Маршонан Майда (йу) — (укр. Майдан Незалежності) — Украинин коьртачу шахьаран — Киеван йукъара майда.

Маршонан Майда
укр. Майдан Незалежності
 Киев
50°27′01″ къ. ш. 30°31′26″ м. д.HGЯO
Йукъара хаам
Пачхьалкх
КӀоштШевченковскан 
Хьалхара цӀерш1869—1876 — Хрещатикан майда,
1876—1919 — Думин майда,
1919—1935 — Советан майда,
1935—1941 — Калининан майда,
1941—1943 — 19-чу сентябран майда,
1943—1977 — Калининан майда,
1977—1991 — Октябран революцин майда 
ЦӀе тиллина цӀарахУкраинин маршо кхайкхайар 1991 шо 
Уллера станцеш метро  Крещатик
  Майдан Незалежности 
картанаш тӀехь
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
 
Майдан 1850 шо

X-гӀа бӀешо кхаччалц, Майда лаьттачу меттехь уьшал хилла, шех Перевесище, йа Гезарийн уьшал олуш. Хьекъале Ярослав волу заман чохь, Киеван гӀап шорйеш, цу меттиган тӀоьхулу гӀопан саьнгарш йаьхна. 1240-чу шарахь, кху меттехь гӀопан пен а бохийна, монголаш Киев йаьккхира. XVII-XVIII-чу бӀешаршкахь эрна аре хилла цу меттехь. XIX-чу бӀешарехь дуьйна, жим-жима гонах гӀишлош йеш, базар а хоьттина, гонах урамаш а дина, Хрещатикан майда аьлла цӀе а тиллина, шорлуш йолу Киеван йукъайахара и. Цул тӀаьхьа массийта цӀе хийцира майдано. ТӀеххьаре цуьнан цӀе хийцира Украинас шен паччалкхан маршо кхайкхича.




Ӏедалан дуьхьало йарехь

бӀаьра нисйан
 
Євромайдан-24.02,2014-2397

Киеван Маршонан майда Украинин политикин исторехь коьртачех меттиг йу. И бахьанехь «майдан» боху дош дукха меттнашкахь укъара дош хилла лелаш ду: Ӏедалан дуьхьало йарий а, политикин резабоцурш гӀовтаррий а, маьӀна долуш.

1990-чу шарахь «Мокхаз тӀехь Революци» (укр. Революція на граніті) аьлла цӀе йахана студентийн йоккха митинг литтира.

2000—2001 шерийн Ӏаьна Украинин президент Кучман духьала йолу митинг литтира

2003—2004 шершкахь ЦӀен-можа Революци (укр. Помаранчева революція) хилира. Цу революцех даьлларг — харжамаш нийса ца бара Ӏедало тӀелацар, керла харжамаш бар, Янукович эшавар, ткъа Ющенко толар ду.

2013 шеран ноябрехь йолайелла Евромайдан. И йолайаран бахьан дара, Украинин президент волу Янукович Владимирс Евросоюзца йолу ассоциаци саца а йина, Российгхьа верзар. Дукха зуламаш делира цигахь Ӏедалер а, резабоцучаьргара а. Белларш, а лазийнарш а, бара бӀенашкахь. Ткъа тӀехьлонаш кхи а чолхе хиллера Ӏедална а, маьршачу бахархошна а. Масала: Янукович Украинер вада вийзира, Российс референдум а йина Крым схьайерзира, Луганскехь а, Донецкехь а, тӀом белира, иштта кхи дӀа а.

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан