Мустахьабб
шарӀан пхеа хьукманах цхьаъ
Мустахьабб (Ӏаьр. الْمُسْتَحَبُّ) йа мандуб (الْمَنْدُوبُ) — лугӀатехь, иза важиб а доцуш, дан дезаш долу хӀума ду. Ткъа усулул-фикъхӀехь, иза важиб а доцуш, шарӀо ша дар тӀедожош дерг ду йа ша динчунна йал хир йолуш, ткъа ша дитинчунна къа ца хуьлуш дерг ду[1].
Дукхахьолахь мустахьабб кхочушдо Мухьаммад пайхамарера ﷺ а, цуьнан асхьабашкара а масал оьцуш. Мустахьабб цадар къа лоруш дац. Мустахьаббна йукъадогӀу, масала, суннат ламазаш а, марханаш а.
Мандубан масалш
бӀаьра нисйанМустахьаббан йа мандубан масалш дукха ду, дагардалур а доцуш, уьш коьртачу шина декъе декъа йиш йу:
- Ӏибадаташкахь мандуб а
- Йукъаметтигашкахь мандуб а.