Муртазалиев, Сагид Магомедович
Сагид Магомедович Муртазалиев (жӀай. Сагӏид Муртазгӏалиев; (в)йина 1974 шеран 11 март, ХӀинжа-ГӀала) — российн а, Украинин а паргӀат кепар латархо, йукъаралин а, политикин гӀуллакхо. 2000 шарахь Сиднейхь хилла Олимпиадан чемпион, 1999 шеран дуьненан чемпион, 2000 шеран Европин чемпион, Российн чемпион, 1998 шеран Дика Ӏалашо ловзарийн толамхо. Российн Сийлахь спортан говзанча. ЖӀайхо.
Сагид Магомедович Муртазалиев | |
---|---|
Шех лаьцна | |
Стен-боьршалла | боьршаниг |
Пачхьалкх | |
Говзалла | вольная борьба |
Вина терахь | 1974 шеран 11 март (50 шо) |
Вина меттиг | |
Локхалла | 185 сантиметр |
Йозалла | 97 килограмм[1] |
Дагестанан Халкъан гуламан депутат. 2010-2015 шерашкахь иза вара Российн Пенсин фондан Дагестанехь долу декъан куьйгалхо.
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1974 шеран 11 мартехь Махачкалахь. Цуьнан дай, наний Цумадински кӀоштера ду. Цуьна виъ вашпий, цхьа йиший йу. Жима волуш хенахь иза Кизлярехь Ӏийна. Цигахь волавелира иза латар Ӏамо. Цуьнан хьалхара тренер вара Магомед Омарович Абдалов. 1988 шарахь иза Махачкала вахара. Цигахь цуьнан тренер вара Иман-Мурза Алиев. 1992 шарахь Муртазалиев России кегирхойн чемпионатехь туьйлира. Кестта Алиев Туркой махка болхбана вахара. Таккха Муртазалиев Киеве дӀавахар. Цул тӀаьхьа масийт шарахь иза вара Украинин гулйина тобанан декъашхо. 1996 шарахь Атлантехь хилла Олимпиадехь цо 7-гӀа меттиг йаьккхира.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан1996 шарахь Муртазалиев Дагестане цӀавеара. Цо зуда йалийра, тӀетаьӀина тренировкаш йан волавелира. Машенан авари хилчул тӀаьхьа цуьна цхьана шарахь меттаван дийзира. Цул тӀаьхьа дов хоттуш иза эхашарахь чохьвеллира.
1998—2000 шераш дара цуьна уггаре кхиаме. Цо толам беккхира 1999 шарахь хилла дуьненан чемпионатехь а, 2000 шарахь хилла Российн а, Европин а чемпионаташкахь.
1999 шарахь хилла Российн чемпионатехь Муртазалиевс дато мидал йаьккхира. 2000 шарахь цо Сиднейхь хилла Олимпиадехь толам беккхира 97 кг кхаччалц йолу йозаллин категорехь.
Йукъараллин а, политикин а болх
бӀаьра нисйан- 2002 шарахь иза хӀоттийра Дагестанан Ӏаламийн рицкъан а, экологин а министран когаметтаниг.
- 2003 шарахь иза хержира Дагестанан Халкъан гуламин депутат.
- 2007 шарахь иза хержира Дагестанан ГӀизларан кӀоштан куьйгалхо.
- 2010 шарахь иза хӀоттийра Российн Пенсин фондан Дагестанехь долу дакъан куьйгалхо[2].
- 2011 шарахь иза хержира Дагестанан Халкъан гуламин депутат.
2004—2005 шерашкахь Муртазалиев а, Гаджи Махачев а, Хасавюртан мэр Сайгидпаша Умаханов а бара Дагестанан Пачхьалкхан Советан председатель Магомедали Магомедов дӀаваккха гӀерташ.
Муртазалиев ву «Единая Россия» партин Дагестанан декъан политсоветан декъашхо.
Цо кхоьллина Сагид Муртазалиев цӀарах йолу нахан гӀон фонд.
