уггаре йевзаш йолу произведех цхьаъ йу цуьнан поэма «Аслага а, Селихат а».
1941 шарахь иза контрреволюцин болх беш ву аьлла хьалхара чувуьллира. Цо ахшо деккхира набахтехь, амма цуьнан бехках ца тийшира. АрахецначултӀехь иза вара Нохч-ГӀалгӀайн йаздархойн бертан коьрта консультант. Цу хенахь Нохч-ГӀалгӀайн драматически театрас хӀоттира цуьнан ши пьеса: «ОьгӀазло» а, «Таллар» а.
Амма кеста нохчий а, гӀалгӀай а цӀерабахаран дуьхьала ву аьлла иза йуха а чувуьллира. Иза Магадане хьажийра. Цигахь иза вара 1956 шо кхаччалц. Цигахь цо йазйина цхьаа байт хууш йац. Набахтера арахецча иза Казахстане вахара. Цигахь Ӏаш цуьнан доьзалла бара. Иза волавелира «Знамя труда» газетан редакцехь болх бан.
1957 шарахь Ӏаьрби Мамакаев йухаметтахӀоттавира. Иза цӀа вирзира. Шен партбилет цо схьацаийцира. И бахьнехь цуьнан дахаран тӀаьххьара шо хала дара.
1958 шарахь иза велира шен доттагӀ Абузар Айдамировн цӀахь.
Кхолларалла
бӀаьра нисйанЦо йазйина пьесаш «Гнев», «Разведка», «Матрос Майрбек», «Повесть», «В родной аул», кхиераш а. Цо йазйина дукха байташ хилира нохчийн литературин классика. Оцу байташца йазйина дукха хӀинца а лоькхуш йолу эшараш. Цо дукха оьрсийн произведенийн гоч дора. Масала, цо нохчийн матте йаьккхира М. Ю. Лермонтовн байташ: «Малик», «Казачья колыбельная», «Горные вершины», «Прощай, немытая Россия», кхиераш а.
Доьзалла
бӀаьра нисйанЦуьнан кӀант Эдуард Мамакаев ву Нохчийн йаздархойн бертан председатель.
Виццавар
бӀаьра нисйан- 1989 шарахь Лаха Неврехь схьайиллира Ӏаьрби Мамакаевн литературин а, мемориалан а музей[2]. Музей кхоьллина цуьнан цхьаъ бен воцу кӀантас Эдуард Ӏаьрбиевич Мамакаевс дӀадоладаран. Эдуард Мамакаев ву Нохчийчоьнан йаздархойн бертан председатель а, шен ден музейн генеральни директор а.
- 2008 шеран 2 декабрехь Лаха Неврехь схьайиллира Ӏаьрби Мамакаевн памятник[3].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Шевченковский словарь (укр.)
- ↑ Министерство культуры Чеченской Республики
- ↑ Информационный портал «Литературные новости»
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Литературно-мемориальный музей Ӏаьрби Мамакаева
- Ӏаьрби Мамакаев — «чеченский Есенин»
- Музей Арби Мамакаева Архивйина 2021-10-24 — Wayback Machine
- Ӏаьрби Мамакаев Архивйина 2014-01-18 — Wayback Machine