Мискинджа
Мискинджа — ДегӀастанан Докузпарин кӀоштара эвла. Кхуллу шен йукъахь цхьаъ бен нах беха меттиг йоцу йуьртан меттиг Мискинджа эвла[2].
Эвла | |
Мискинджа | |
---|---|
41°25′ къ. ш. 47°51′ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Регион | ДегӀаста |
Муниципалан кӀошт | Докузпарин |
Йуьртан меттиг | Мискинджа эвла |
Истори а, географи а | |
Хьалхара цӀерш | Мискинджи |
Бахархой | |
Бахархой | ↘3469[1] стаг (2017) |
Къаьмнийн хӀоттам | Лаьзгий |
Динан хӀоттам | Бусалба-шиӀийш |
Бахархойн цӀерш | Мискинджахо, мискинджахой |
Идентификаторан терахьаш | |
Поштан индекс | 368757 |
ОКАТО | 82221000005 |
magaramkent.com | |
Картин тӀехь | |
Географи
бӀаьра нисйанЭвла лаьтта Самур эркан аьтту бердаца Шалбуздаг ломан къилбаседа кӀожехь, луларчу кӀоштан центран АхцахӀан 8 км малхбалехьа, цӀерпоштнекъан Белиджи станцин 85 км къилба-малхбузехьа.
Бахархой
бӀаьра нисйан
|
Эвлан бахархой къоман лаьзгий бу, динехь бусалба-шиӀиташ бу.
1886 шарахь эвлахь вехара 2833 стаг[10].
Мискинджин бахархой исторера бекъало тайпанашка (лаьзг. сихил[11]): Ахьмедар, Ахьацарар (Мисрияр), Бинетар, Гылар, Какамар, Къайитар, Кlаркlарар, Кlачlамар, Келбияр, Лезгерар, Миримар, Стlурар, Тумбулар (Къараяр), Фезлияр, ХартӀукlар, ХӀутер (Такацар).
Цхьаьна сихилан декъашхоша вовшех мурасар олу. Сихилаш, шайн рогӀехь, лаьтта гергарчу тобанех, тайпанех: Ахьмедар, Ахъацарар (Мисрияр), Алиманбур, Аслананбур, Ашар, Бацар, Бинетар, Гылар, Джардаяр, Ичlер, Какамар, Качунбур, Келбияр, КурукӀнар, Къайитар, Къантарар, КӀаркӀарар, КӀачӀамар, КӀашар, КӀипӀичар, Лезгерар, Лгар, Махтумар, Мемекхар, Мемехар, Мидикхар, Миримар, Пир-Незерар, Саларар, СтӀурар, Ташкъуяр, Тумбулар (Къараяр), Фезлияр, ХартӀукӀар, Храхар, ХӀукъуяр, ХӀутер (Такацар), Чепер, ЧӀимикхар, Шах-Асварар, Ших-Керимар, Ших-Мурадар, Ялцухъар, Яралияр, кхин а.[12] Сихил, мискинджин Ӏадаташца латта езара шовзткъа сов доьзалех. Цундела тайпанийн кхоалгӀа дакъа бен ца лору сихилаш, цара хӀораммо а шена йукъатуху масех тайпа.
Истори
бӀаьра нисйанТахана эвла йилларан мур буьйцуш девза марталлин хьост — 2009 шеран августехь профессор А. Р. Шихсаидовн Мискинджа эвлахь карийна Ӏаьрбийн тептар ду.
Оцу куьйгайозан тептаро дийцарехь эвла йиллина СасангӀар вайн эран 520 шарахь гергга (510—531 шерашкахь).
Цаьргара эвлан шен цӀе кхаьчна. йуккъера гӀажарийн маттера гочдича «Мискинджа» бохург — «тӀегӀанан эвла», аьлча а тӀегӀа, статус ерг (Самуран гуон мехкан йукъ[13]). Эвлан лекхачехь цара гӀап йоьгӀна (цунна тешалла до Мискинджин топонимис), тергонан пхи бӀов йоьгӀна, 900 цӀа дина гӀап тӀиера Самур эрк тӀекхаччалц. Дуьххьара урхалча хӀоттийна эвлахь Кантар. Куьйгатептаро дийцарехь, мискинджихоша ислам тӀеэцна 632 шарахь, тӀаккха иза дуьххьарлера бусалбанийн эвла хуьлу ДегӀастахь.
Мискинджех лаьцна историн ладаме йоза ду Докузпарин кӀоштара Каракюре эвлан ширачу маьждигехь. Маьждиг чуьра Куфан йозанаша дуьйцу, Каракюре, Мискинджа, Микрах, АхцахӀ эвланашкара бахархоша къовсамаш латтийра ГӀажарчоьнан а, гӀажарашна а дуьхьала VI—VIII бӀешерашкахь. ТӀаьхь йоза долу маьждигаш профессор А. Р. Шихсаидовс X—XI бӀешерашкара ду боху.
XV бӀешо долалуш Мискинджи эвлахь хилла динан ишкол — хьуьжар. Иштта 1975 шарахь Цудахар эвлахь карийна малхбален сийлахь поэтан а, ойланчан а СаӀади Ширазин куьйгайозан жайна «Гюлистан» Ӏаьрбийн маттахь, куьйгайозан тӀаьхь терахь ду 1409 шеран. Куьйгайозан тӀаьхь карийра йоза «…лезги вилаятра машгьур алим, Шиназви … алимрикайни къанунчийрикай, виридлайни лайихвилер авай кас …, чӏехи устад патал. Мискискарин хуьре кхьин къувуна». РӀА ДӀЦ историн, меттан, литературин институтехь Ӏалашден куьйгайозан «Анвар» (тӀелаториг № 223) тептаран могӀанаш тӀаьхь ду иштта йоза: «Заулаки эвлан гергахь тӀом хилла Сурхай-ханан а, Кюрин а эскаршна йукъахь, шинне а агӀора байина дуккха а божарий. Хьиджран 1195 шеран ШаӀбан баттахь, шота дийнахь сатосуш Сурхай-ханан а, Ӏума-ханан (ЖӀайн) куьйгашца йохийра Мискинджи эвла». Дукхаха болчу историкаш а, йаздархоша а, этнографаш а шайна хетарг дуьйцу Мискинджа эвла кхолларх, масала бух оьцу, гуонахьара Докузпарин кӀоштан бахархой суннийш болушехь, эвлан бахархой шиӀийн кхетаман Ислам лелош хилар. Амма мискинджхойн динан бух чубеина хила тарло Ӏаьрбаша мехкаш бохучу муьрехь, VII бӀешарахь дуьйна.
Эвлахь лаьтта йуккъера бӀешерийн масех маьждиг, Ӏаьрбийн йозан бустамашца кечйина, еза ножан неӀарш йолуш. Цхьацца хӀусаман хӀуманийн дечиг агар, алсама бецийн бустамаш, цӀенна Ӏаьрбийн тайпана бу, уьш Мискинджехь хилла ца Ӏаш, Докузпарин кӀоштан кхечу эвланашкахь а бу. Хаза тидаме йу хӀусамаш, хӀусаман хӀумнаш, шира духар, кхин а. Иза дерриг эвлан шира йукъаметтигийн гӀирсан гайтам бу гергарчу Малхбален бусалба шиӀийн дуьненца, амма иза делил дац Мискинджа эвла кхолларх.
Халкъан иэжсо Ӏалашйина мостагӀашна а, феодалийн къизаллийн а дуьхьала тӀом бинчу турпалийн цӀераш, царна йукъахь уггаре гӀараваьлларг ву Амай – самуран лакхенашкара лаьзгийн коьртехь туркошна дуьхьала тӀом бина волу а, КӀахетин тӀелеташ талораш дина волу.
1839—1899 шерашкахь Мискинджа яра Докузпарин наибаллин йукъ[14].
Мискинджин бекалла
бӀаьра нисйанШирванера Дербенди некъех волу ширваншах Халилл-уллахӀ I-чун (1417—1465) урхаллин шерашкахь къастало, Ильчи-Ахьмада урхалле дӀаелла, эмиралла. Оцу эмираллин йукъахь бара хӀинцалера ДегӀастанан АхцахӀ, Докузпарин, Курахан кӀоштийн мохк. Ильчи-Ахьмад Бахадур веллачул тӀаьхьа, цуьнан кӀант Мухьаммад-бек хилира доладеш АхцахӀан а, Мискинджин а бекаллашкахь[15]. Иза велча цуьнан кхаа кӀанта дийкъира и мехкаш: Хьасан-бек чӀагӀвелира АхцахӀахь, Ахьмад-бек Мискинджехь, Ӏаббас Мацарехь. Оцу кхаанна тӀаьхьенашна кхечира и латтанаш. Ахьмад-бек хиира Мискиндже шина кӀантаца, Мухьаммад-бекаца а, Марван-бекаца а. Цара кхоьллира цигахь керла тайпа, урхалла дира когаметта хӀуьттуш[16].
Мискинджин тӀом
бӀаьра нисйан1848 шеран 17 сентябрехь, Гергебиль гӀап йоьжначул тӀаьхьа (Кавказан тӀом), Шемалас йолайо самур эркан лакхенашкара кампани. 25 сентябрехь Даниял-бек чувогӀу АхцахӀ эвла, иза яра Российн империн ДегӀастанан областан Самуран гуон хьаькам Ӏаш волу меттиг, АхцахӀан чӀагӀонашна гуо лоцу. 26 сентябрехь ломанхоша штурм йой АхцахӀан гергара Тифлисан чӀагӀо схьайоккху, ткъа гарнизон хӀаллак йо. Даниял-бек, Кебед Мухьаммад, Хьаьжмурд 7000 тӀемлоца соцу Мискинджин гергахь, хӀинца а лаьтташ болу, АхцахӀан чӀагӀонаш ларъечарна Аргутинский гӀоьнна ца кхачийтар Ӏалашо йолуш. Микрахера Мискиндже кхаччалц ломанхоша некъаш къевлира. Эскар тӀедахара царна фронтаца. 1848 шеран 22 сентябрехь Ширванан полкан кхо батальон, 700 салтий хӀоранна йукъахь волуш, бумбанаш а кхуьйсуш, штурм ян буьйлабелира Мискинджа эвлан гергара ломанхойн чӀагӀонашна. Мурдаш дӀалецира салтий хьалагӀерта ломан басешкара позицеш. Шемалан эскаро бойура салтий тоьпаш етташ а, тӀулгаш детташ а, амма ширванхоша цхьаъ йоккхуш, важа йоккхуш чӀагӀонаш схьайохура. тӀаьххьара ломанхой йухабехира чӀагӀонашкара, уьш сихха АхцахӀан агӀора йухабевлира. Эвлан уллехь Кибит-Махьмин тоба цхьаьнакхийтира Хьаьжмурдан эскарца. Мискинджан гергарчу тӀамехь мурдийн 300 стаг вийра, 60 лецира. Оьрсийн 156 салти а, 6 эпсар а вийра. Шемалан эскарш гӀопан гуо баьстира, АхцахӀан улле дӀадахара. Амма оьрсийн аьтту белира чӀагӀонашна тӀе дехьабовла, тӀаккха Шемал йухавелира лаьмнашка.
ГӀарабевлла мискинджахой
бӀаьра нисйан- Ахундов Мирзабек (1897—1928) — революционер, республикин латталелоран халкъан комиссар, ДегӀастанан ЦКХК председателан гӀовс, ВКП(б) обкоман бюрон декъашхо, ССРС а, РСФСР а ЦКХК декъашхо. ДегӀастанан исторехь уггаре къона (23 шо) министр (халкъком)[17]. ДегӀастахь лаьттан а, хин а реформа ян дагадаийтинчех цхьаъ. ТӀеман ЦӀиен Байракхан орденан кавалер. Мацаллийца жигара дов латторна, совгӀат дина РСФСР ЕЦКХК грамотица а, детийн жетонца а. Цуьнан цӀе тиллина ХӀинжа-ГӀалан цхьаьна урамна а, колхозна а, Мискинджера ишколан а.
- Агацарский Агабек Гусейнович (1900—1948) — ССРС кӀоран промышленностан министран гӀовс. Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман аренехь уггаре лакхарчех цхьа дегӀастанхо: гвардин полковник, йуккъера фронтан топографин декъан хьаькам. Шалбуздаг лаьмнаш дуьххьара теллинарг, хӀоттийна дика геологин карта, цигахь долу пайден маьӀданаш а гойтуш[18]. ДӀавоьллина 1948 шеран 5 мартехь Москохахь Даниловн бусалбанийн кешнашкахь. Цуьнгахь яра революционер Дударов Сафаран йиша Фатима.
- Сфиев, Сфибуба йусуфович (1924—2010) — ДАССР йустицин министр (ДегӀастанан исторехь дуьххьара[17]). РД а, РФ а хьакъдолу йурист. ССРС пачхьалкхан кхерамазаллин Сийлахь белхало. Йаздархо. "Ткъе кхоъ шо долу халкъком", "Каггийна гӀагӀ", "Пароль - Къоьжа Каспий", "Синмехаллийца къиен", кхин а жайнийн автор. ДегӀастанан детективан бух биллинарг лору иза.
- Серкеров, Серкер Акберович (1937—2011) — техникин Ӏилманийн доктор, профессор, Мехкдаьттан а, газан а пачхьалкхан академин геологин а, геофизикин а факультетан декан; ӀӀРА академик; Евро-Азин геофизикин йукъараллин декъашхо; Америкин талламан геофизикийн йукъараллин декъашхо; Европин геофизикийн йукъараллин декъашхо; газан промышленностан Сийлахь белхало; Сийлахь мехкдаьттахо; лаьттан кийран Сийлахь талламхо.
