Москван хоран синагога
Москван хоран синагога (оьрсийн маттахь Московская хоральная синагога; жуьгтийн маттахь בית הכנסת הכוראלי)- Москван уггаре шира яхӀудийн зиярт ду. Лаьтташ ду Йуккъерчу административан гонан Йоккхачу Спасоглинищевски урамалгехь. Москохан жуьгтийн динан йукъараллин Ӏуналла деш йолу кхеташонан долаллехь ю.
Сийлахь меттиг | |
Москван хоран синагога | |
---|---|
55°45′20″ къ. ш. 37°38′07″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | |
Лаьтта меттиг | Басманный район |
Дин | Иудаизм |
Архитектурин хатӀ | эклектизм |
Йиллина терахь | 1906 |
Статус | ОТӀО № 7733573000 |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Мехкан (регионан) маьӀна долу Оьрсийчоьнан къаьмнийн историкан-оьздангаллин тӀаьхьалонан тептаре йукъаяхна меттиг ю.
Синагога чохь гуттарлера а, шоьтан а доӀанаш до, иштта кхочушдо динан декхарш а, Товрат а Ӏамадо. Цу чохь дешаран йукъ а, къанойн самукъадоккху клуб а ю. ТӀекхуьуш долчу чкъурана жуьгтийн гӀиллакх Ӏамийта массийттачу дешаран хьукматашца йукъарлонехь ю синагога.