2013 шарахь цо йаздира кехат МОК президенте Жак Рогге. Оцу кехатехь Муртазалиевс йаздинера цо шен деши мидал МОКе йухайоиту аьлла МОКс латар Олимпиадан йукъара дӀайаккхаран гӀертаран ша реза ца хилар бахьнехь[3].
2015 шарахь иза Российн Пенсин фондера балхара дӀавеккхира иза халкъашна йукъара лахаре дӀаваларна бахьнехь а, пачхьалкхан кӀайлонашка кхача кхин бакъо ца хилар бахьнехь а[4].
Бакъонашца йукъаметтиг
бӀаьра нисйан- 1996 шарахь Муртазалиеван вевзаш волу стаг шен цӀийн уллехь вина каринера. Виначун да (Махачкалан милицин школан куьйгалхо Гаджимагомед Гаджимагомедов) Муртазалиевах шеквелира. Сагид 6 баттахь чуьвоьллина Ӏийра. ТӀаьххьара Муртазалиев бехкахвеккхира. И дов долийна Гаджимагомедов 2000 шарахь вийра[5].
- 2002 шарахь Сагид Муртазалиев «Орлёнок» цӀе йолу Москвара гостиницехь шина тагца довделира. Царех цхьаммо Муртазалиеван даган улле урс туьйхира. ТӀаккха Муртазалиевс тапча схьайаьккхина и ши а стаг вийра. Прокуратурас и гӀуллакх дӀадерзира Муртазалиеван бехк цахилар бахьнехь. Цуьнгахь долу герз 1999 шарахь Дагестанан тӀемлой тӀелетча эдало делла хиллера. ТӀом дӀабаьлча иза цуьнгара схьаэца дицдел хила.
- 2015 шарахь Муртазалиев массийтта стаг верна а, террористашна ахча даларна а бехки вина. Цу хенахь Муртазалиев ОАЭхь вара. 2015 шеран 10 сентябрехь Москван Басманан кӀоштан кхеллас и схьалаца веза аьлла сацам бира
- 2003 шеран 18 ноябрехь Муртазалиеван цӀийна уллехь Кизлярехь шина стага цуьнан машенан тӀе герз диттира. Кхано машенан тӀехь 22 дӀаьндирган Ӏуьрг карийра. Муртузалиеван шен цхьа а зе ца хилира. ТӀелеттраш цу меттера бойдира. Уьш муьлш бу ца хиира.
- 2014 шеран 9 июлехь Къилба-Кавказан тӀеман кхеллас Махачкалан мэр хилла волу Саид Амирова бехке винера иза Муртазалиев вен гӀерташ хиларна. И вен лууш берш дагахь бара Муртазалие тӀехь волу хӀаваан кема ракета тоьхна чудаита лууш.
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- Россин Сийлахь спортан говзанча
- Орден «Знак Почёта»
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Olympedia (инг.) — 2006.
- ↑ Общественно-политический еженедельник «ЧЕРНОВИК» — «Нужно вникать в проблемы людей…», — Сагид Муртазалиев . ТӀекхочу дата: 2011 шеран 8 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 4 январехь Архивйина 2012-01-04 — Wayback Machine
- ↑ Муртазалиев решил вернуть золото ОИ из-за позиции МОК по борьбе . Р-Спорт (26 февраля 2013). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 26 февраль. Архивйина 2013 шеран 13 мартехь
- ↑ Сагид Муртазалиев уволен с должности управляющего отделением Пенсионного фонда России по Дагестану . ТӀекхочу дата: 2015 шеран 20 ноябрь. Архивйина 2015-11-21 — Wayback Machine
- ↑ Общественно-политический еженедельник «ЧЕРНОВИК» — Почти полная… «висячая» хронология . ТӀекхочу дата: 2011 шеран 8 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 15 июнехь Архивйина 2010-06-15 — Wayback Machine
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Сагид Муртазалиев — профиль на сайте International Wrestling Database (англ.) (данные перепутаны с данными Сайд-Хусейна Муртазалиева)
- Сайт Сагида Муртузалиева