- Ходжаев, Мамед-Хьусейн Несрединович (1935—1990) — ССРС Госпланера Ӏилманан-талламан институт кхоьллинарг а, дуьххьара директор а, экономикин Ӏилманийн доктор, профессор.
- Примова, Файзат Назаровна — ДегӀастанан Лакхарчу Суьдан декъашхо, Лакхарчу Суьдан президиуман декъашхо, оцу суьдан гражданийн коллегийн председатель. Хьалхара квалификацин классан суьдхо, йустицин инарла-майор. ДегӀастанан хьакъдолу йурист.
- Ахмедов, Шукур Каримуллаевич — РФ прокуратуран башха ладаме гӀуллакхийн лакхара талламча, 3 классан йустицин хьехамча, инарла-майор[19].
- Агацарский, Агабек Гарунович — самбох (1973) а, дзюдох (1977) а латарех ССРС спортан говзанча. ССРС хьакъдолу тренер. Тренер волуш, Мискинджера Ашхабаде дӀайигира берийн тоба спортан кхетам балархьама. Царех виъ спортан говзанча хилира: Нуриев Д. Э., Ягибеков М. Г., Эйбатов Э. Б., Махмудов З. М.
- Айдаев, Багиш Мустафаевич — ДАССР халкъан артист, РФ хьакъдолу артист.
- Зейналова, Фаризат Магомедовна — РД хьакъдолу артист. Поэт а, композитор а.
- Мамедов Мамед Гусейнович — профессор, физикин-математикин Ӏилманийн доктор, РФ Ӏилманан хьакъдолу гӀуллаккхо.
- Канберов Фихредин Магомедагаевич а, Канберов Сидредин Магомедагаевич – 2000-гӀа шераш долалуш ХӀинжа-ГӀалахь лаьзгийн кегийрхойн болам "Садвал" кхоьллинарш. Уьш бу, 2006 шеран 25 апрелехь Мискинджа эвлахь Докузпарин кӀоштан администрицин кӀоштан коьртан дуьхьала, берриг махкахь а гӀарайаьлла митинг йинарш.
- Гаджибеков Ӏали — российн футболист, «Крылья Советов» футболан клубан турсло.
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйан- 2006 шеран 25 апрелехь Мискинджа эвлахь хилла митинг
- Докузпара
- Докузпарин наибалла
- Ильчи-Ахьмадан эмиралла
- Белёзоглу, Эмре
- Авадан
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
- ↑ Закон Республики Дагестан от 13 января 2005 года № 6 «О статусе и границах муниципальных образований Республики Дагестан»
- ↑ Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более . Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
- ↑ Всероссийская перепись населения 2010 года. Таблица № 11. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских и сельских населённых пунктов Республики Дагестан . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 13 май. Архивйина 2014 шеран 13 майхь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов) . ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
- ↑ Численность населения на 1 января 2014 года по сельским поселениям Республики Дагестан . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 17 апрель. Архивйина 2014 шеран 17 апрелехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года . ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
- ↑ Бахархой Докузпаринского наибства Самурского округа по сёлам в 1886 году
- ↑ Археология, этнография и фольклористика Кавказа: новейшие археологические и этнографические исследования на Кавказе : материалы Международной научной конференции. — М.: ИИАЭ РАН, 2007. — С. 305. — 413 с.
- ↑ Три переписи населения Мискинджи XIX века. / Составл.: Г. Г. Агацарский.
- ↑ Дербенд-наме
- ↑ Памятная книжка Дагестанской области / Е. И. Козубскій. — Темиръ-Ханъ-Шура: "Русская типографія", 1895.
- ↑ Махмуд из Хиналуга. События в Дагестане и Ширване XIV-ХVвв. События в Дагестане и Ширване XIV-ХVвв.. ДКИ (1997).
- ↑ Махмуд Хиналугский. События в Дагестане и Ширване XIV - XV вв. / Перев. с араб., состав., предис, коммент. и прилож. А. Р. Шихсаидова. — Махачкала, 1997., 1997.
- ↑ 1 2 Мадлена Гаджиева. Лезгины. История, культура, традиции .
- ↑ Наши знаменитые земляки . ТӀекхочу дата: 2016 шеран 13 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 23 мартехь Архивйина 2016-03-23 — Wayback Machine
- ↑ Историческая справка . Архивйина 2019-10-13 — Wayback Machine
ХӀара ДегIастанан географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |