Минца́ев Мо́всар ТӀахӀирович (1952 шеран 8 апрель, Караганда, Кхазакхстан, ССРС) — нохчийн операн а, эстрадан эшархо, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Сийлахь артист, Российн Сийлахь артист, Сочехь хилла йолу эстрадан эшеран конкурсан лауреат (1980 шо), Глинкин цӀарах йолу конкурсан лауреат (1982 шо), Рио-де-Жанейрехь йолу Вила Лобоса цӀарах йолу конкурсан лауреат (1983 шо), халкъашна йуккъера Шаляпинан цӀарах йолу конкурсан лауреат (1993 шо).


Минцаев Мовсар ТӀахӀирович
ГӀуллакхан тайпа оперный певец
Вина терахь 1952 шеран 8 апрель({{padleft:1952|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:8|2|0}}) (72 шо)
Вина меттиг Караганда, Кхазакхстан, ССРС
Корматалла операн эшархо
Гражданалла ССРС ССРСРосси Росси
Да Таир

Мовсар Минцаев вина 1952 шеран 8 апрелехь Карагандахь. Цо чекхйаьккхира П. И. Чайковский цӀе йолу консерватори. Cтудент волуш хенахь цо локхура «Иоланта» оперехь Робертан парти а, «Фигарон зудайалор» оперехь Фигаро парти а. 1979 шарахь цо толам беккхира М. И. Глинкин цӀе йолу Йерригсоюзан конкурсехь а, хьовсархойн жюрин а лакхара совгӀат а.

Мовсар Минцаевс эстрадехь болх бира. Доьшуш хенахь цунна вевзира композитор Али Димаев. Цера цхьана бина балхах кхоллайелира эшараш «Черная бурка», «К друзьям». Алексей Мажуковс йазйина эшараш «Именем любви», «Сумерки зеленые» хьлахара лекхнарг Минцаев ву. 1980 шарахь иза хилира «Сочи-80» цӀе йолу Йерригсоюзан эстрадан эшеран конкурсан лауреат.

1982 шарахь консерватори чекхйаьккхинчул тӀехь иза кхайкхира ССРС Йоккха театрехь болх бан. 1983 шарахь Рио-де-Жанейро хилла йолу Вилла Лобосан цӀе йолу конкурсехь дашо мидал йаьккхира.

Цо локха гуттара хала партиш: Фигаро, Алеко, Иван Грозный, Юлий Цезарь, Досифей, Кутузов, Дон Карлос, кхиераш а. 1993 шарахь Шаляпинан цӀе йолу халкъашна йуккъера конкурсехь цо хьалхара меттиг йаьккхира.

ХӀинца иза ву Чайковский цӀе йолу консерваторин хьехархо. Цо концерташ ло, дӀайазйо романсаш а, нохчийн халкъан эшараш а, нохчийн а, оьрсийн а компоизтораш йазйина эстрадан эшараш.

  • 19801982 шш. — Москонцертан солист.
  • 1982 — Москохан консерватори чекхйаккхар. Лондоне стажировке вахар.
  • 19831990 шш. — Йоккха театран солист.
  • 19921994 шш. — «Керла операн» солист.
  • 19952001 шш. — Йоккха театран солист.
  • 2002 шо дуьйна — Москонцертан солист.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан