Муйжниекс, Валдис Карлович
Му́йжниекс Ва́лдис Ка́рлович (латыш. Valdis Muižnieks; 1935 22 февраль, Рига, Латви — 2013 29 ноябрь) — советийн баскетболхо. Левзина тӀелета турслочун позицехь. Кхаа седан орденан кавалер. ССРС Спортан хьакъ долу говзанча (1959).
Муйжниекс Валдис Карлович | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
латыш. Valdis Muižnieks | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | ТӀелета турсло | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 187 см | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Возалла | 77 килограмм | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла | ССРС → Латви | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1935 шеран 22 февраль | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Рига, Латви | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь: | 2013 шеран 29 ноябрь (78 шо) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
Кхузза Европин чемпион (1957, 1959, 1961), Олимпийн ловзарийн (1956, 1960, 1964) кхузза детин совгӀатхо, кхузза баьккхина Европин чемпионийн кад (1958, 1958/59, 1959/60).
Биографи
бӀаьра нисйан1951 - 1953 шерашкахь левзира ригин «Динамохь»[1], цигахь цуьнан хьехархо вара 1939 шеран Европин вице-чемпион Силарайс Юрис.
1954 шарахь хилира ригин СКАн ловзархо[2]. СКА йукъахь хилира кхузза ССРС чемпион (1955, 1957, 1958)[1], шозза йехира детин (1962, 1964) а, борзанана (1961, 1966) мидалш[2]. Карьера чекхйаьккхира 1969 шарахь ВЭФ клубехь[1].
Кхузза баьккхира Европин чемпионийн кад: 1958 шеран хьалхарчу къовсамехь шолгӀачу финалан матчехь кхоьссира 17 очко, ригахойн уггаре жамӀе ловзархо хилира[3], 1958/59 шеран къовсамехь 7 очко кхоьссира шолгӀачу финалан матчехь[4], 1959/60 шеран къовсамехь 7 очко кхоьссира шолгӀачу финалан матчехь[5].
1970 шарахь чекхйаьккхина Латвин пачхьалкхан П. Стучкин цӀарах университетан юридически факультет.
1969—1976 — Латышийн ССР Спорткомитетан декъан хьаькам. 1976—1988 — БК АСК (Рига) менеджер.
2006 шарахь «Спорт-Экспресс» газетан российн баскетболан бӀешо кхачаран лерина хеттаран жамӀашца, 10-гӀа меттиг йаьккхира уггаре дика тӀелета турслойн испискехь [6].
инг. === Гулйина командехь === 1956 - 1964 шерашкахь — ССРС гулйина командин ловзархо.
Дакъа лаьцна кхаа Европин чемпионатехь[7], кхаи турнирехь Советийн Союзан гулйина командо толам баьккхира. 1957 шеран Европин чемпионатехь хӀора матчехь кхуссура йуккъера барам 6,3 очко ловзарехь, 1959 шеран Европин чемпионатехь — 7,8 очко ловзарехь, 1961 шеран Европин чемпионатехь — 5,9 очко ловзарехь[8]. ССРС гулйина командица кхузза йаьхна Олимпиадийн детин мидалш[1]: 1956 шеран ловзаршкахь матчехь йуккъера барам 2,5 очко кхуссура[9], 1960 шеран ловзаршкахь — 7,8 очко ловзарехь[8], ткъа 1964 шеран ловзаршкахь — 2,5 очко ловзарехь[9]. 1959 шеран дуьненан чемпионатан декъахо[10].
Кхин а левзира Латышийн ССР гулйина командехь, цунна йукъахь левзира 103 матчехь[2]. 1956 шеран ССРС къаьмнийн Спартакиадин толамхо[11].
1959 шарахь йелира ССРС спортан хьакъ долу говзанчин цӀе[12].
Доьзал
бӀаьра нисйанЙиша Муйжниеце-Брис Анете а, ваша Муйжниекс Карлис а — иштта баскетболхой хилла.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 Баскетбол: Справочник / авт.-сост. З. А. Генкин, Е. Р. Яхонтов. — М.: Физкультура и спорт, 1983. — С. 200—201.
- ↑ 1 2 3 Valdis Muižnieks (латыш.). Visi Latvijas olimpieši. Latvijas Olimpiskās komitejas (LOK) oficiālā mājas lapa. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 13 апрель. Архивйина 2013 шеран 13 апрелехь Архивйина 2013-04-09 — Wayback Machine
- ↑ Santiago Velasco. Champions Cup 1958 (инг.). Linguasport: Sport History and Statistics. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 13 апрель. Архивйина 2013 шеран 13 апрелехь
- ↑ Santiago Velasco. Champions Cup 1958-59 (инг.). Linguasport: Sport History and Statistics. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 13 апрель. Архивйина 2013 шеран 13 апрелехь
- ↑ Santiago Velasco. Champions Cup 1959-60 (инг.). Linguasport: Sport History and Statistics. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 13 апрель. Архивйина 2013 шеран 13 апрелехь
- ↑ Лучшие игроки века . Спорт-Экспресс (2006 шеран 7 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 13 апрель. Архивйина 2013 шеран 13 апрелехь
- ↑ Генкин З. А. Баскетбол-79. — Л.: Лениздат, 1979. — С. 72.
- ↑ 1 2 Vladis Muzhnieks's profile — 1961 European Championship for Me (инг.). ARCHIVE.FIBA.COM. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 13 апрель. Архивйина 2013 шеран 13 апрелехь
- ↑ 1 2 Valdis Muiznieks's profile — 1964 Olympic Games: Tournament for Men (инг.). ARCHIVE.FIBA.COM. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 13 апрель. Архивйина 2013 шеран 13 апрелехь
- ↑ Баскетбол: Справочник / авт.-сост. З. А. Генкин, Е. Р. Яхонтов. — М.: Физкультура и спорт, 1983. — С. 167.
- ↑ Спартакиада народов СССР // Баскетбол: Справочник / авт.-сост. З. А. Генкин, Е. Р. Яхонтов. — М.: Физкультура и спорт, 1983. — С. 131—132.
- ↑ Баскетбол олимпийский / авт.-сост. Л. Федоров, Е. Цирлин. — М.: Московская правда, 1980. — С. 56.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Valdis Muiznieks — Olympic medals and stats(ингалс.)
- Валдис Муйжниекс — олимпийн статистика сайт тӀехь Sports-Reference.com(ингалс.)