Мотта, Дик
Мотта Джон Ричард (Дик) (инг. John Richard 'Dick' Motta; вина 1931 шеран 3 сентябрехь, Мидвейлехь, Юта) — америкин баскетболан тренер а, комментатор а. Пачхьалкхан Уэберан университетехь болх бинчул тӀаьхьа 30 шарахь гергга Ӏамийра КъБА командаш («Чикаго Буллз», «Вашингтон Буллетс», «Даллас Маверикс», «Сакраменто Кингз», «Денвер Наггетс»), цаьрца 14-зза плей-оффе йелира. КъБА карьерин чеккхенгахь шолгӀа меттигехь дӀайаьхьна матчийн барамца (1952 рогӀерачу шарахь), кхоалгӀа — толамийн барамца (935). КъБА чемпион (1977/78), КъБА шеран тренер (1971), карьера йарна Дэйли Чакан совгӀатан лауреат (2015).
Мотта Дик | ||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
инг. Dick Motta | ||||||||||||||||||||||||||||
Дарж | тренер | |||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 178 сантиметр | |||||||||||||||||||||||||||
Возалла | 77 килограмм | |||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла | ||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1931 шеран 3 сентябрь (93 шо) | |||||||||||||||||||||||||||
Йина меттиг | ||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1931 шарахь Ютехь Италера мухажиран Мотта Амброзин а, Мотта Зельдин а доьзалехь. Дик кхиина шайн доьзалан хилла ранчохь. Чекхйаьккхина Ютера Джорданан йуккъера ишкол, цигахь гӀиртира ишколан баскетболан гулйина командин йукъакхача, амма ца вахавелира, цул тӀаьхьа 1949 – 1953 шерашкахь дийшира Юта штатан университетехь[1].
ЛДМ чекхйаьккхинчул тӀаьхьа хьийхира йуккъерачу ишколехь. 1954 шарахь йалийра Фрейзер Дженис; цуо ши бер дира. Шина шарахь АЦШ ТӀХӀавН йукъахь гӀуллакх динчул тӀаьхьа Мотта тренер болх бан волавелира Грейсера (Айдахо) йуккъерачу ишколехь. Цуо Ӏамийра ишколан баскетболан команда 1956 – 1959 шерашкахь, оцу заманан чохь цуьнца йаьккхира штатан чемпионат. 1960 шарахь Уэберан колледжан лахара тренеран дарже хӀоьттира, кхин а ши шо даьлча цунах йира университет[2]. Хьалхарчу шина шарахь Моттин куьйгаллера командо баьккхира 44 толам, 17 иэшам а болуш. Кхин дӀа цуо «Уэбер Стейт Уайлдкэтсца» йаьккхира 120 матч, 33 бен ца оьшуш (78,4 % толам). 1965, 1966, 1968 шерашкахь Мотта Пачхьалкхан Уэберан университетан командица хилира Биг Скай конференцин чемпион, ткъа тӀаьххьарчу шарахь ЛДМ исторехь дуьххьара йаьккхира иза NCAA къоман чемпионате[3].
1968 шарахь Моттас дӀалецира КъБА «Чикаго Буллз» командин коьрта тренеран дарж. Цуо командехь чӀогӀа низам хӀоттийра, цуьнан куьйгаллехь, дуьхьалонехь жигара а ловзуш, тӀелатарехь низаме а ловзуш, иза КъБА чемпионатан плей-оффе йелира йалхазза тӀаьхьарчу бархӀ шарахь. 1970/71 шарахь «Буллзас» шолгӀа меттиг йаьккхира Йуккъерамалхбузен дивизионехь толамийн а, иэшамийн а балансца 51—31, ткъа Мотта къобал вира КъБА шеран тренер аьлла. 1974/75 шарахь цуо йалийра толаме «Чикаго» Йуккъерамалхбузен дивизионехь; плей-оффехь команда ийшира Малхбузен конференцин финалехь хин болчу чемпионашна — «Голден Стэйт Уорриорзал»[2].
«Сан-Антонио Сперс»[2]. Финалехь «Вашингтонан» дуьхьала лаьттира «Филадельфия Севенти Сиксерс». Финалан сери йахйелира ворхӀ матче кхаччалц, иза йоьдуш «Филадельфия» шозза чоьтехь хьалха йара, амма тӀаьххьара чемпионийн титул схьайаьккхира «Буллетсо». И сери бахьнехь, чӀогӀа гӀарайелира Моттас шен команда оьшучу хенахь йелла цитата йина интервьюра фраза «Йерстина зуда кхиъалц, опера чекх ца йаьлла» (инг. The opera ain't over 'til the fat lady sings)[4]. ВорхӀалгӀа, коьрта, ловзарехь «Вашингтон» туьйлира къовсамхойн майданехь. ТӀаьхьарчу шарахь Мотта а, «Буллетс» а хьалхий-тӀаьхьий шолгӀа йелира КъБА чемпионатан финалехь, амма ийшира пхеа матчехь «Сиэтланна»[2].
1980 шарахь Мотта дехьавелира КъБА керла клубе «Даллас Мавериксе», цуьнан хьалхара коьрта тренер хилира. Лигера хьалхарчу шарахь «Маверикса» 15 матчехь бен толам ца баьккхира[2], амма цул тӀаьхьарчу пхеа шарахь Мотта коьрта тренер волуш, цуеран жамӀаш гуттаренна а толуш дара — 28 толам, цул тӀаьхьа 43, 44 (шозза), тӀаьххьара, 55. «Далласца» йалхолгӀа шо чекхдаьлча тренеро болх буьту аьлла кхайкхийра, командин коьртехь иза хийцира Маклеод Джона, 1986/87 шарахь цуьнца кхечира Малхбузен конференцин финале 53 толамца рогӀерачу шарахь. Оцу хенахь Моттин чоьтехь бара 808 толам КъБАхь 775 иэшам а болуш[5].
Амма Моттин баскетболера карьера, «Далласера» дӀаваларх чекх ца йелира. 1988 шарахь иза хилира Детройтехь комментатор, репортажаш йора «Пистонсон» ловзаршкара, ткъа 1990 шеран январехь коьрта тренеран дарже йухавеира, хӀинца КъБА клубе «Сакраменто Кингзе». Моттас «Кингзца» болх бира 1991 шеран декабрехь, амма хӀора шарахь оцу командица толамел дукха иэшамаш хуьлура. 1994/95 шарахь иза йуха а коьрте хӀоьттира «Даллас Мавериксан», командица болх бира шина шарахь, шоззе а шо чекхдаьккира дивизионан пхоьалгӀачу меттигехь, плей-оффе а ца кхочуш. 1996 шеран июлехь иза кхайкхира «Денвер Наггетсан» коьрта тренеран гӀоьнчин дарже, оццу шеран ноябрехь иза хилира командин коьрта тренер, амма кхиамаш ца бехира, шеран йисинчу хенахь 52-зза эшна, 17-зза тоьлла[2].
Кхамаш а, совгӀаташ а
бӀаьра нисйанМотта Дик — КъБА шеран тренер (1971) а, КъБА чемпион (1978) а. КъБА клубашкахь болх бинчу хенахь йерриг (царна йукъахь рогӀера шераш а, плей-оффаш а) Моттас йаьккхина 991 матч, иэшна 1087 (47,7 % толам) матчехь[2]. Тренеран карьера чекхйоккхуш иза шолгӀа меттигехь вара КъБА лигин исторера тренерашна йукъахь рогӀера шеран дӀайаьхьначу матчашца (1952), кхоалгӀа — толамийн барамца (935). Командаш Моттин куьйгаллица йерриг 14-зза йелира КъБА плей-оффе («Чикаго Буллз» — 6-зза, ткъа «Вашингтон Буллетс» а, «Даллас Маверикс» а — 4-зза хӀора а). Тайп-тайпана кхаа командица цуо баьккхина 50 а, сов а толам шарахь[6]. Кхин а цхьа тидаме карьерера статистикин Моттас иэхь ца хеташ оьзда доцу къамелаш дарна КъБАхь йелла 398 техникин фол йу, царех ворхӀ йелира хьалхарчу йалх ловзарехь[4]. КъБа шеран тренеран, чемпионан цӀераша а, карьерера эзар гергга толамо а таро ло цунна Баскетболан сийлаллин зал йукъаваха, Мотта шозза (2011 а, 2012 а шерашкахь) финалхо хилла оцу испискан йукъавахарна кхаж тосуш, амма шоззе а ца гулбира оьшу кхаьжнаш[5][7]. 1990 шарахь Моттин цӀе йукъайахийтира Пачхьалкхан Уэберан университетан Спортан сийлаллин залан испискашна йукъа[3], ткъа 2015 шарахь иза хилира Дэйли Чакан совгӀатан лауреат, иза ло АЦШ Баскетболан тренерийн къоман ассоциацис йехачу карьерехь кхиамаш бахарна[8].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Moran, 2005, pp. 338—339.
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 Moran, 2005, p. 339.
- ↑ 1 2 Hall of Fame: Dick Motta (инг.). Weber State University Athletics. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 20 март. Архивйина 2021 шеран 12 мартехь
- ↑ 1 2 Brad Rock. Former H.S., college and pro coach Dick Motta could make it sing (инг.). Deseret News (2015 шеран 14 июнь). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 20 март.
- ↑ 1 2 Brad Townsend. As ex-Maverick Jason Kidd enters the Naismith Hall of Fame, he lobbies for the induction of his first NBA coach: Dick Motta (инг.). The Dallas Morning News (2018 шеран 6 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 21 март.
- ↑ Dick Motta Consideration Into Naismith Basketball Hall of Fame (инг.). NBA Coaches Association. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 21 март. Архивйина 2021 шеран 27 январехь
- ↑ Steve Luhm. Dick Motta? Basketball Hall of Fame voters drop ball again (инг.). The Salt Lake Tribune (2012 шеран 21 март). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 21 март.
- ↑ Jorge Castillo. Former Bullets coach Dick Motta receives NBA coaching lifetime achievement award (инг.). The Washington Post (2015 шеран 10 июнь). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 21 март.
Литература
бӀаьра нисйан- Jon S. Moran. Motta, John Richard "Dick" // Basketball: A Biographical Dictionary / Edited by David L. Porter. — Greenwood Press, 2005. — С. 338—339. — ISBN 0-313-30952-3.